ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Amnesty International саготта ю Оьрсийчохь адамийн бакъонаш йохош хиларна


Оьрсийчоь -- Москох оппозицин акцин декъашхо лаьцна полицино, 06Стиг2013
Оьрсийчоь -- Москох оппозицин акцин декъашхо лаьцна полицино, 06Стиг2013

Адамийн бакъонашларъярхошна а, журналисташна а, адвокташна гIело яр соцуш дацара Оьрсийчохь 2012-чу шарахь. Къилбаседа Кавказехь дIахьош йолчу лерринчу операцешкахь хаддаза йохош яра адамийн бакъонаш. ТIеман тобанаша тIелетарш до ницкъаллин структурийн белхахошна а, меттигерчу Iедалшна а, ткъа иштта маьрша бахархошна а аьлла ду Amnesty International организацино кечдинчу рапорта тIехь.

Amnesty International – Дуьненаюкъара амнисти – Iедалшца йоьзна йоцу дуьненаюкъара вовшахтохаралла ю. Иза кхоьллина Британехь 1961-чу шарахь. Цу вовшахтохаралло шена хьалха хIоттийна декхар ду адамийн бакъонаш ца йохаяйтар а, йохош ялахь иза сацон гIулчаш яхар а, адамийн бакъонаш ларъяр а.

Amnesty International тIе тидам бохуьйту адамийн бакъонаш йохош хилча, цо кхайхкамаш бо дуьненаюкъара адамийн бакъонашларйон стандарташ ларъяйта. Цуьнан декхар ду дуьненаюкъаралла меттахъяккха, адамийн бакъонаш йохош болчу нахана Iаткъам бан.

Цу Iалашонца цу органицино хIора шарахь леррина рапорт арахоьцу, кху дуьнентIехь адамийн бакъонаш ларъярехь долу хьал дуьйцуш. РогIера цу кепара документ довзийтира Amnesty International кху деношкахь. Кхаарин дийнахь «Кавказский Узел» олучу бакъонашларъярхойн интернет портало зорбане даьккхина цуьнан Оьрсийчоьнах, ша аьлча Кавказах хьакхалуш долу дакъа.

Кхеташ ду вайн тидам тIебахийтина хилла хилар Къилбаседа Кавказехь лаьттачу хьолана.

Иштта Оьрсийчохь адамийн бакъонаш ларъярх лаьцна дуьйцуш Amnesty International билгалдоккху цу махкахь Iедалша гIело еш хилла хилар шорлуш йолчу машаран политикан дуьхаьлонан боламна.

Оьрсийчохь керла низамаш тIеийцира, адамашкара шена хетарг ала йолу а, гуламашкахь а, юкъараллашкахь а дакъалаца йолу а бакъонашна доза тухуш. Цигахь соцуш дацара адамийн бакъонашларъярхошна а, журналисташна а, адвокташна гIело яр. Царна дина тIелетарш Iедалша таллар эвсара дацара, бохуш дуьйцуш ду рапорта тIехь.

Дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхоша тIе тидам бохуьйту Оьрсийчохь адамаш хьийзор а, царна тIехь къизаллаш лелор а шуьйра даьржина хиларна а, ткъа цунна бехке болу нах наггахь а бен жоьпе озош ца хиларна а.

Церан рапорт тIехь дуьйцуш ду, Оьрсийчохь суьдан процессаш дуьненаюкъарчу барамашца йогIуш ца хиларх а, политикан бух болу кхелан сацамаш алсамбевлла хиларх а лаьцна.

Amnesty International билгалдоккху Къилбаседа Кавказехь долу хьал кхераме а, низам доцуш а дуьсуш хилар. Ткъа ницкъаллин структурийн белхахоша дIахьош йолчу операцешкахь адамийн бакъонаш йохош а, зуламаш дарна цхьа а деш таIзар доцуш а дIахьош хиларх лаьцна дуьйцу Amnesty International.

Хьал иштта далахь а, Къилбаседа Кавкзехь, ша аьлча, Нохчийчохь болчу бакъонашларярхойн аз хезаш дац тIаьхьарчу хенахь. Цьунан бахьана масийтта ду аьлла хета дуккха а шерашкахь Мемориалехь болх бинчу Дуьненаюкъарчу ХIелсинкин Тобан белхахочунна Байсаев Iусамина.

Байсаев Iусама: «Цуьнан масийтта бахьана го суна. Хьалхара. Хьалха санна адамийн бакъонашларъярхойх нах кхин баш тешаш бац. Иза «чеченизаци» олучу политикан тIаьхье ю. Хьалха, цхьаъ хилча, нах, кхера а ца кхоьруш, гIо дийр дацара те олий, бакъонашлархошка гIо а доьхуш, цара и гIо дан а деш лелара.

ХIинца «чеченизаци» олу политика юкъаяьккхинчул тIаьхьа, оьрсийн Iедалан агIончийн гергара нах а бу, тайпана нах а бу. Уьш безарш а бу, бевзарш а бу. Цхьаболчара церан агIо лаьцна, вуьйсуш шаьш ма хиллара бисина. Нохчийн барт боьхна. Нохчийн вовше тешам байна. Цундела царна тIеоьхуш къезиг нах бу. Нохчаша зулам дича уьш кхин а къезиг хуьлу.

ШолгIа бахаьана иштта ду. Эстемирова Наташа а, кхин болу а бакъонашларъярхой байинчул тIаьхьа, шайх ца кхерахь а, шайн гергара нах бахьана долуш, хьалха санна майра и болх дIакхехьа хIуьттуш нах ца бисина цигахь.

КхолагIа бахьана, вай хIуъа а дийцахь а, Нохчийчохь зуламаш дар лахделла. Хьалхарчу шерашкахь Нохчийчохь операцеш дIакхоьхьуш оьрсий болуш, цара хIун дора? Цара, юрт дIа а лоций, берриг а боьрша нах дIа а гуллбой, етта а етташ, цхьаберш бойуш, цхьаберш лар йоцуш бойуш... царах цхьаберш хIинца а лоьхуш а бу... Массарна а дуьхьал хьажийна дар-кх церан и деш долу зуламаш. Цундела уьш дукха а дара.

Ницкъаллин структураш нохчашка дIаеллачул тIаьхьа деш долу зуламаш а, еш йолу операцеш а дерриг а халкъана дуьхьал еш яц. ХIунда аьлча, уьш шаьш а бу нохчий, ткъа церан мостагIалла нохчашца дац, халкъаца дац. Церан мостагIалла ду тIом беш болчу нахаца а, церан гергарчарца а, уьш бевзаш болчарца а, царна гIо деш болчарца а.

Нохчийн йозуш йоцу пачхьалкх езаш болчу нахана дуьхьал а ду цара дийриг. Цундела деш долу зуламаш цу бахьаница дуккха а лахделла, хьалха хиллачуьнга хьажча. Коьрта и кхо бахьана го суна».

Amnesty International а, кхечу а дуьненаюкъарчу вовшахтохараллаш бечу балхо Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонаш ларярца доьзначу хьолана тIеIаткъам бийр бу бохучух баш тешаш вац Байсаев Iусма. Делахь а, и болх сацо мегар дац аьлла хета цунна.

Байсаев Iусама: «ХIинццалц а, мел чIогIа гIовгIа йича а, ца хийцаделла и хьал. Мелхо а телхина, хьалха хиллачуьнга хьажча. Хьалха, тIом болалуш, цхьайолчу дуьненаюкъарчу институташкахь Нохчийчохь лаьттарг дуьйцуш хиллехь а, тахана иза цхьана меттехь дуьйцуш дац.

Iамеркехь тIелатар динчул тIаьхьа, ОвхIанистанехь а, Иракъехь а тIом хиллачул тIаьхьа Европо а, Iамерко а, Путине куьг а кховдийна, дитина и гIуллакх. Цундела цара иза мел дийцича а, суна хетарехь, цунах баш пайда хир бац аьлла хета суна. ХIетте а дийца дезаш ду иза, дийца а дуьйцу иза».

Цу хеннахь Amnesty International вовшахтохаралло хаам бо, Къилбаседа Кавказехь къизаллаш лелор дIадоьдуш хиларх лаьцна. Цуьнан рапорта тIехь далош цхьамогIа масалаш ду Дагестанехь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а Iедалан векалша лелийна харцонаш а, къайлах лелачу тIеман тобанийн декъашхоша дина тIелетарш а дуьйцуш.
XS
SM
MD
LG