ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко Шемахь хIаллакйина Асадан авиабаза


Шемарчу авиабазина ракеташ тоха омра динарг ву Iамеркан президент Трамп Доналд.

Цу кеманийн базера йинера дIевше атака, маьрша бахархой а бойуш. И меттиг хIаллакъяр Цхьаьнатоьхначу Штатийн къоман кхерамазаллана оьшуш ду аьлла хета Трампана, яздо "Iамеркан аз" хааман гIирсо.

Iамеркан Iедалан векалша бинчу хаамца, тIеман ницкъаша иттаннаш ракеташ тоьхна Шеман президентан Асад Башаран ницкъаша Iуналла дечу авиабазина. Иза дина гIаттамхойн карахь йолчу территорина дIевше тIелатар дарна.

«Хьалха масийтта шарахь Асада лелош дерг сацо гIертар эшамца дIадирзира, вуно боккхачу эшамца», - аьлла Трампа, Мар-а-Лаго олучу шен резиденцехь вистхуьлуш. Цигахь Iамеркан президент дийцарш дIахьош вара Китайн куьйгалхочуьнца Си Цзиньпинца.

Porter а, Ross а цIераш йолчу Лаьттаюккъерчу хIордан малхбалерчу агIонехь лаьттачу Iамеркан тIеман хIордан кеманаша хецна Tomahawk олу 59 ракета. Цара йохийна Шайрат авиабазера ерриг объекташа. Царна юкъахь кеманаш тIемадовлу а, охьаховшу а некъ а, кеманаш а, мехкадаьтта дутту станци а ю.

Пентагонан официалан векло капитана Дэвис Джеффа дийцарехь, ракеташца тохарш дина ПIераскан Iуьйранна 4 сахь 40 минот яьлча.

«59 Tomahawk ракеташ тоьхна кеманашна а, вуно лакхара ондалла йолчу кеманаш дIалечкъон меттигашна а, мехкадаьатта а, цхьацца коьчаллаш а латточу гIишлошна а, хIоъ-молха латточу бункершна а, кеманашна дуьхьал йолчу системашна а, радарашна а», - аьлла Дэвиса.

Цо дийцарехь, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъашка хьалххе хаийтина хилла Iамеркахоша шаьш ракеташ тухур хилар, тIаьхьа цакхетамаш ца хилийта.

Флоридехь Палм-Бич олучу базехь вистхуьлуш Трампан къоман кхерамазаллехула волчу хьехамчо инарло Макмастер Герберта дIахьедар дира, шаьш шайга далург дира, цу аэродромера кхоалгIачу пачхьалкхашкара эскархой ларбан, аьлла.

Цуьнца цхьана, инарло дийцарехь, ракеташ тоьхча царах цхьа а ца вина, я лаза ца вина ала хала ду.

«Шу кхеташ хир ду, муьлхха а тIеман операцехь цхьа а гаранти хуьлийла дац», - элира Макмастер.

Ракеташ тохале цхьа де хьалха Трампа емал вира Асад Хан Шейхун гIалана дIевшен тIелатар дарна. И тIелатар а дина Шеман Iедалан ницкъаша вийна 70 гергга стаг, шайна юкъахь дуккха а бераш а долуш. Шеман Iедало дIахьедар дина, иза шаьш ца дина аьлла.

Делахь а, Iамеркан пачхьалкхан секретаро Тиллерсон Рекса, шеко а ца юьтуш, хаийтира, Шеман Iедал дIевшен атака ярна жоьпаллехь хилар. Цо критика йира Оьрсийчоьнна Шемара дIевшен арсенал хIаллакйир ю аьлла бина барт кхочуш ца барна.

Палм-Бичехь вистхуьлуш, Тиллерсона билгалдаьккхира, «я Оьрсийчоьно кхочуш ца дина шена тIелаьцнарг, я юкъахьакхаелла хилла иза цу гIуллакхана, я гIорасиз хилла бинчу бертан шен дакъа кхочушдан» аьлла.

Тиллерсон дийцарехь, ракеташца тIелатар дале а, цул тIаьхьа а Москохца цхьа а дагадовларш а, контакташ а ца хилла Iамеркан векалийн.

Оьрсийчоьнан реакци муха хир ю аьлла шега хаттар дича, цо элира «шаьш лелочух лаьцна дийцича гIоле хир ю цара» аьлла, яздо "Iамеркан аз" портало.

XS
SM
MD
LG