Дагестанерчу ФСБ-н дозанийн урхаллехь болх бина Наждуев Рамазан "экстремистийн тептара" язвира машен дIаюхкуш цуьнан цхьана нахаца дов иккхинчул тIаьхьа. "Экстремизме берза тарлучу нехан тептар" Дагестанрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло ша лелош дац алахь а, цхьаьнхьа воьдуш иза сакцийначу некъан инспекторша хаийтира цунна ша "экстремистийн" могIарахь вуйла. Бухе диллинарг ду Нажуев шен дахарехь цкъа ХIинжа-ГIаларчу салафийан "Тангъим" маьждиге вахана хилар.
Эзарнаш дагестанхой бара махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло 2о15 шарахь дуза долийначу экстремизм шайгара яла тарлучу, кхерамечу нехан тептарахь. Оцу хенара схьа вуно дукха кхелаш лаьттина "тептарара" къовсамехула дIабуьйлучу нехан Iедалца. Полицино цкъа ца леладо ша олу и тайпа тептар, юха бакъдо иза лелош хилар. "Тептарахь" нисвеллачун бакъонаш а ю шенна къастийна – масала, йиш ю ша экстремист хилар къовсаме даккха. Делахь а, Iедалхоша и "тептар" къайлаха лелоро бакъо йоккху стагера кхелехула толам баккха.
"Тхо дуьхьал дац зуламаш дан тарлуш лоручу нехан тептарш полицино хIитторна, и зуламаш дан а дале царна дуьхьаллаттарна, экстремизм елахь, цунна духьал а. Амма и болх низаман гураш чохь бан беза. Стагна хаа деза, стенна хIоттийна ша профилактикан барамийн тептара, цо шегара муьлха бакъонаш дIайоху, мел латтор ву оцу хьолехь, муха мукъаваллур ву оцу тептарх", – боху бакъоларъяран "Мемориал" центран куьйгаллин декъашхочо (Оьрсийчохь арахьара агент лору иза, "Мемориал" реза яц оцу статусна. Каарарчу хенахь цхьанакхетаралла йохор дехна Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхеле Инарла прокуратуро. – Ред.), "ГIоьртина хьал лаьтта меттигаш" программин куьйгалхочо Орлов Олега.
Эсперта бахарехь, нах тобанашкахь "экстремизман" профилактикан тептара боху регион кхин ян а яц, Дагестан цхьаъ ю оццул шуьйра, оцу кепехь и болх баржийна. Цуьнца доьзна пхи шо хьалха республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министра Магомедов Iабдул-Рашида дIахьедира, профилактикан тептара язвина ву 16 эзар вахархо, аьлла.
Цо иза дIахьедешшехь долийра наха аьрзнаш дан, кхелехула оцу тептара дIабийла. Амма луш долу жоп даима а хуьлура цхьаъ:
"Стаг профилактикан тептара язваро иза тергалван бен ца кхачадо, хьаеш яц цуьнан бакъонаш. Низамо магочул сов шена зен дина аьлла хетахь, хIораннан а ю кхелехула къъовсавала йиш", – аьлла, масала, ХIинжа-ГIаларчу Советан кIоштан кхело 2016-чу шеран Лахьан-баттахь иштачех цхьа дов ша луьстуш деллачу хаттарна жоп луш полицин урхалло.
Стагна хаа деза, ша стенна хIоттийна профилактикан барамийн тептара
"Оцу балханна бухадехкина низамаш къайленехь кхобу, тептара язбина боцчу наханна ца лора деша. Цундела болийра 2016 шарахь оцу низамехь доцчу гIуллакхна дуьхьал къийсам, декъабахара адвокаташ, жигархой", – дуьйцу Орловс.
Жима толам
Нах сахьташкахь латтабо блокпосташкахь, институташка деша ца оьцу «тептар» бахьанехь
2016 шеран ГIура-баттахь, оцу хенахь гражданан юкъаралла кхиоран а, адаман бакъонийн а президентан кхеташонан декъахо волчу Шевченко Максима дийцира Путин Владимире профилактикан тептарх лаьцна: йина кхел а йоцуш, талламчая я прокурора къастийна а доцуш, 20 эзар дагестанхо ву къайлах бакъонаш лакъийна. И нах сахьташкахь латтабо блокпосташкахь, институташка деша ца оьцу, берийн бошмашкара, школашкара дIадоху церан бераш. Президента билгалдаьккхира иштаниг низамехь цахилар, "нехан букъ тIехьа диллина, къайлах лела хIуманаш хила ца деза", элира хIетахь Путина.
Проблема ргIехь гIаьттира 2018 шарахь, адмийн бакъонийн кхеташонан куьйгалхочо Федотов Михаила дIахьедар дича.
Юха а элира пачхьалкхан хьалханчас: "ЛартIахь доцуш, ледарниг хир дара къайлахчу сервисаша, низаман урхаллаша ишта нах терга ца бича. Амма болх низаман гурашкахь бан беза, буса нах дарешка ийзо мегар дац, дерриг а кхетамца деш хила деза", – жоп делира Путина.
2017 шеран Зазадоккху-баттахь Дагестанан Лакхарчу кхело шега хьажийначу хаттарна жоп луш, махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалло хаам бира: "дуьйцу низаман акташ хIаллакхдин лелаш долчу хьесапца а догIуш, "экстремист" олучу кепара нах профилактике хIиттош долу тептар Дагестанехула йолчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалло лелош дац".
"Мемориалан" векала оцу некъах бакъонашларъярхойн жима толам олу: 2015 шарахь дуьйна нах каппашкахь профиактикан тептара бахар, къизалла а гойтуш, конституцин бакъонаш йохор, маьждигашка а лелаш, низамехь доцу лецарш совцийна.
"Амма ша и кеп дина йисина, оцу тептара даьхна шаьш, бохуш, тхоьга аьрзнаш дийраш тахана а бу", – чIагIдо Орловс.
Дагестанерчу адвоката Магомедов Шамила бахарехь, тIаьхьо, 2017 шарахь хийцаяла йолаелира тептаран кеп.
"Хьалха полисхой цIа лелара нехан, уьш профилактикан тептара баха, дIаийзабора бахархой полице, хIинца оццул чIиркъе а ца хьийза уьш. Стаг профилактикан тептарахь нисло шена а ца хууш. Массарна а хаьа и тептар дитина доцийла, лелош дуьйла – декъа дIа кIезиг хьйизабо нах цуьнца доьзна. Цхьаберш хьийзабо, амма дукхахберш ца хьебо", – боху Магомедовс.
"Вон" маьждиг
Адвоката Магомедов Мурад дийцарехь, стаг профилактикан тептара ваккха тоаме ду ХIинжа-ГIаларчу инарла Омаровн урамерчу маьждиге вахар.
"Оцу маьждигна уллехь даьхна суьрташ духьал а детташ, нах полице бигина меттигаш хаьа суна", – билгалдоккху адвоката.
Салафийа хила дихкина дац, амма и кхетам шеца лелориг террорист а, эстремист а лору ницкъхоша
Цо бохург бакъдо Магомедов Шемала а: дукха хьолехь тептара язбо ХIинжа-ГIаларчу "Тангъим" маьждиге лела нах, салафийа хилар низамо экстремизм лоруш яцахь а.
"Конституцин принципаш кIоршаме хьоьхуш го вайна дахарехь: салафийа хила дихкина дац, амма и кхетам шеца лелориг террорист а, эстремист а лору ницкъхоша. Маьждиге леларш, экстремисташ а лоруш, профилактикан тептара бохуш хиларе терра, цхьацца кхечу бахьанашца а язбало бахархой оццу тептара", – элира Магомедов Шемала.
"ГIоьртина хьал лаьтта меттигаш" программин куьйгалхо Орлов Олег а ву тешна пройилактикан тептара маьждиге лела "кхераме нах" хилла ца Iа бохучух.
"Кеп-кепара бахархой кхача тарло тептара. Масала, маж лелорна я мекхаш доцуш леларна, тIемалой бу бохучу нехан гергара хилар, я полисхочуьнца цхьа пайдабоцчу хIуманна тIехь довъэккхар, я цхьамма харц мотт бар. Профилактикан тептара нисбелла меттигаш ю официалехь терроризм, экстремизм емал еш болу нах", – боху бакъонашларъярхочо.
Тептара язбинчех цхьа наггахь бен вац зулам цкъа мацца а дина хилла, элира Орловс. Амма, цо тоьшалла дарца, хала ду профилактикан тептар лелор къийсамехь латто, цу тIе язбинчех цхьаболу нах шайн нийсо толо кхоьруш хилча, ницкъхоша лелочу харцонна: кхелашка а буьйлуш, дуьхьалоеш ца хилча.
Адвоката Магомедов Шамала элира, 2016 шарахь тIеэцначу "Зуламаш дарна дуьхьал Оьрсийчоьнан Федерацехь профилактикан система латторан хьокъехь" низамца а догIуш. Цо магадо профилактикан тептар лело, амма нах буьззина кхето беза, царна дIахаийта деза, стенна еш ю профилактика, бовзийта беза духьалбоху бехкаш, бакъо йита еза резавоцчунна кхеле вала, арздан.
"Гарехь, ницкъхошна ца тов низам ша-мадарра, ца деза шайна луъург дойтуш дацар. Цундела къера дуйнаш буу, профилактикан тептар дац бохуш – иштта атта ду", – боху Магомедов Шемала.
***
2020 шарахь конфликташ зеран, царна дуьхьалояран центро хаам баржийра Къилбаседа Кавказехь тIемалошлахь леллачийн доьзалшна адаптаци ян езаш хиларх лаьцна. "Хиндолуче – маьрша гIулч?" бара хаам. Дагестанерчу, Нохчийчуьрчу, ГIалгIайчуьрчу 40 зудчуьнца йина интервью яра цуьнан бухехь. Цара дийцарехь, бераш а цхьана хIиттадо профилактикан тептара.
Хьалхо дов даьржира Дагестанехь: ХIинжа-ГIаларчу школийн дешархошна хIиттийна социалан паспорташ карийра, цу тIерачу хеттаршлахь могIа бара беро "хьиджаб лелайой?" аьлла. Хьехархоша бахарехь, кхиазхошна тIехьожучу инспекцино язбайтинера цаьрга иза.