ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаев Шемалан тIемало лацарх хаийтина Талламан комитето


ФСБ-но лоцуш ву терроризмана бехкехетарг, гайтаман сурт
ФСБ-но лоцуш ву терроризмана бехкехетарг, гайтаман сурт

Теракт йарна, талораш лелорна, закъалтхой лецарна, стаг верна а лаьцна Дагестанера Хасав-Йуьртан кIоштара вахархо Анасов Казбек, хаамбина Талламан комитетехь. Иза бехкевина 1995-чу шарахь герзашца Буденновскана динчу тIелатарехь дакъалацарна.

Къайлахчу сервисийн белхахоша а, ишта коьрта а, Ставрополан а чоьхьарчу гIуллакхийн министраллийн полисхоша а сацийначул тIаьхьа лаьцна витина иза. Цуьнан лацарх кхетадо Буденновскана тIелатарх коьрта гIуллакх "толлучу хенахь бехкехиларх тоьшаллаш кхаьчна" аьлла. Талламан версица, Басаевн тобанах Анасов дIакхеттера 1995-чу шеран мархьокху-баттахь.

1995-чу шарахь мангал-беттан 14-чохь Басаевн тоба Буденновскана тIелетта закъалтхой лийцира, сихонца Нохчийчуьра тIом саца а бина, чуьра эскарш арадаха аьлла тIедожийра. Мангал-беттан 17-хь, шайн штурм чеккх ца йаьлча, дийцарш долийра. Премьер-министр Черномырдин Виктор цхьана декъана реза хилира шайга кховдийначу билламашца. Мангал-беттан 19-хь Басаеван тобано кхерам боцу некъ баьстира, Нохчийчу йуха баха автобусаш а йелира царна. Цаьрца 100 гергга закъалтхо а вара, шайлахь бакъонашларйархой а болуш, - тIаьхьо уьш берриш дIахийцира.

Официалан хаамашца, тIемалойн тIелатарехь а, оьрсийн леринчу тIеман-декъийн тIелатарехь верриг велларг вара 129 стаг, кхин а 415 адамана чевнаш йира. Дийцарш дIадахьар бахьана долуш цхьа эзар ах эзар стаг кIелхьара ваккха аьтто белира.

  • 1995-чу шарахь Буденновскана тIелатар дарна гунахь ву аьлла Нохчийчуьра вахархо Зоев Хьамзат лацарх дIахьедира Оьрсийчоьнан Талламан комитето мангал-беттан 3-чохь. Лаьцначунна бехкаш дехкина теракт йарна а, талораш лелорна а, закъалте нах лецарна а, уьш байъарна а.
  • Кавказ.Реалии редакцино подкаст арахецна Буденновскехь йинчу терактех лаьцна – журналисто Голенкова Катяс пхеа шарахь бина таллам бу иза, доьазза Буденовске а йахана, тоьшаллашца интервью а йина, йукъелелачаьрца а, бакъонашларъярхошца а, эксперташца а цхьанакхеташ.
  • Зазадокху-баттахь дагестанхойн Байрамаул эвлахь лецира нохчийн гIаттамхойн командирашца Басаев Шемалца а, Хаттабца а уьйраш хилла аьлла шеконашца цхьа вахархо. Ницкъахой тешна бу, 2020-чу шарахь Нохчийчохь Псковн десантхошна динчу тIелатарехь дакъалаьцна ву шаьш лаьцнарг аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG