ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Алапа кехат тIехь кхуьуш ду". Iедалхоша дIакхайкхочарел лахара ду бюджетникийн алапаш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире бюджетникашна алапаш хьаладахарх дийцира - амма Оьрсийчуьра официалерчу зераша дийцарехь, Нохчуйчуьра кегийчу а, йуккъерчу а гIаланашкахь долу алапаш пачхьалкхехь уггаре лахарнаш ду. Кавказ.Реалии редакцица къамеле бевлачара тIечIагIдо иза. Цул совнах цара дийцира, Iедалхоша и терахьаш хьаладохуш аларах, шайн алапаш тIера ахчанаш сецорах а.

"Хаза терахьаш"

Зазадоккху-баттахь куьйгалхочо Кадыров Рамзана шайн кхиамехь лаьцна дийцира президенте Путин Владимире. "Дерриге чIогIа вон доцуш ду", республико тайп-тайпанчу сферашкахь тоьлла меттигаш а йоху, аьлла дийцира цо.

Кавказ.Реалии сайто массийтуза йаздира, дIадаханчу шина шарчохь Нохчийчоьно дуккхачу рейтингашкахь хьалхара меттигаш йахарх - некъаш тIехь ДТП-хь кхалхаршца а, нах тIепаза бовш хиларехь а, берийн кхалхаршца а, официалерчу белхазаллехь а, банкроташ хиларехь а, хьехархойн алапаш лахара хилар тIехь а, нехан банкашкахь ахчанаш кIезга хиларехь а, доьзалаш бохарехь, иштта кхин дIа а, нехан таронаш ледара хиларехь, пенсийн барамаш кегий хиларехь а. И дерриге Кадыров Рамзана Путине хьаха а ца дира.

Нохчийчуьрчу кегийри а, йуккъерчу а барамехь йолчу гIаланашкара школашкахь хьехархойн алапаш пачхьалкхехь уггаре лахара хилар гойту Росстато тIаьххьара динчу зераша. Ткъа йуккъера алапа 24,7 эзар сом ду. Иза йаккхийчу гIаланашкахь болчийн беттан алапийн 60% йу.

Шо хьалха инстаграмехь сайн блог лелон йолаелира со. ХIинца аса хьалхачул шозза дукха ахча доккху

Президентаца хиллачу цхьаьнакхетарехь Кадыровс регионерчу бюджетникашна алапаш хьаладаьхна шаьш, йукъара алапа 15% лакхара ду элира. 2021-чу шарахь, масала, цо дош деллера хьехархошна алапаш тIетоха. Амма и дош деллачохь дисира. Кавказ.Реалии сайтаца къамеле бевлачу хьехархоша дийцира, шаьш "лахара алапаш" бахьнехь школашкара болх битарх.

"Суна чIогIа дукхадеза бераш. Школа а, школера болх а хазахетара. Иттех шарчохь садиттира аса. ХIора шарахь алапа хьаладоккхур ду, белхан хьелаш гIоле долу агIо йийр йу, бохучу хазачу къамелашка ла а доьгIуш. Амма кхушара хьалхарлера кхо бутт дIабаьлча, аса сайн болх битира. Цхьа шо хьалха инстаграмехь блог лелон йолайеллера со, цу контентехь аса школехьчул шозза дукха ахча доккху. Школашкахь кIадло, бюрократин кехаташа белхан хан дIайоккху, лахарчу алапаца ваха хала ду. Кху белхан итт шарчохь хIумма а хийца ца дели",- дийцира Соьлжа-гIаларчу цхьана школера хьалхарчу классийн хиллачу хьехархочо.

Путинан "майские указы" йукъадаьлла 11 шо ду. Цу омраца нисдича, махкарчу бюджетникийн йуккъера алапаш 200% хьаладовла дезара. Амма Нохчийчохь иза хIинца а дина дац. Iедалхоша шайн дIахьедаршкахь харц терахьаш олу, боху хьехархочо.

Хьехархойн алапаш хьаладевр ду бахар кехат тIехь дисира, хьала-м мухле ца довлура уьш, лахлуш лаьтта, дийцира Кавказ.Реалии сайтаца къамел динчу Хьалха-МартантIерчу ишколера оьрсийн меттан, литературин хьехархочо.

