Iамеркан тIеман министралло бинчу хаамца, Цхьаьнатоьхначу Штатийн авиацино уггаре а чIогIа йолу GBU-43/B MOAB (Massive Ordnance Air Blast Bomb) «Массо а бомбанийн нана» олу бомба тоьхна ОвхIанистанехь.
«Оха дозалла дон вайн эскархойх, иза кхин а цхьа хилам бара (тоьшаллаш деш болу) вайн кхиам хиларан», аьлла президенто Трампа, уггаре а чIогIа йолу зарратан йоцу бомбанах пайда эцар хьокъехь вистхуьлуш, яздо «Iамеркан аз» зорбанан гIирсо.
Пентагонан векалша бинчу хаамца, бомба кхоьссина ОвхIанистанехь Нангархар провинцехь Пакистанан дозанна гергахь йолчу Ачин олучу меттигехь. Цуьнан Iалашо хилла «Исламан пачхьалкх» шех олчу тобанан тIемалойн объекташ.
ХIора дийнахь хуьлчу брифингехь КIайн ЦIанан зорбанан секретаро Спайсар Шона тIечIагIдира Iамеркан тIеман ницкъаша уггаре а чIогIа долчу зарратан доцучу герзах пайда эцна хилар. «Доккха а, вуно нийса кхеташ а» герз ду элира цо и бомба.
ХIун бахьана дара билггала и бомба тохар аьлла шега хаьттича, цу хаттарна жоп а ца луш, Iамерко забар а йоцуш тIе тидам бахийтина «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанца дIахьочу къийсамна элира цо.
Комментарий а ца еш дитира цо и бомба кхосса аьлла омра динарг президент варий аьлла шега делла хаттар, иза Пентагонан векалшка хатта аьлла.
Iамеркан ОвхIанистанехь болчу тIеман ницкъийн буьйранчо инарло Николсон Джона дийцарехь, «Исламан пачхьалкх» олучу тобанна юкъахь дараш хилар алсамдолуш ду аьлла. И бахьана долуш цара пайда оьцу бункерех а, тоннелехь а, хьехех а, бохуш вара инарла.
Николсана дийцарехь, GBU-43 бомба тохар догIуш дара тIеман хьашташца.
GBU-43/B олу бомба йина 2003-чу шарахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман-хIаваан лабораторехь. Оццу шарахь бIаьста а, гурахь а зийр и герз Флорида штатехь.
10 тонн еза йолу и бомба уггаре а чIогIа зарратан доцу герз лоруш ду Iамеркан тIеман ницкъийн карахь долу. Цуьнан оьккхуьйту молха дуста мегара ду 11 тонн тротилаца.
McAlester Army Ammunition Plant заводо тахханалц ерриг а йинарг ю цу тайпа 15 бомба. Пентагоно билгалдаккхарехь, царах цхьа а эккхийтина яцара тIеман хьелашкахь.