ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аьрзу бенара даьлла? Нурмагомедов Хьабибан декхарш а, пачхьалкхалла а


Нуомагомедов Хьабиб
Нуомагомедов Хьабиб

UFC-н хилла чемпион Нурмагомедов Хьабиб Оьрсийчоьнан Iедалхойн Iаткъама бухахь нисвелла ясакх дIаоьцучу урхаллина декхаре хилар а, Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмиратийн пачхьалкхалла цуьнан хилар а гучудаьллачул тIаьхьа. Оьрсийчохь шен бизнесаш йолийра латархочо 2020-чу шарахь спортан карьера йерзийча, делахь а карарчу хенахь царех дукхахъйерш болх беш йац. Нурмагомедовн хIун ясакх тIе ца тоьъна, терго цунна тIе йахийтаран кхин бахьанаш а дуй-те, листира Кавказ.Реалии сайто.

Стигалкъекъа-беттан йуьххьехь UFC-н чемпион Нурмагомедов Хьабиб дагалоьцура иза винчу Дагестанехь Индонезин посол Таварес Жозе махка варца – цо дийхира республикин премьере Абумуслимов Абумуслиме шайн пачхьалкхе гоьваьлла спортхо вар вовшахтохахьара аьлла.

Масех кIира даьллачул тIаьхьа йуха а вийца ваьккхира Нурмагомедов, амма кхечу кепехь: Дагестанера Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Хамзаев Султана шен махкахо дагалоцуш, тIедожийра ясаккхан декхарш тIехь долуш, шина пачхьалкхан паспорташ долчу гоьбевллачу нехан тептарш даржаде, низамашкахула ши пачхьалкхалла хила бакъо а йехка аьлла. Иштта пачхьалкхан думехь тидаме ийцира Нурмагомедовн Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмиратийн пачхьалкхалла хилар а, дуккха а миллионашкахь гулъйелла ясакх хилар а.

Пачхьалкхера чу-араваларна тIехь терго датточу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн дозанал арахьа йоккхучу тӀера ял йоккху организацин сайтера Нурмагомедовн редакци даийтина документ бакъ хилар тIечIагIдира талламхойн "Досье" центро. Iарбойн Эмиратийн пачхьалкхалла Нурмагомедовс маца эцна, хууш дац: дуьххьара доза хадийна цо 2014-чу шарахь – системехь болуш бу тIаьххьарчу итт шарчохь цуьнан цига лестарх хаамаш.

ШолгIа пачхьалкхалла хиларх дIа ца хаийтахь Оьрсийчохь административан жоьпалла тIедожош ду, цул совнах, Нурмагомедовн долахь йу "Хьалхара мобильный" Оьрсийчоьнан зIенан оператор а, низамашкахула ша кхечу мехкан вахархо хиларе терра, цо регистраци йан йезара лерринчу реестрехь, цигахь иза вац. Журналисташна хетарехь: шолгIа шен паспорт лечкъадо Нурмагомедовс, йа Оьрсийчоьнан Iедалхоша цуьнан терго ца йо.

Спортхочун шолгIа пачхьалкхалла хиларх хаам баржале масех де хьалха Mash телеграм-канало йаздира Нурмагомедовна тIехь декхарш хиларх Федералан ясакхан хьукматна гергахь 306 сом миллион сом.

Кавказ.Реалии сайтана къастарца, стигалкъекъа-беттан 27-чохь спортхочун декхар ду 308 сов миллион сом – могIарерчу нахана тIехь мел декхар ду хуийла ду Оьрсийчохь оцу агIорчу ахча токхучу сервисашкахула, делахь а декхаран структура хаа йиш йу и латточун.

"Оьрсийчоьнан вахархо ма вуй иза"

"Республикана хьалха гIуллакхаш дар" аьлла Дагестанехь шозза орден йелира Нурмагомедовна. Иза винчу Цумадинан кIоштара Сильди эвлахь цуьнан цIе лелош бу кхаа урамах цхьаъ. Стохка товбеца-баттахь цуьнан ден, тренеран Нурмагомедов Iабдулманапан цIарах хийцира хьалха хилла Кироваул эвлан цIе - Манапкала аьлла. Оцу указана куьгйаздира премьер-министро Мишустин Михаила.