"Официал-дIахьедаршкахь хаза терахьаш дохку. Сих-сиха алапаш хьаладаьхна шаьш олу. Амма тIетухурш цхьа кепекаш йу - иза йуха дIадоккху. Школа тайарехь болх бан безий, "лакха" дахьийта дезий, бохуш. Хьехархойн декхарш тIекхеташ лаьтта. Амма алапаш тIех ледара ду. Нагахь сан цхьа болх ахболх бахь, класс лелайахь, сан категори лакхара хилахь, тептарш леладахь, школехь дежурство йахь, стаж йоккха йелахь, сан 35 эзар сом алапа хила тарло. Амма оццул гIора стенгара дер ду? Дийнахь, буса школехь Iен йиш ма йац сан. Доьзал бу, цомгуш йолу марнана лелайо. Ткъа массо хIума дазлуш лаьтта, алапаш хьаладохуш дац, школашкара тоьлла хьехархой дIаоьхуш бу",- аьлла дийцира ша йовзийта цалуучу хьехархочо.

Бюрократи а, алапаш тIера ахчанаш чусецор

Кавказ.Реалии сайто Нохчийчуьра кхечу бюджетникашца а дира къамел. Болх хала хиларна а, балхаца цадогIу декхарш шайна тIедахкарна резабоцурш дарбанийн хIусамашкахь а буйла хиира царна. Масала, лор-терапевт йолчу С. Элизас Iедалан куьйгаллехь болучаьрга "хаза гойту куьзганаш" дIа а дахий, зераша и терахьаш стенгара схьаоьцу хьовса эр дара ша боху.

"Вайн кIоштахь 25 эзар сом алапа долуш цхьа а вуй-те? Кхо шо а ду-кх тхан алапашна хIумма а тIетоханза. Тхайн куьйгалхошна тIеIаткъам тхоьга балуш бац. Тахана оха латкъам бо, кхана тхоьга бехказдуьйлуш къамелаш дойту. Балхара дIадаха тарло",- боху лоьро.

Цо дийцарехь, лазартнехь кехаташца бан болх дукха хуьлу. Белхалошна деш луьра бIаьрг-Iуналла ду. Балха схьаваран, дIавахаран бисста кхаччалц.

Коьртачу лоьран ваша а, стуйиша а 60 эзар сом сов алапа оьцуш бу

Официалехь доцуш, къайлах нахера ахчанаш дахарах дийцира Нохчийчуьрчу цхьана кIоштан лазартнера, ша вовзийта цалиинчу цергийн лоьро. Иза цу балхахь волу 12 шо ду- цуьнан алапа 15 эзар сом ду. ХIора баттахь цу тIера 5 эзар сацадо.

"Алапаш тIера ахчанаш чу-м массеран сецадо. Амма хьан ишта а беламе алапа долуш, цунах ахьа белхан гIирс, молханаш, оьшург оьцуш, тIехула тIе коьртачу лоьрана 5 эзар луш, хилча, вуно хала хуьлу. Коьртачу лоьран стуйиша а, ваша а 60 эзар соьме кхаччалц алапа долуш бу. Цо тхан лазартне балха схьаэцна уьш. Сан долчул совнах белхан декхарш долуш бац. Амма уьш цуьнан нах бу",- дуьйцу стоматолого.

Кавказ.Реалиин редакцино Нохчийчуьра болх бан реза волчу 25 вахархочунна шайн алапа мел хилийта луур дара шуна аьлла хаттар делира. Хаттар деллачарех 15 стага цхьанна дала дезаш доцуш, 50 эзар сом тоьур дара шайна элира. 30 эзар сом "вуно дика хир дара" олуш, вистхилира 5 стаг. 25 эзар соьмах ваха реза хилира висина пхиъ. Уьш доьзалш боцурш бара.

Партала хилар а, рэкет а

Кадыровс Путине ма-аллара, республикера белхазалла хIинца 8%-тал лахара йу. Амма цо билгал ца даьккхира, и терахь Оьрсийчохь уггаре лахарчарех хилар. Республика пачхьалкхехь уггаре тIаьхьарчу меттигал хьалха лаьтташ хилар а. Шо хьалха политико меттигерчу нахана болх бан ца лаьа аьлла дийцира.

