ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бац цаьрца ларам". Белгородан махкахь хIун деш бу кадыровхой?


Нохчийчуьра эскархой, гайтаман сурт
Нохчийчуьра эскархой, гайтаман сурт

Белгородан махка дехьайаьккхинчу нохчийн "Запад - Ахмат" тобанан тIемалой Украинин дозанна геннарчу лоттийлашка дIахIитта тарлора - эскарерчу салтийн баккъашна тIехьа левчкъина. Цунах лаьцна мангал-беттан йуккъехь дийцира телеграм-каналаша. Цаьрца цхьаьна оьрсашна муьтIахьчара а. Хьалхо эксперташа дIахьедина ма-хиллара, кадыровхой дехьабахар Нохчийчоьнан куьйгалхочунна боккхачу тIамехь дакъалаца цалаарца доьзна хила мега. Оьрсийчоьнан латтанаш тIехь "Запад-Ахмат" батальоно лелочух кхета дагахь талламаш бира Кавказ.Реалии сайто.

Украинехь боккха тIом болабелчахьана Белгородан махкаца долу дозанна герз ду детташ. Кху бIаьста луьстадаьлла и гIуллакх. Стигалкъекъа-беттан чакхенгахь "Оьрсийн лаамхойн корпус" диверсийн тобанаш, "Оьрсийчоьнна маршо" легион а тIеман рейдаш йеш йу цигахь. Мангал-беттан 4-хь Украинехь тIом бечара схьайаьккхина Новая Таволжанка цIе йолу йурт - и хаам тIечIагIбира губернаторо Гладков Вячеслава.

Кадыровхой цхьанхьа хьуьнха хевшина Iийр бац. Цигахь дика дац, тIедетташ герз ду

Цу хенахь ЧВК "Вагнеран" долахочо хьалха олуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочо шоллагIа олуш шайн нах пачхьалкхан дозанаш лардан бахийта аьлла, дIахьедарш дира. ТIаккха Белгородан махка нохчийн эскархой бигира.

Мангал-беттан 12-хь барт хилира Гладковн - Кадыровн тешамечу накъостан Делимханов Адаман хиллачу цхьаьнакхетарехь. Цу бартбарехь дакъалоцуш бара тIеман министраллин, Росгвардин векалаш а. Ша Гладковс цу цхьаьнакхетарах кIезга дийцира, белхан гуламах дерг доцца олуш. Амма цуьнан нохчийн белхан накъосто дийцира шортта.

"Дийцаре дира диверсин тIелатамийн гурашкахь бан богIучу балхах дерг дозанерчу кIошташкахь. Цу балхахь дакъалоцура ду Оьрсийчоьнан тIеман министраллица йолчу "Запад-Ахмат" батальонан эскархоша. Оьрсийн кхечу батальонашца цхьаьна цара къахьоьгур ду хIиттийначу Iалашонашка кхочуш",- йаздира Кадыровс шен телеграмехь.

"Запад-Ахмат"-2022-чу шеран гурахь вовшахтоьхначу йиъ батальонах цхьаъ йу. Кехаташца иза тIеман министраллин Къилбехьарчу тIеман гонна йукъайогIуш йу. Хьалхо республикин куьйгалхочо ма-аллара. Амма цуьнан куьйгаллехь лелаш йу.

“[Белгородан махкарчу] Нехотеевкехь тхан тIемалой КПП лоттийлашкахь дIатарлуш бу. ХIинца бандиташна доза дIакъевлина ду. Иштта дIанисйелла тхан батальонаш Грайворонск-кIоштарчу Казинка олучу йуьртана гергахь а. Хьалхо и меттиг "Оьрсийн лаамхойн корпус" батальоно тIелатар дина йу",- масех де даьлча йаздира Кадыровс.

Дехьайаьхначул тIаьхьа Нохчийчуьрчу батальонашна хьалха хIун Iалашонаш йара - хууш дац. Амма оьрсийн телеграм-каналаша бакъдо: тIамах хьакхалучу меттигашкахь кадыровхой гуш бац.

Дозанан меттана хьеша-цIа

Дозанерчу мехкашкахь болчу тIемех дуьйцучу "Пепел" телеграм-канало цIераш йовзийта цалуучу хьосташна тIетовжарца хаамбира, кадыровхоша "мел дика а дуьхьало йаран кхозлагIа-пхоьалгIа шалонаш дIалаьцна" аьлла. Изза хаам " тхоьга кхаьчначу хаамашца" аьлла билгало йеш, бира "Горячие точки" канало а - Нохчийчуьра тIемалоша дозанца йолчу лоттийлашка дIахIитта цалаарах дIахьедина бохуш. "Цу шайн лаамна бехказлонна шаьш хьолана гIарол дан даьхкина ду, ДРГ -ца тIом бан лерина дац " аьлла бохуш.

"Белгородан махкарчу кхечу хаамаша дийцарехь, нохчийн батальонаша эскаре кхайкхинчу салтешца цхьаьна дIалаьцна дозанчашна тIехьарчу могIарехь йолу лоттийлеш. Амма цхьайолчу меттигашна доладан нохчийн эскархой реза ца хилира - Оьрсийчоьнан Федерацин тIеман министраллица цхьаьна бен ца лаьа шайна цигахь латта аьлла",- дIахьедира тIаьхьо сепаратистийн "ДНР" кхолларан "тIеман министро", ФСБ урхаллин эпсаро Гиркин (Стрелков) Игора.

Белгородан махкахь болх бечу, ша вовзийта цалиинчу журналисто Кавказ.Реалии сайте дийцира, оьрсийн кхечу батальонашкарчу эпсарийн кадыровхошка цабезам хиларах.

Шен йолахой кхуза сехьабаха луучу Пригожинна новкъарло йархьама а дина хIара

"Ларам банне бац цаьрга - уьш "тик-ток-эскархой" ларалуш бу. Ткъа дозанехь церан дIахIиттарех дерг дийцича, эскархоша бахарехь, "Запад-Ахмат" цига дийнахь йогIу, шайн видеош йахархьама, уьш йаьхна бевлча, йуха Белгороде дIабоьлху. Социал-машанашкахь даьржина йезачу машинашкахь "Континенталь" хьеша-цIенна уллохь даьхна церан суьрташ. "Континенталь" цу гIалара уггаре деза хьеша-цIа ду. Цигахь Iийриш батальонан куьйгалхой буйла, берриге тIемалой боцийла а хууш ду",- билгалдаьккхира къамелахочо.

Шайна йуккъерчу къамелашкахь тIеман министраллин эпсарша шаьш кадыровхойн машанашкара дIахьедарш ца лов бохуш дуьйцу. Уьш шаьш мохк ларбеш бу бохуш, шайн цIахь болуш санна леларна.

"Уьш Белгороде кхайкхар - тIеман гIулч йац, политикин йу: Губернатор Гладковн ЧВК "Вагнеран" долахочуьнца дов дара. ДагадогIий шуна, 2022-чу шеран гурахь Пригожина "Вагнерна" дIахIотта меттигаш кечйар кхайкхадира? ХIинца, иза дага ца вогIу кхузахь. Белгородехь кхечанхьачул кIезга лоцу "музыканташ". Цундела хетало, Гладковс бахкийта аьлла кадыровхой бахкийтича санна. Шен йолахой кхуза сехьабаха луучу Пригожинна новкъарло йархьама а дина хIара",- тIетадо меттигерчу журналисто.

Политикин тIеман эскархой

"Ахматан" батальонаш тIеман Iалашонашна вовшахтоьхна йац. Цу гIуллакхна церан хаарш дац, бала бац. Цара дIалаьцначу латтанаш тIехь гIарол до... Кадыровхой дехьабахар тIамера уьдурш совцорхьама долийна ду",- тешна ву Европерчу нохчийн "Единая сила" боламан куьйгалхо Сулейманов Джамбулат.

Цунна хетарехь, лаа дац Белгородехь Делимханов Адам нисвалар а - 2022-чу шарахь тIом болабелча Кадыровн накъостах, криминалан йуьхь йолчу киллерах, дашо тапча лелочу "Оьрсийчуьра уггаре кхерамечу депутатах" тоьллачу буьйранчин васт до. Цуьнан цхьанна тайпана тIеман говзалла йоццушехь.

"Цу пиар-кампанина йуккъедогIу Пригожинца даьлла дов а, чевнаш йина ву аьлла хаам а. И дерриге, хетарехь, [Кадыровн меттана куьйгалле хIотторхьама] бечу кечамца доьзна ду",- шена хетарг дуьйцу Сулеймановс.

Диверсантех тасабалар хир дац кадыровхойн

ТIеман министраллин кхетамца аьлча, кадыровхой сихачу батальонийн болх дIахьош бу. Нагахь дозанал сехьа бовлурш нислахь царна дуьхьало йан дIахIиттийна, дуьйцу тIеман аналитико Матвеев Яна.

