Масех де дуьсу Оьрсийчуьрчу абитуриенташна шаьш къестийначу инстититутийн студенташ хила. Селхана школаш чекхъяьхнарш лакхарчу дешаршка хIуьттучу кху муьрехь Кавказ.Реалиино рейтинг хIоттийна Къилбаседа Кавказан мехкийн куьйгалхоша стенгахь, муха дешна гойтуш. Шаьш дешна меттигаш, хаарш гулдина хан къайленехь латто лууш хуьлу хьаькамаш, амма интернето аьтто ло иза къасто а. Рейтингехь хаьлхара меттиг дIалоцу Ставропол-мехкан, Дагестанан, Нохчийчоьнан куьйгалхоша.
Хора дипломна дуьхьал – цхьа балл. Шен 30 кхачале иза чекхъяьккхинчунна лов ай кхин а цхьа балл, цхьацца бал лур вай 30 ша шарал совъиккхича дешначунна а – атта дац болх а, дешар а цхьаьна дIакхехьа, оцу хенахь, дукха хьолехь, дипломаш доьший схьаоьцуш а ца нисло. Бен-башха ю чекхъяьккхина институт а, цхьацца балл тIетухур вай пачхьалкхехь тоьлла ларалучу 100 доьшийлах чекхваьллачунна.
Мехкийн куьйгалхойн дешна хенаш а ю шайн-шайн, атта дац цундела дешаран башхалла билгалъяккха, делахь а институтан я университетан статусо гойту дешархошкахь мел лакхара хила Iилманаш довзар. КхидIа – лур вай ши балл Iилманан кандидатна, кхо балл – докторна.
Чолхе дара маьршачу дахарна лерина доьшийлаш а, Инарла штабан тIеман академи а цхьана могIара хIитто – рейтинго ца хIиттийна уьш дуьхь-дуьхьал. Амма Оьрсийчохь эскархошна уггаре еза йолу доьшийла чекхъяьккхина ву Меликов Сергей а, Меняйло Сергей а – царна кхин а цхьацца балл тIетухур вай.
Владимиров Владимир, Ставропол-мохк
Цхьа зама яьлча Ставропол-махкахь губернатор хинволчу Владимиров Владимира шен 21 шо долуш чекхяьккхина Уфахь мехкдаьттан-химин университет, ткъа кхин а итт шо даьлча даьккхина кхин а цхьа диплом – мехкдаьттан, газан маьIданаш коьчалшка дерзор, Тюменера мехкдаьттан-газан университет.
Ша итт класс чекхъяьккхича профессионалан-техникан доьшийле ваха кечвелла хилла Владимиров, амма нанас дехна школа юьззина чекхъяккхар. Школера ваьлча, цIерачийн лаамца, кулинар деша вахна иза. Цул тIаьхьа вахана мехкдаьтта толлучу доьшийлашка.
Цхьа могIарниг а (ПТУ), ши лакхара доьшийла а чекхъяккхарна лов ай Владимировна 3 балл, ший а лакхара доьшийла тоьллачу 100-нна юкъайогIуш хиларна – кхин а 2 балл. Лаккхара говзаллаш шен 30 шо кхачале долаерзорна а – 2 балл.
Меликов Сергей, Дагестан
Ханна Дагестанан куьйгалла деш волчу Меликовс 30 шарахь гIуллакх дина эскарехь, аттестат а ду оцу дешаран: шен 17 шолуш вахана иза Саратоврчу лаккхарчу тIеман буьйранчин доьшийле, цул тIаьхьа чекхъяьккхина Фрунзен цIарахчу тIеман академехь дозанхойн а, чоьхьарчу эскарийн а факультет. 46 кхаьчча чекхъяьккхина Оьрсийчоьнан эскарийн Инарла штабан академи.
ХIора дипломах кхочу цхьацца балл. Кхин а ши балл – шен 30 шо дузале доьшийлаш чекхъяхарна.Цхьа балл – ТIеман академи яккхарна.
Кадыров Рамзан, Нохчийчоь
Къона шераш шина тIамна юкъахь дIаихинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо 2004-чу шарахь схьаэцна ХIинжа-ГIаларчу бизнесан, низамийн институтан диплом – шен 27 шо долуш. Шо даьлча оццу доьшийлехь делла цунна кхин а цхьа диплом финансийн а, кредитан а факультет чекхъяккхарна.
