ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрин полици: «Нохчий, Iедалан белхахошна тIекхийда мегар дац!»


Венера полици.
Венера полици.

Венерчу интеграцехула а, къаьмнийн тайп-тайпанналлехула а йолчу магистратан белхахоша меттигера Iедалхой а, нохчийн диаспоран векалш а гулбинера шайн кхерчахь. Цара кхайкханера Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера лаккхарчу даржашкара масех полисхо а, къайлахчу сервисан векал а. Ткъа цаьрца шайна лазаме долу хеттарш дийца гулбинера тайп-тайпанчу нохчийн цхьаьнакхетараллийн векалш а, юкъараллин жигархой а, кегирхой а.

Цхьаьнакхетар вовшахтоьхначу Магистрат 17 цIе йолчу хьукматан белхахочо Мехмети Сайдинс элира, гулдаларан бахьана нохчийн къомах болчу кегийрачу наха тIаьхьарчу беттанашкахь Iедалхошца тийсадаларш лелорна юкъараллехь яьллачу IалагIожца а, Iедалхошца нохчийн диаспоро цхьаьнаболхбаран некъаш лаха хан тIекхаьчна хиларца а доьзна ду, аьлла.

Шайн агIор полисхоша тоьшаллаш дира, шайна зуламаш а, талорш а лелош берш муьлхачу къомах бу бохург хьесапе а дац, аьлла.

Шаьш толлуш дерш низамца цхьаьна ца догIуш долу леларш ду, мила муьлхачу къомах ву бохург дац элира цара боху цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хиллачу нохчийн студентийн «Серло» це йолчу тобан куьйгалхойх цхьаъ йолчу Кушалиева Таисас: "Полицин урхаллера 4 стаг а, криминалан декъара I стаг а вара веанарг. Цара шайна къаьмнаш бен а дац бохура, криминале леламаш бен.

Юккъера нохчашца шайн коьрта проблема нохчийн къомах берш полицина а, Iедалан белхахошна а дуьхьало еш хилар ду бохура. Кхечара Iедална дуьхьало еш яц бохура цара, нохчий боцучара. Иза доьзна хила там бу бохура, цIахь Iедалхой нохчашца во хилла хиларца а, нохчий полицех тешаш ца хиларца а. Амма шаьш шуна зуламна арадевлла дац бохура, шаьш зуламхошца къийсам латтон арадевлла ду".

ХьастагIа австрихойн телевизионехь нохчашна леринчу цхьана программехь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин векало элира, Австрехь бехачу 30 эзар сов нохчех 10 процент криминалечу леламийн декъа хилла ву, аьлла. И терахь сел лакхара хилар вуно чIогIа новкъадеана меттигерчу вайнахана.

ХIинцалерчу полисхошца цхьаьнакхетарехь а и статистика йийцаре йира шаьш боху студентийн тобан векал йолчу Кушалиевас: "Цу чохь гулбеллачара хеттарш дира шайна мехала долчух. Масала, тоххара полисхочо хьахийна йолчу статистиках дерг хаьттира оха, нохчех 10 процент криминале бу бохучух лаьцна. И статистика царна евзаш яцара. Цара шайн нохчийн къомах боцучаьрца а ю бохура шортта проблемаш. Делахь а, Iедалхошна тIе куьг дахьар нохчашна юккъехь дукха нислуш хилар къаьстина билгалдаьлла ду шайна элира цара".

Iедалхошца цхьаьнакхетарш алсам мел хуьлу а Австрехь бехачу нохчийн юкъараллина пайда дукхаха хир бу аьлла тешна ю Кушалиева: "Шайга ала бохура цара вайна хIун дика ца хета а, вайна муьлха кхачамбацарш го а.

Шаьш, полисхой, муьлхачу а хенахь ишттачу цхьаьнакхетаршка дахка а, шайн балхах лаьцна дийца а, хуург хьеха а кийча ду элира. Цигахь цхьана жимчу стаго шега воьдуш-вогIуш полицино сих-сиха кехаташ хотту, наг-нагахь вуно шога хотту шега Iедалхоша документаш аьлла дийцира.

Ткъа цунна дуьхьал полисхоша хьехар дира, хьайга хаьттича дуьхьал хаза ларамца вист а хилий, кехаташ дIагайта. Ткъа нагахь санна Iедалан белхахо хьайца шога хиллехь, цунах дерг шайга схьахаийта, шаьш массо а хIума толлур ду, аьлла. ХIунда аьлча, хьанна а урамехь тIе а воьдуш таллам бан йиш яц бохура цара Iедалхойн. Нагахь санна шайна цхьаъ цхьана хIуманна шеконе хеттчий бен.

Суна иштта и тайпа цхьаьнакхетарш вуно пайдехьа хета. ХIунда аьлча Iедалхоша цигахь кхетадо шайн балхах лерг. Нохчий цига алсамох мел богIу а дика хир дара аьлла хета суна".

XS
SM
MD
LG