"Бан болх бац тхан, олуш чIогIа хазахета вайн нахана. Къахьега лууш бац. Наггахь 20-40 эзар сом делча а, болх бан реза ца хуьлу хIорш. Бан луучарна шортта болх бу-кх. Кхин дерг дерриге - хIумма дан цалуучара лоьху бахьанаш",- дIахьедира хьаькамашца, Iеламчашца, ницкъахошца хиллачу гуламехь Кадыровс.

Меттигера экономика цахиларо, дотацех бозуш хиларо, алапийн кхиар сецадо, белхазаллин терахь хьаладоккху, аьлла хета (Тбилисерчу) "Фонд Рондели" белхахочунна, историкна, Кавказ талларехь къахьоьгучу Квахадзе Алекона.

"Нохчийчоь дотацийн регион йу. Цундела хьал ледаро ду. Кхечу регионашкахьчул лахара алапаш ду нехан. ШолгIа проблема - нохчийн политикин а, бизнесан а йукъара хьал. Бизнесхой шайн белхан йасакх йелла ца Iаш, Кадыров Ахьмадан фондана официалехь йоцу йал луш бу. Цу хьоло бизнес кхиарна новкъарло йо. Алапашна, белхазаллина тIеIаткъам бо",- дуьйцу эксперто.

Нохчийчуьра экономика ледара хиларан кхоалгIа бахьана - бизнесхошна республике инвестицеш йан цалаар, уьш йан цабахьар. "Кадыровн ражах шайна зе хиларх, хиндолчу зуламех ларбалар, Кадыровца йолу йукъаметтиг цайезар", - тешна ву Квахадзе.

Даимна девнашкахь латтар, теракташ хилар Нохчийчоьнан экономикехь гIийла хиларан бахьанаш хета бизнесхочунна, экономистана Георгиев Давидна.

"Нохчийчуьра социл-экономикин хьолан мах хадон хало ду суна. Церан тIаьххьарчу зерийн терахьаш цадовзарна. Амма республикан тIаьхьайисаран бахьанаш церан декхаршца доьзна ду. Теракташ а, девнаш а, ледара инфраструктура, инвестицеш цахилар",- боху Георгиевс.

Цо дийцарехь, Нохчийчуьра хьал тадалийта коррупцица къийса деза, инвестораш лаха беза, инфраструктура кхиош къахьега деза, керла белхан меттигаш кечйан йогIу, куьйгалла даран болх табан беза. Амма эксперт тешна вац, бюджетникийн алапаш хьаладахар регионера хьал тадаларан билгало хиларх.

"Бюджетникийн алапаш хьаладахар регионехь экономика кхиарца доьзна хилла ца Iаш, федералан программашца а, дотацешца а доьзна хила деза. Регионан кхиамийн тоьшалла ду цуьнан белхазаллин терахь. Цо гойту белхан рынкера хьал а, белхан меттигаш хилар а. Цундела Нохчийчуьра социал-экономикан хьал довзархьама бюджетникийн алапашка хьаьвсина ца Iаш, кхиндолчун терго йеш хила догIу",- тIечIагIдира Георгиев Давида.

  • Интернетехь "экстремизман идеологина дуьхьало йеш" болх жигара баккха элира бюджетникашка зорбанан министро Дудаев Ахьмада. Гуьмсерчу хиламашна лерина шен куьйгаллехь болучаьрца гулам дIахьош: Iедалхоша дийцарехь, цигахь ши гIаттамхо вийра. Iедалан структурашкахь болх бечаьрга "Кадыров Ахьмадан некъ" хестош социал-машанашкахь йозанаш де элира.
  • Нохчийчуьра хьехархой а декхарийлахь бу республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан телеграмерчу, инстаграмерчу посташна комментареш йан - дерриге йозанаш иза хестош хила деза. И омра бюджетникашна Кадыровца гуламехь хиллачул тIаьхьа делира. Цо социал-машанашкара жигаралла лахделла аьлча.
  • Оьрсийчуьра белхазаллин тIегIа цкъа цахиллачу кепара охьадаьлла - Росстатан зераша дийцарехь, 2023-чу шеран январехь болх боцуш 3,6% болх балучарех. Украинехь болчу тIеман хьелашкахь ишта хила тарло аьлла эксперташа. Мобилизаци, тIамехь кхалхарш. Делахь а Къилбаседа Кавказехь белхазалла ша хьалха ма - хиллара пачхьалкхерчарна йуккъехь уггаре лакхара йу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG