ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бага дукха лийча...


Оьрсийчоь --"Маяк"-радиохь болх беш волу журналист Асланян Сергей, 12Мар2009
Оьрсийчоь --"Маяк"-радиохь болх беш волу журналист Асланян Сергей, 12Мар2009

КΙиран буса, шен цΙера ара а кхайкхина, вевзаш воцчо уьрсан чевнаш йина машенех лаьцна теле-, радиогΙирсашкахула къамелаш дарца гоьваллачу журналистна Асланян Сергейна. Оцу хьокъехь Москохарчу хаамийн гΙирсаша, Асланянна тΙелеттарш цо ши кΙира хьалха пайхΙамар «Маяк» радиочухула сийсазвеш цатайна бусулба нах хила тарло, бохуш, шеко яржийна шайггара. Талламчел хьалха а лелхаш...


Москохан йистонца, Чертановохь, веха Асланян Сергей цуьнан цΙийнан пенах кхозучу зΙенехула аравехна буса шийтталгΙачух ах долуш. Иза гучуволлушехь, коьртах хΙума тоьхна, вожийна, тΙаккха маситтаза урс а тоьхна, къайлаваьлла зуламхо, цхьайолчу хьостанаша бахарехь - зуламхой.

Ша-шена полици а, лоьраш а кхайкха а ларавелла Асланян. ХΙинца иза дарбан цΙийнехь ву, Ιедало лар а веш.

Асланянна тΙелатар дар талламчаша къастийна а бовлале, Москохарчу, даима а санна, дерриг а хуучу хаамийн гΙирсаша дузу цо кху беттан 14-чохь сарахь «Маяк» радиочухула, машенийн тема ша луьстуш, нохчаша ма-аллара, кегийначу къухашца.

Шеца радион белхахочо машенех лаьцна дечу къамелехь цхьа цΙеххьашха санна, цхьа а бух а боцуш, масална, хьехон волийра Асланяна Мохьаммад-пайхΙамар.
Цуьнан маьттазчу къамелехь дара хΙара дешнаш.

Асланян Сергей: «Мохьмад-пайхΙамар бизнесхо хилла. Къе волчуьра эла хила шансаш шен яцаре терра, Библи, шега ма-яззло, кхечу кепехь юха а яздина, вайн хΙинца а тΙехь пайда оьцуш долу керла дин кхолла дезна цуьнан. Хьекъале хΙума дина оцу къонахчо.

Ала дашна, сексуалан ант а хилла цуьнца. Шен уммат шордеш, цо олуш хилла: «Хьажахь, йиъ сте тоьар юй хьуна?» Духьала жоп луш хилла: «Тоьар ю». «Ахча а тоъал дуй?» «Ду». «ТΙаккха д1а хьалхатаΙа!» Доцца аьлча, парти лигитимехь вовшахтоьхна хилла, цу хенахь дуьйна нах оцу ловзарх ловзуш бу-кх».

Асланянан къамело оцу сохьта меттах бехара бусулбанаш, къаьсттина кегийрхой. Интернетехула даржадора цара шайн резадацарш. Иштта, бусулба нехан протест дΙахазийра оццу хьостанехула ГΙезалой-махкарчу Закабанан маьждиган имама Лутфуллин СаΙид-Джаффар-хазрета а. Амма я цо а, я кхечу бусулбанаша а ца бохура Асланянна я туьлгаш детта деза а, я уьрсан кхел ян еза а.

Наха Оьрсийчоьн прокурор а, кхиболу Ιедалхой а кхойкхура зуламе къамел динчу журналисте жоп дехаре.

Лутфуллин СаΙид-Джафар: «Оцу къамело къаьмнашна а, дин лелочарна а юкъа питана тосу. Оха дΙахьедар до Ιедалан дакъошка, доьху цаьрга, и санна долу бодане, корта боцу къамелаш ца дайтар. Иштта передача магийтина йолчу радионе доьху, бусулба нах къинтΙера бахар, и санна дериг кхин цахилийтархьама».

Амма хилларг хилла. Оьрсех болчу наха цунна дина тΙелатар дузу цо «Маяк» радиочухула ши кΙира хьалха пайхьамар аьшнаш варца а, цунна оьгΙазбахначу бусулба нахаца а.

Бусулба дин сийсазден къамел дина Асланян дуьххьара а вац, тΙаьххьара ву ала а дац. Вайна хаьа, массех шо хьалха Дани-пачхьалкхарчу цхьана суртдиллархочо пайхΙамарна ехкинчу карикатураша гΙаттийна дов хΙинца а дижанза дуйла. Оцу девна юкъа озавелира Европе мухΙажир ваьлла ваха охьахиина цхьа нохчо а тΙехь – карикатураш шен агΙонаш тΙе йиттинчу журналан редакци эккхийта вахханчохь лаьцна, набахти дΙахьажийра иза Данин кхело.

Ши бутт хьалха ОвхΙанистанехь Ιаьмеркан эскархоша цхьана шайн базехь Къуръан дагийна хилар гучудаьлча, гΙевттира нах, уьш тебеш, вуно дукха адам хΙалакдира Ιедалан ницкъаша. Оцо, садеттаран кеда шех тΙаьххьара тΙадам а хуьлуш, декхаре дира Цхьанатоьхначу Штатийн Ιедалш, баккхий къестамаш эскаршлахь дΙабахьа а, ОвхΙанистанера эскарш арадоху зама билгалъяккха а.

Бусулба дино магош дуй, оцу кепехь шена луьйчунна бекхам бан, мел нийса хета хьуна Москохарчу газеташа Асланянна уьрсаш деттар бусулба нахана тΙехьош хилар, аьлла, хаттар дира Маршо Радионо телефонехула Москохарчу коьрта маьждиган имаме Аляутдинов Ильдар-хазарете. Цо иштта жоп делира тхуна.

Аляутдинов Ильдар-хазарет: «Бодане хилар а, гΙиллакх дацар а ду пайхΙамарх лаьцна оццул оьзда доцу, товш доцу дешнаш алар. Амма суна ца хета журналистана динчу тΙелатарна тΙехьа лаьттарш бусулба нах бу, аьлла. Бусулба нах собаре хуьлу даима а.

Цхьаъ делахь, хаа деза, исламехь, ШарΙахь, стага ша-шеггара кхел еш доцийла. Сийлахь КΙуранан кхоалгΙачу сури тΙера 186-гΙа аят дагадогΙу суна, бакъ а долуш, бакъ долчуьнан а дуьхьа – кхузза тΙетаΙош олуш ду иза - шуна дуккха а лазамениг, дуккха а шуна ца товриг хезар ду, боху цу тΙехь.

Аят иштта чекхдолуш ду: «Аш собар шайгахь карорца, гойтур ду шаьш дуьззина Делаца хилар, шаьш лакхенехь хилар». Хилларг исламна тΙедахьар нийса дац. Соьга хаьттича, вай Кхоьллинчо, бусулба динца цхьа а хΙума дозуш а воцчу зуламхочун куьйгашца, оцу журналистана бекхам бина. ХΙунда аьлча, вай массо а, лаахь а, ца лаахь а, Веза-Воккхачун пурбанца лелаш ду, цо дерриг а шен метте дΙа а нисдо».

Ιедалерчу талламчаша цхьа а къастам а бале, Асланян Сергейна зединарш бусулба нах бу, аьлла, дийца даккхаро а халахоьтуьйту хилларг тидамехь кхобучу бусулбанашна. Оцу хьокъехь шена хетарг довзийтина хаамийн гΙирсашкахула вевзаш волчу теолога, Оьрсийчуьрчу «Исламан комитетан» куьйгалхочо Джемаль Гейдара.

МаьΙна долуш го цо бохург. Буьйсанна, цΙийна тΙехь кхозучу зΙенехула, аравала сайга цхьана вевзаш воцчо аьлча, со-м хΙуттур вацара, аравала, боху Джемала. Цунна хетарехь, Асланянна ца вевзийла дац ша аракхайкхинарг, я аракхайкхинарш. Цунна бевзаш а боцчара, цо бусулба дин сийсаздарна бекхам бан арабевллачара иштта доьхур дацара цуьнга жоп, тΙелатар кхечу бахьанийца дина, аьлла хета Джемаль Гейдарна.

Ткъа бакъдерг стенца дозу, хуур ду я дац а олийла дац. Лазийнарш хьовха , байъинарш а бΙе эзарнашкахь бу Оьрсийчохь я лар талла а я царна тΙера бекхам бан а Ιедал а доцуш бисина.
XS
SM
MD
LG