"Кадыровхой цхьанхьа хьуьнха хевшина Iийр бац. Цигахь дика дац, тIедетташ герз ду". Суна хетарехь, тIеман министралло диверсантийн тIелатаршна дуьхьало йархьама йукъадаьккхина ду иза: цхьана агIора, цара чIагIонна батальонаш сехьайаьхна, вукху агIора - тIамана эшам ца бина. Кадыровхой цигахь башха доккха хIума деш ма бацара",- кхеттош дуьйцу эксперто.

Белгородан махкахула диверсантийн схьагIертарш тIейогIучу хеначохь дукха хир ду аьлла ца хета шена элира цо. ХIунда аьлча, и тайпа сехьабийларш царна кхераме ду - нохчий цхьаьна болуш оьрсийн контингент чIагIйина дера хилла ца Iаш, берриге эскархой царна дуьхьало йан кийча хиларна.

"Цундела диверсантех тасабалар хир дац кадыровхойн",- элира Матвеевс. (ISW) Америкахойн тIом талларан институтан аналитико Степаненко Катеринас боху, Белгородан махка дехьайаьккхинчу "Запад- Ахмат" батальонан болх политикин бухаца ду.

"Кадыровхой Белгородан махкарчу дозане хьовсабе аьлла тIеман министралле Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира омра дина хила тарло. Оьрсийчоьнан йукъараллина, оьрсийн ультранационалисташна гойтуш (буьйцурш оьгIазлонца тIамехьа узу жигархой бу.- билг.ред). Дозанаш лардар ладаме хиларах дукха хан йоццуш шен хиллачу цхьаьнакхетарехь "военкорашка" дийцира Путина. Хетарехь, Кадыровна хиъна Кремль цу тIехь шена тIейерзон. Цига шен нах бахийта цо алар къобалдеш. Пригожинна шен йолахой сехьабахарехь новкъарло йархьама дина а ду иза",- элира Степаненкос.

ISW - институтан векалш реза бу: нагахь украинхойн диверсхойн тобанийн тIелатарш Белгородан махкарчу дозанерчу кIошташкахь йухадолалахь а, кхузахь латтар "Запад -Ахмат" батальонна гIоле ду. ТIаме бахча царна хуьлучул кIезга зенаш хир ду кхузахь.

  • Украинехь тIом болабелчахьана бакъоларйархоша а, Кавказ.Реалии сайтан хьосташа а массийттаза дIахьедира тIаме бахийтинарш Нохчийчуьра ницкъахоша лачкъийнарш а хуьлу аьлла. Цаьрга хоржуьйту: йа тIаме гIо, йа таIзарш дина, харц тоьшаллица вовшахтесначу гIуллакхца чувуллу хьо олий. Нохчийчуьра бертаза тIаме хьовсабо нохчийн оппозицхойн гергара нах а.
  • Нохчийчоьнан куьйгалло Украинехь тIом болабелчахьана сих-сиха дIахьедо, Соьлжа-гIалахь бусалба дин тIе а оьцуш, тIаме боьлхучу лаамечарех. Цу кепарчу тIемалойн билггал долу терахь девзаш дац. Кадыров Рамзана церан дукхалла "цхьаберш" аьлла билгалйаьккхина. Кавказ. Реалии сайто дуьйцу цу нахах а, царех бусулбанаш бечу бахьанех а.
  • Украинерчу тIамехь дакъалоцуш хаабелла политикин даккхийчу зуламашкахь бехкелору Кадыровн гонера нах. Царех цхьаъ ву оппозицера политик Немцов Борис верна бехке лоруш волу Геремеев Руслан, важа ву нохчийн блогер Алиев Iимран (Мансур Старый) верна бехке лору Мамадиев Iусман а.
  • Мангал-беттан 12-хь Оьрсийчоьнан масех мехкан радостанцеша хазийтира Украинехьа тIом бечу "Свобода России" легионан кхайкхам. Краснодаран, Ростован мехкийн радиоша а цхьаьна. Украинехь тIом болабелчахьана дуьххьара хуьлуш дац иштта Къилбехьара радиош шайн балхана лелон цхьаннан кайалар. Кавказ.Реалии сайто теллира, радион балхана тIекхача аьтто муха болу церан, меттигерчу бахархоша и хилам муха тIелоцу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG