Австрехь Оьрсийчоьно Интерполехула динчу дехарца лаьцна Нохчийчуьра схьаваьлла Мусиханов Джабраил, хаамбина "Вайфонд" бакъонашларъяран цхьаьнакхетаралло. Цара чӀагӀдо, цуьнан цӀийца луьрачу кепехь цIе ца йоккху лазар хилар. Вочу хьолехь ву боху иза, цамгар де дийне кхуьуш.
"Цуьнан могашаллин хьал тидаме эцча, Оьрсийчоьне дIавалар иза вен кхел йар санна ду, хӀунда аьлча, Оьрсийчоьнан набахтешкахь цу тайпа цамгаршна дарба дан кхачам боллуш хьелаш дац. Дуьненаюкъарчу стандарташца а догIуш, хала цамгар йолу стаг дӀаваларо, цунна догӀу лоьрийн гӀо кхачош ца хиларо, йохош йу цуьнан дахаран, цуьнца къинхетаме хиларан бакъо", - билгалдаьккхина бакъонашларъярхоша.
Цара кхайкхам бира Австрин Ӏедалшка, Мусиханов пачхьалкхера ара ма ваккхахьара аьлла. Оьрсийчохь иза билггал стенна бехке веш ву, хууш дац.
Кавказ.Реалии сайтан хьостанаша дийцарехь, бутт гергга хьалха Мусиханов Джабраил Туркойчуьра Австре а веана, мехкан къилбаседа-малхбузехь йолчу Вельс гӀалахь дӀатарвелла хилла. ХӀинца Мусихановна адвокат лоьхуш бу меттигерчу нохчийн диаспорин векалш.
- Стигалкъекъа-бутт бовш францхойн полицино шуьйра леррина операци дIайаьхьира, цигахь лецира радикализацина бехкевина иттех нохчийн диаспоран векал. Цунна тIаьххье дIакхайкхийра Нохчийчуьра схьаваьлла 18 шо долу вахархо лацарх, иза бехкевора Олимпикан ловзарш доьлхучу хенахь цхьана футболан матчехь теракт йан кечам бина хилла бохуш.
- 200 эзар сов нохчий беха Европерчу пачхьалкхашкахь - уггар йаккхийчех диаспораш йу Францехь а, Германехь а, Австрехь а. Европел арахьа диаспора йу Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь, Канадехь, Гергарчу Малхбалехь, кхечу пачхьалкхашкахь а.
- Бакъоларйаран Amnesty International организацино 2024-гӀа шо долалуш Европан пачхьалкхийн Iедалхошка кхайкхамбира, Къилбаседа Кавказера тховкIело йоьху мухIажарш Оьрсийчу дIахьийсо мегар дац, хIунда аьлча, царна кхерам лаьтта Iазапаш хьега а, бертаза Украинана дуьхьал бечу тIаме хьийсон а.