ХIоразза Нурмагомедовс боккха толам ма –боккхура, спортхочуьнца цхьанакхетара Путин Владимир: 2018-чу шарахь ирландхочуьнца Макгрегор Конорца хилла латар скандалаца дирзира – кIаричуьра араиккхина Нурмагомедов леттера Макгрегоран спарринг-партнерах. Нурмагомедовца хиллачу цхьанакхетарехь Путина оцу конфликтах пайдаийцира, "боккхачу, амма чIогIа тайп-тайпанчу доьзалх" дагадоуьйтуш, цигахь "хIуъа а хила тарло" аьлла. Къастийна хIетахь Путина билгалдаьккхира, спортхо "пачхьалкхехьа а доцуш, ша шена гергахь" леташ вара- амма "Оьрсийчоьнан вахархо" санна аьлла.

Нурмагомедов Хьабиб, 2019-чу шарахь UFC-хь толам баьккхинчул тIаьхьа, Абу-Даби
Нурмагомедов Хьабиб, 2019-чу шарахь UFC-хь толам баьккхинчул тIаьхьа, Абу-Даби

Оццу 2018-чу шарахь спортхочун девашас Нурмагомедов Алекса дIахьедира, Хьабиб украинхойн паспорт эца хьийзаш ву, амма масийттаза цунна дуьхьало йина аьлла. ХIетахь цуьнан тренер а цхьана волчу дас Нурмагомедов Iабдулманапа тешийра, пачхьалкхалла хийца дагахь цхьа а вацара аьлла.

Оцу хаамо хIетахь цхьана а кепара хийцам ца бира спортхочун карьерехь: 2019-чу шарахь UFC-хь толам баьккхинчул тIаьхьа Путин йуха а цуьнца цхьаьнакхийтира, "дика, садукъон кеп" йара иза аьлла, билгалдаккха.

2020-чу шеран гIадужу-баттахь Нурмагомедовс кхоалгIа а UFC-н чемпионан титул йаьккхича, ша профессионалан карьера йуьтуш йу аьлла цо дIахьедича, Дагестанан куьйгалхо вийр ву цунах бехира. Амма эххар а цхъана а кепара официалан дарж цуьнга ца делира. ХIетте а цуьнан толам тергамза ца битира Путина – телефонехула оцу сохьта декъал вира иза президенто, цунна баркалла олуш Оьрсийчуьра 20 миллион долларшкахь мах болу бахам белира, дийцира диъ шо цул тIаьхьа даьлча UFC-н президенто Уайт Дана.

2020-чу шарахь ийначу кепера летарш дитинчул тIаьхьа Нурмагомедов волавелира жигаралиица бизнес лелон – шен бизнесаш цо йоьллура Оьрсийчохь а цхьаьна.

Йаьсса активаш

2019-чу шеран гIуран-баттахь ХIинжа-ГIалахь болх бан йолайелира Нурмагомедов Iабдулманапан цIарах латарш Iамон школа. И схьайоьллучу веанчу Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира дIахьедира, НурмагомедовгIеран а, царна гIо деш хиллачийн а чоьтах йина йу и аьлла. Керла чемпионаш кхиор болу "спортан шахьар" йолуш санна йовзийтира школа.

Латарийн школан проект кхин а тIе шорйан, цунах франшиза йан Iалашо йара – кхечу гIаланашкахь центраш схьайоьллуш дакъалаца йукъайалийра "Синергия" университето а, делахь а кхин дIа кхиар ца нисделира оцу идейн. Спортхочун да ковидах 2020-чу шарахь кхелхича ХIинжа-ГIалара школан дешархой коьрта куьйгалхо воцуш бисира. Ша Хьабиб дуьхьал хилира турнирашка эха, наггахь бен гучу а ца волура иза. Цхьахволчу тренеро Махачев Ислама дийцира, хьакъволу куьйгалхо цахиларна берийн "дисциплина галъйала" герга йу аьлла.

ХIинжа-ГIалара школа тахана а йу болх беш – "Нурмагомедов Iабдулманапан цIарах вовшахлатаран Школа" аьлла, товаран билгало "Сильди" фирман йу. 2023-чу шарера схьа дуьйна цуьнан долахо ваьлла Хьабибан воккхаха волу ваша Нурмагомедов Магомед. Оцу йукъанна, цу фирмин бакъо йац спортан гIуллакх лелон: бакъо йара Нурмагомедовн кхечу компанин – "Нурмагомедов Хьабибан цIарах вовшалатаран Центр" цIе йолчу коммерцица йоьзна йоцчу автономин организацин. И фирма дIайохийра стигалкъекъа-беттан 20-чохь Москвара ясакхан хьукматан сацамца, финансех чот йеш, кехаташ щайга ца кхачорна. ТIаьххьара документаш чуделла хиллера центро 2019-чу шарахь.

Оццу "Сильдин" йу KhabibGym брендана интеллектуалан бакъонаш – Нурмагомедов Хьабибан фитнес-клуб йу и, дуьненайукъара маша хила безара цунах Оьрсийчохь, Британихь, Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь дакъош а долуш. Товаран билгалона регистраци йечу пачхьалкхехь цхьа а зал схьа ца йиллира, бакъду KhabibGym Абу-Дабихь гучуйелира 2023-чу шарахь.

Цхьаьнатоьхна Iарбойн Эмираташ, Оьрсийчохь а санна, товаран билгалонашна регистраци йечу Мадридан системи йукъа йахийтина йу – цул совнах и регистраци йар бохург ду, дуьненайукъара бренд цхьа пхи шо даьлча йозуш йоцуш хуьлуш йу.

Оьрсийчохь KhabibGym билгало гучуйелира 2019-чу шарахь – кху шеран стигалкъекъа-беттан 24-чохь дуьйна "Сильди" компанин гIуллакх дац Абу-Дабира спортзалца. ХIинца ясакх оьцучу хьукматан сацамца Оьрсийчоьнан фирма дIайохайахь а, Iарбойн Эмираташкара Хьабиба бизнесна хила зен дац.

2019-чу шарахь регистраци йина хиллачу ХIинжа-ГIалара Нурмагомедов Хьабибан гIоьналлин фондо шен болх йукъахбаьккхира стохка – лахьан-беттан 11-чохь налоган сервисо сацам бира 3,5 эзар сом декхар схьа ца даларна операцеш сацош, аьлла ду Федералан ясакхан хьукматан системера хаамаш тIехь.

ТIехь кхин а кIезиг декхар хиларна – 423 сом- ФНС-о зазадокху-баттахь сацийра операцеш латархойн Eagles MMA клубан чоьташкахула. 2016-чу шарахь вошахтоьхнера клуб дагестанхойн бизнесхочо, "Сумма" тобанан долахочо Магомедов Зиявудина, цигахь коьрта даржаш дIалийцира НурмагомедовгIара: Хьабиб президент вара, цуьнан да Iабдулманап – коьрта тренер. Ахчанаш лечкъорна бехкевинчу Магомедовн гIуллакхехула таллам дIахьочу хенахь талламхочо Будило Николайс дIахьедора, клубан белхахоша бизнесхо ларвеш ву, цундела халчу доккху талламан барамаш дIабахьар. Магомедовс хIетахь чIагIонаш йора, латархоша "Оьрсийчоьнан сий лардо", ша ларварца доьзна дац и аьлла.

МагомедовгIеран вежаршна таIзар кхайкхийначул тIаьхьа 2022-чу шарахь клуб йиссира шайн коьрта спонсор воцуш – хIинца Eagles MMA-н сайте ца кхачало. Москвара спортан клуб кхин болх беш йац, ткъа тIаьххьара организацин жигаралла социалан машанашкахь хилла 2018-чу шарахь, хIетахь лецира Магомедов.