ТIаьххье "гучудолу" цуьнгахь Iилманчин похIма а: 2006-чу шарахь хIутту экономикан Iилманийн кандидат, диссертаци - "ГIишлошъярхойн дакъошна юкъарчу бертах эвсара урхалла дар". Ткъа 2015-чу шарахь Iилманийн доктор хIутту иза Дагестанерчу пачхьалкхан техникан университетехь диссертаци яздарца - "Экономика йохийна регион меттахIоттор а, инвестицин-гIишлошъяран декъехь болх айбар а, урхалла дар а".
Кандидатан диссертацин куьйгалхой хилла техникан Iилманийн доктор, профессор Мелехин Владимир а, тахана экономикан Iилманийн доктор йолу Исматлова Шани а. Ший а ду тахана ХIинжа-ГIалахь хьоьхуш.
Плагиат, Iилман мехалла толлучу, хьакамаллехь болчу "Iилманчаша" дешарца лелийна таьжгенаш Iорайоккхучу "Диссернет" юкъараллин дац хеттарш Кадыровга. Амма царна хетарехь, вуно бегаш бевзаш нах хилла диссертаци яздинарш – агIонаш яьхна ю Колмогоровн математикан хьесапех, ткъа уьш яц экономисташа лелош а. Диссертаци яздинчо шеггахь бен доцу мухIар тоьхна нисло шен Iилман балханна.
29 шо долчу Кадыров Рамзанах 2006-чу шарахь шен веза декъашхо во Оьрсийчоьнан Iаламан Iилманийн академино (цуьнан декъа язло Iилманчаш а, уьш боцуш, цуьнан декъа баха лууш хуьлу уфологаш а, астрологаш а).
Кадыровх академик вина, оцу академин (РАЕН) вице-призидента Лагуткин Александра бахарехь, иза "деладенна, шен дахар кхерамна кIел а хIиттош, лечуьра бIеннаш-бIеннаш эскархой а, могIара нохчийн а кIелхьара бохуш хьийзарна".
Шена академикан статус ялар аьшнашка дохучу наханна жоп луш, Кадыровс дIахьедира 2016-чу шарахь, " РАЕН-ан куьйгалло цкъа а ца баьхна Iилманехь болх барна иза елла", аьлла (Американ Штаташа санкцеш кхайкхорца доьзна Инстаграмо дIакъевлинчу цуьнан агIонехь яра и комментарий).
Дипломах – балл, оццул – 30 шо кхачале иза даккхарна. Ши балл кандидаталлина, кхо балл – докторан диссертацина.
Меняйло Сергей, Къилбаседа ХIирийчоь
Школа яьккхича вахана Бакухь тIеман-хIордан доьшийле, чекхъяьккхина шен 23 шо долуш. ТIеман-хIордан академи яьккхина 35 шо долуш, Оьрсийчоьнан эскарийн инарла штабан тIеман-хIордан адкамин диплом схьаэцна 44 шо кхаьчча.
Хьалхарчу доьшийлина цхьа балл, 30 шо кхачале диплом схьаэцарна кхин а цхьа балл. ТIеман академи яккхарна – балл.
Темрезов Рашид, Кхарачой-Чергазийчоь
1998-чу шарахь, шен 22 шо долуш ши корматалла караерзийна цо Москварчу социалан университетехь - "Финансаш а, кредит а", "Менеджмент" а.
Цхьацца балл хIора дипломна. Ши балл уьш 30 кхачале схьаэцарна.
Калиматов Махьмуд-Iела, ГIалгIайчоь
ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо еккъа цхьа лакхара доьшийла чекхъяьккхина шен 30 кхочуш – Куйбышев гIалара пачхьалкхан университет, юридикан факультет.
Цхьа балл дипломна, цхьа балл - 30 шо дузале дешарна, кхин а цхьа балл 100-топ юккъахь доьшийла хиларна.
Коков Казбек, ГIебарта-Балкхаройчоь
21 шо долуш, 1992-чу шарахь ГIебарта-Балкхаройчоьнан агромелиорацин иститут чекхъяьккхина цо - "Iилманча-агроном". Диплом схьаоьцучу шарахь цуьнан да хIутту ГIебарта-Балкхаройчохь хьалхара президент.
Кхин цо цхьаьнхьа а дешна, я Iилман болх язбина аьлла дац цхьаьнхьа а, амма цуьнан биографехь (масала "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин тептаршкахь а, Википедехь а "экономикан Iилманийн кандидат" аьлла вовзуьйту иза. Ткъа карош яц цо Iилман болх язбина аьлла информаци а, ша и болх а.
Кавказ.Реалиино Зазадоккху-баттахь дира Коковга оцу хьокъехь хаттар, амма цо жоп ца делира.