ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Азербайджанхой бех беш телепрограмма гайтарна дуьхьалонан акцеш хилла ГIажарийчохь


ГIажарийчоь -- Тебриз, дуьхьалонан акци. 10Лахь2015
ГIажарийчоь -- Тебриз, дуьхьалонан акци. 10Лахь2015

ГIажарийчоьнан масийтта гIалахь духьалонан акцеш дIаяьхьна азербайджанхоша. Бахьана ду меттигерчу телевизионехь уьш бех беш программа гайтар.

Эзарнаш ГIажарийчоьнан къилбаседа-малхбузехь беха азербайджанхой дуьхьалонан акцешка арабевллера масийтта гIалахь. Уьш эргIад бахийтинарг ю İRİB TV-2 олучу телеканало гайтина программа.

Уггаре а хьалха дуьхьалонан акце арабевллаш бара Урмерчу университетан студенташ. «Азербайджанхойн къомо кхин лойла дац ша хьийзадар», бохуш маьхьарий деттар цара. Студенташа дехара медресеш туркойн маттахь хилитйтар.

ТIаьххьара болчу хаамашца, цу тайпа акцеш хилла Тебризехь а, Хойхь а, Марагехь а, Зянджанехь а, ТехIранехь а.

İRİB TV-2 телевизионо гайтинчу программан цIе ю «Милт». Иза беламе программа ю аьлла гайтина ю. Берашна хьажийна йолчух тера а ду иза. Цу программехь дуьйцург иштта ду. Азербаджанхойн къомах волчу къанта цергаш цIан йо туалетехь лелочу шишанашцIандийригца.

Цул тIаьхьа цу беран дас бехк цабиллар доьху хьешан цIанна долахочуьнга, цуьнан хIусамехь боьху хьожа йогIу шен кIентан бехкенна олий.

Азебрабайджанаш YouTube –хь дIахIоттийна и видео.

Цу видеоно меттахдаьккхина арадаьлла адам. Iедалша сихха сацийра «Милт» программа гайтар.

Дуьхьалонан акцин декъашхошна дуьхьал полици яьккхина Iедалша.

ГIажарийчоьнан телевизионан куьйгалхочо Сарафраз Мохьаммада къинтIера бовлар дехна азербайджанхошка. Программа кечйинчу нахана таIзар дийр ду шаьш аьлла дIахьедар дина цо.

ИРНА агенталло дийцарехь, Тебризехь бехачу азарбайджанхойн цIарах депутат волчу Пезешкиан МасIуда дIахьедар дина адам оьгIаздахийтинарг программа кечйинчу наха далийтина гIалат ду аьлла.

ГIажарийчоь вехаш ву 10 миллион азербайджанхо. Царна юкъахь ву аятолла Хаменеи Iела а, оппозицин лидер Мир Хьоссейн а.

2006-чу шарахь ГIажарийчохь чувоьллира беламе сурташдахкархо Нейестани Мана. Цо карикатурина тIехь виллина кIант вара мекхаш долчу чхьаьвригца фарси маттахь къамел дан гIерташ.

Цу чхьаьвриго цо буьйцучу маттах цакхетий азербайджанхойн маьттахь хоьтту "хIун бахара ахь" бохуш. Цу хилмо онда къепедацарш хилийтира ГIажарийчохь.

Демонстрацешка арабевллачу наха тIелетарш дира Iедалан хIусамашна, ягийра масийтта банк а, телевизионан станци а.

XS
SM
MD
LG