Eagles FC аьлла цхьатеррачу цIарца 2020-чу шарахь йукъайаьккхина промоушен Оьрсийчохь бала болуш йац, 423 сом бахьана долуш чоьташ дIакъевлинчу Eagles MMA-ца. "Игл Файтинг Чемпионшип" фирмана регистраци йина 2029-чу шарахь Самарехь, цуьнан долахо ву карарчу хенахь Жаткин Сергей – Нурмагомедов Хьабибан хиллачу гIоьналлин фондан деректор лаьттинарг

Фирмин чоьташ болх беш йиссина, амма оцу йукъанна ша лига йоцуш йу 2023-чу шарера схьа дуьйна – зазадокху-баттахь промоушенан директоро Завуров Шемала дийцира, Eagles FC- о кхин дIа турнираш хIиттор йац, шайн латархой кхечу организацешка дехьабийларана новкъарло а йийр йац шаьш аьлла. Командин балха йукъахь шен дакъалацар лахдийр ду ша, доьзална алсам хан йайъа аьлла Хьабиба сацам бинчул тIаьхьа нисделла хIума дара и.

ЦхьаьнайогIу цIарца йолу клубан а, Нурмагомедов Хьабибан гIоьналлин фондан а чоьташ дIакъовларх хаамаш хиллачул тIаьхьа лигехь дIахьедира, Eagles FC-н цхьана а кепара декхарш дац, цо шен къийсадаларш дIахьур ду аьлла. Оцу йукъанна ша болх бечу деа шарахь "Непобежденный" промоушена Оьрсийчохь дIахаийтина 144 эзар соьмана шаьш мах барх кхаа шарачохь 5306 эзар соьмана цIена пайда а хуьлуш. Шайна тIедогIучу кIезиг ахчана тIера промоушенан дола дечу фирмо цкъа а ясакх йелла йац, аьлла ду организацин бухгалтерин чоьтехь. Оцу йукъанна Eagle FC-н 44 турнир Оьрсийчохь хIоттийна, кхоъ Америкехь, йиссинарш – Казахстанехь а, ГIиргIазойчохь а.

"Блогерийн схемехула"

Йукъ-юкъера ФНС-н хаамашца къаьсташ дац, бизнесах ясакх Оьрсийчохь охьайилла декхаре хиллий-те Нурмагомедов, йа цхьана агIор спортхочунна къедош ду-те цара, дозанал арахьара шена хиллачу сана тIера шайца дакъа дан деза аьлла, тергойира шен цIе къайлайахьар дехначу Дагестанера йукъаралхочо.

"Ясакх оьцучу хьукматана гергахь массо а декхаре болчарна тIехь пачхьалкхо бен болх бу аьлла хета Хьабибаца Iоттаделларг. Блогершца а оццу кепара схема лелийра. Лаахь а, ца лаахь а, цIераш церан йаха деза",- тешна ву къамелдийриг.

Ясакх дIа ца йелла аьлла бехкзуламан гIуллакхашна бухахь нисбелира 2023-чу шеран бIаьста гоьбевлла блогерш-миллионникаш. Зазадокху-баттахь бехкзуламан гIуллакх долийра фитнес-марафонаш хIиттийначу Лерчек цIарца дика йевзачу Чекалина Валерияна дуьхьал ясакх ца йелла аьлла. Чекалинина а, цуьнан хIусамдена Артемна а 311 миллион сом ясакх ца такхарна а, 130 миллион сом къайладаккхарна а аьлла бехкаш дохкура. Эххар а пачхьалкхана цара текхира ахмиллиард гергга сом. ГIуран-баттахь царна дуьхьал айдина гIуллакх дIакъевлира, ткъа зазадокху-баттахь ахчанаш къайладахьарх гIуллакх. Цул тIаьхьа дIайаьстира церан чоьташ а, бахамаш а.

Хьабибана тIехь декхарш хиларх дийцар Дагестанехь тIеоьцу Москвара националистийн гонийн кампани йу аьлла

Оцу кепрачу проблемех Iоттайелира Митрошина Александра а – социалан машанаш карайерзон Iамош курс дIайаьхьира цо, талламан комитетан хаамашца, 2020-чу шарера схьа 2022-чу шаре кхаччалц пачхьалкхан бюджетана 120 миллион соьмана ясакх охьа ца йиллина цо. Оханан-беттахь ФНС тIекхечира "Марафон желаний" организаторна Блиновская Еленина. Ясакхан хьукматана 918 миллион сом декхаре йу иза бохура.

Баккхийчу блогершна дуьхьал оцу аьхка бехкзуламан гIуллакхаш дахарх кхетийра Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра – "тахана пачхьалкхехь хIоьттинчу хьолехь" магийта йиш йац миллионаш даха, цу тIе пачхьалкхана цхьа кепек а ца кхачош, дIахьедира цо.

Оьрсийчуьра "таханалерачу хьолах" лаьцна тIаьххьарчу шина шарчохь шозза вистхилира Нурмагомедов Хьабиб – ХIинжа-ГIалара аэропортехь къепедацарш лелийча а, "Крокус Сити Холлехь" теракт хилча а. Спортхочо цхьана а агIор комментарий ца йира Украинана шуьйрачу тIамца тIелатарх, мобилизаци кхайкхорах, цунна дуьхьал Дагестанехь митингаш хIитторах а лаьцна. Шен агIоне йазбеллачара "ма Iе тапъалий" протестхошна дуьхьал ницкъбаккхарх бохуш, шега кхайкхамаш бича, инстаграмера шен посташ дIакъевлира цо.

Нурмагомедов Хьабиб цхьанакхетта Дагестанан куьйгалхочуьнца Меликов Сергейца, 2020-чу шеран гIадужу-бутт
Нурмагомедов Хьабиб цхьанакхетта Дагестанан куьйгалхочуьнца Меликов Сергейца, 2020-чу шеран гIадужу-бутт

Кавказ.Реалиица къамел дечу дагестанхойн журналисто шен цIе ца йоккхуш билгалдаьккхира, республикехь иза "ца магош" Iедалхоша хIуммаъ ца дира аьлла. Цо бахарехь, бевзаш боцу а, осал а сацам хир бара и, хIунда аьлча Дагестанехь "бала боцуш" дуьту Нурмагомедовн кхечу пачхьалкхан паспорт хилар, ясакх цо дIалуш цахилар а.

"Муьлхха паспорт цуьнгахь делахь а, Нурмагомедов дагестанхо, гоьваьлла спортхо хиларе терра тIеоьцу. Iедалхоша гуттар а билгалдоккху шайн цуьнца уьйр хилар, къаьсттина цуьнца цхьана клубехь болчара, Махачев Ислам санначара, толамаш баьхча. Негативехь тIе ца оьцу цуьнан ясакхан декхарш – цунах лаьцна хаам тхо долчахь Москвара националистийн гонийн интересаш йолуш санна тIеоьцу", - дерзийра цо.

  • ХIинжа-ГIалара аэропортехь жуьгташна дуьхьал къепедацарш хиллачул тIаьхьа инстаграмера сторизе Европан маьршачу кепехь латарийн чемпионан Магомедов Махьмудан пост хIоттийнера Нурмагомедов Хьабиба. Цо дехар динера регионан куьйгалхочуьнга Меликов Сергейга "кегийчийн кхоллам хIаллак ма бахьара" аьлла. Меликовс хьем ца беш жоп делира – цо дIахьедира ша "доггах лоруш ву Хьабиб", билгалдаьккхира, цигахь хиллачу массарна а таIзар дийр дац аьлла.
  • Оьрсийчоьнан пропагандисто Соловьев Владимира шен передачехь ХIинжа-ГIалара аэропортехь хилларш "ислам доьхкина шайтIанаш" ду элира, йемалбира цаьргахьа гIодаьхна спортхой а. Цо дIахьедира, Нурмагомедов Хьабибан а, Магомедов Махьмудан а бакъо йац "доллу дагестанхойн къаьмнийн цIарах" къамелдан, дехар дира цаьрга "ислам девзарш ду бохуш, кепаш ма хIиттайе" аьлла.
  • 2021-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана критика йира Нурмагомедов Хьабибана, "Оьрсийчоьнан йа Дагестанан байракхца цкъа а летта вац" аьлла, спортхо "UFC-н проект" йу бохура цо. Карьера йерзийначу Нурмагомедовна "муьлхха а гонорар" лур йу ша бохура Кадыровс "Ахмат" клубера цхьахволчу векалца летарг иза. Цул тIаьхьа ши кIира даьлча Нурмагомедовн маьхчас Нурмагомедов Шемала хаамбира, "хаттар листина", "агIонийн бартхилла цунах лаьцна кхин ца дийца" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG