ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бексултанов Муса. Ас собар дийр ду


Бексултанов Муса. Дийцар. Ас собар дийр ду

– Зудабераш!– тIох-тIох-тIох! – со неI туоха ца кхуьура:

– Дац бепиг! – комната чуьра шийла мохь сан лере кхочуш.

Массехазза хуьлура иштта оцу цхьана буса:

– Маса сахьт даьлла хаьий хьуна!? Сахьт доллуш доллу хьуна буьйсана! – барт бича санна, массара а, буьйсана даьлла сахьт а дуьйцуш.

ЧIагIонаш мел йинера хIоразза а, хIора буса еш, кхана-м, Дала мукълахь, Iуьйрре эца а эцна, булка бепиг дIа-м юьллур ю хьуна ас занятешка вахале, олуш, суо сайна оьгIаз а оьхуш.

Сахилча юха дицлора-кх, юкъарчуIойлин столови чохь, ткъе пхийтта кепеках – дависа, ма хан а хиллера! – цхьа котлет, картолан пюрей, ши цастар бепиг, какаон стакий хьайн дегIах дIа а тоьхна, поп а бухабоккхур бар-кх ас хIинца, аьлла, хиэташ, хьо гIантара хьалагIаьттича.

Кхин синкъерам университетехь а ма бацара – дешарца боху ас, вуьштта, зудабераш -м шортта дарий-ц, Париже подиуме даха кечделча санна, цхьаъ кхечух ешаш а йоцуш, со ца гучуьн ши бIаьрг болийла , аьлча санна, сетташ хьийзаш.

Тхан групперчу ткъе пхиъ стагах, Iаьнан сесси дIаяьлча – факультет филологически яра тхан, – ворхI стаг дIаваьккхира, пхи йоI, ши кIант, цхьа Дела орца тоьлла, со виса а вуьсуш.

Оьрсийн меттан хIора а урокехь, хьехархочо Опришко Анна Семеновнас:

– Адамов, ты дальше первой сессии учиться не будешь,– «кхаъ» боккхура соьга, соьга санна кхечаьрга а; цуьнан буйнахь оха ши де хьалха язйина диктанташ хуьлура, цIечу шекъанца къарзийна гуш.

– Хорошо, Анна Семеновна, спасибо вам, что не забываете меня предупреждать, – олура ас, вела а лой, кийрахь зу ехкаш санна, лазар а хьодуш.

Сан-м велча а бехк бацара, лазар хьаьдда а ца Iаш – соьга хьоьжуш жа дара лам чохь, тхан дас Iедална къайлаха лелош болу ялх-ворхI бIе уьстагI, пхеалгIачу классе хьалаваьлча дуьйна схьа хIора а аьхка ас дажош хилла жа, бал а, туьрк а, комар а я цIазам а ца гуш цу ехачу аьхкано.

ХIаъ, жа дара соьга хьоьжуш, мостагI санна, кIелахевшина, Сирратан тIай хилла дуьхьал баьлла и гIазкхийн мотт а болуш.

Оха бархI- исс стага – арифметика тетрадан йиъ агIо йолчу кехата тIехь ткъе пхиъ-ткье иттанна тIера кхузткъе итт, девзткъа а гIалат доккхура диктантана.

Сан уггар а дукха гIалаташ ткъе исс дара, дуьххьара язйинчу диктантана, цул тIаьхьа юха, сесси тIекхочуш, зачетана язйинчу диктантана ялх гIалат бен а доцуш.

Со суо сайх цецвелира, сайна хезначух ца тешаш.

Анна Семеновнас, урокана чоьхьайоллушехь, буйнахь тхан зачетни диктанташ а лестош, гуттар а санна:

– Адамов, – аьлла, сайн памили ма-яьккхи:

– Хорошо, понял… все, дальше не учусь, – элира ас, айса даима еш хилла забаръян а ца хIуттуш – сан бIаьрса кхоьлинера.

– Нет- нет, Адамов, ты получаешь механический зачет, у тебя всего шесть ошибок, это успех, – елаелира хьехархо, – я тебя поздравляю, – олуш.

Со ца тийшира.

Со Iадийча санна висира, вела веза я велха веза а ца хууш: кхетам бен, дегI дан а дацара сан оцу мIаьргонна – суна жа тIаьххьара гира цу дийнахь, цул тIаьхьа кхин цкъа а ца ган.

Жимма юхавоьрзуш аьлча, гIазкхийн меттан мел йолу правила – цкъа тасавалар а доцуш, – ерриш а дагахь дIаюьйцира ас, цара бохучу эха-эханах цхьа а тайпа кхетам а боцуш, диктантана гIалаташ – хьалхачул дукха ца хилахь, кхин кIезга а ца нислуш: суна мотт ца хаьара, гIазкхийн мотт.

ТIаккха, дог а даьттIа, и правилаш дIа а тесина, накъосташа язъечунна тIехьежа хIоьттира со, гIалаташ кхин а алссам а довлуш.

Юха со киншкаш еша волавелира, романаш, жимчохь дуьйна яздархо хила ойла йолуш хилла волу, цкъа хьалха спортсмен а хилла, – чемпион СССР по вольной борьбе, «Ленинан некъ» газета тIехь «паргIата охьатохарх латар» олура цу спортах.

Ас шина дийнахь мел йоккха а роман чекхйоккхура йоьший, ворхI-бархI бIе агIо йолу – сан цIа ваха йиш яцара, дIа а ваьккхина.

ЦIахь да вара, борз санна Iаш, уьстагIана ка туоха кечъелла борз санна, со лам чу хьалавадо.

Суна Бальзак тайра чIогIа, айса боьшучех, цунна тIаьххье Мопассан а везалуш, юха – Флобер а, къаьсттина цуьнан «Синхаамаш кхиор» цIе йолу роман.

Бакъдерг аьлча, ишколехь дуьйна со цецваьккхинарг – чIогIалла хилла а ца Iаш, авторан жималла а – «Вайн заманан турпалхо» роман яра, Лермонтов бохучу цу беро язйина йолу, Мэрига сан безам а боьдуш.

И роман ас ерриг а – буьйсанашкахь, студенташ дIабийшича, – юкъараIойлин «Красный уголок» олучу комната чохь сайн куьйга юхаязйира, правилех гIуллакх ца хилча, бIаьрсица мукъна а гIазкхийн меттан и дешнаш сайн иэсехь сацо гIерташ.

Цу дийнахь, зачетана диктант йолаеллачу дийнахь, массо а водуш йолчу хьалхарчу парти тIе, Анна Семеновнина дуьххьала охьахиира со, цо олу хIора а дош схьалаца дагахь, сацо, уьссаза сайн кхетамехь литта, «Во что бы то ни стало» боху ялх дош дагахь а доьшуш, дIаяханчу диктантана шиъ хIоттор бахьана и дешнаш хилла дела – ас царех кхо дош динера, ялх хила дезачохь.

Суна зачет механически кхайкхийра ши де даьлча, ялх бен гIалат а доцуш.

Иза бакъ а дара, ца тешшала харц а долуш: сан сица маршонан мукъам бийкира цу дийнахь – Хилдехьарчу, ТIерлойн, БIовларчу, Нашхойн лаьмнийн Iодика еш, Iуьнан гIаж дIа а кхоьссина.

Амма, маржа, цу лаьмнаша, цу жаша, цу Iуьнан гIожо, ас айса-сайца кхехьначу цу цхьалхачу аьхкенаша, со дас жехь валларо а делла хилла хиллера-кх дерриг а суна, я тахханалц диснарг а соьца – со суо сайх тера висар, сайн амалца, ойланца а.

Хастам-кх хьуна сан да, суна да хилла ца Iаш, сан мостагI а, доттагI а хилла!

Со хIетахь кхийтира, муьлхха а цхьамма дина хIума – шех тешшала лаам а болуш, кхин стаг дIагIоьртича, – хьаьнгга а иштта далур дуйла.

Со яздан волавелира, спорт карла а яьккхина, ишколехь волуш дуьйна схьа, къуьнан къола санна, айса къайлахь лечкъийнарг гучудоккхуш, сайна безачу яздархошца къовсавала болчу лаамца – толам баккхар ца хилахь, церан могIаре хIотта мукъна а.

Со нехан романаш тIехь воьлхура, дIайоьдучу нанна тIаьхьа доьлху бер санна, дуьххьара санна уьш кхин цкъа а эшалург цахиларх йолчу гIайгIанна воьлхуш, церан инзаречу говзаллина – ирс шозза хуьлуш ца хиллера, цхьана меттахь цкъа хилла ирс, циггахь кхин шозлагIа – цкъа а!

Со иштта – карийна а далале – ирсах туьлуш къежвелира, Хемингуэйца, Бунинца, Айтматовца, Хименесца, Кнут Гамсунца, Мачадоца къаьсташ, кхиниш лоьхуш, вуьйш кегош, Дэвид Селинджеран «Над пропастью во ржи» повестах воккхавеш, Трумэн Капотен «Завтрак у Тиффани» а.

Со хийлазза аравоккхура лекцешкара, киншка йоьшуш гучу а волий, цкъа цхьана экзаменехь – история философии – Юрий Казаковца зовкх хьоьгучохь, хьехархочо шиъ а хIоттош.

Юха кхозлагIчу курсехь, бIаьста, охьатохарх латарехь Республикин чемпион а хIоьттина – газета тIехь дара сан сурт, – лекцина тIаьхьа вуьсуш – чуван мегий? – неI а тоьхна, со чоьхьаваьлча:

– А кто посмеет вас не пустить, вы же у нас чемпион! – лектора аьлча, цецъяьлла сайга хьаьжначу йоьIан боккха ши бIаьрг лезира-кх сан, пурх ши-кхо сиз хьаьддачу цуьнан логах са а хьаьгаш…

Ми, хьол деза хIума дацар-кх сан, къинтIераялахь суна, хьайца массо а къинтIера йоккхуш, сан лезнарш, безнарш сан, Iодика йоцуш биснарш а сох – хIара дуьне эшо гIаьттинчу суна цхьа хIума ма ца гуора, яздархошца йолу яхь бен, сайн цаьрца болу къовсам а…

Со ийшира, дуьне сол туола а тулуш, шу а дайра сан шерашкахь – сох гений а ца хилира, Лермонтов а, Китс а я Рембо а санна – шайн шерашца уьш санна, – со царел къанвелира, ткъе итт шарал тIех а волуш.

Амма ас яз-м йора хIетте а, цкъа мацца а, мацца а бохуш, сайн сих дог ца кхарддал, дош дашах летош, дош делхош, чехош, сибрехула ваьлла лелачу цу бархI-исс шарахь, наха ахча гулочохь, киншкаш бен, кхин ирс а доцуш, уьш ийеш, гулъеш, посылкашца цIа туьйсуш, цаьрца бен синкъерам я воккхавер а ца хаалуш.

– Нана яла хьан, – олура нанас, со Iай цIавеъча – посылка еъна, аьлла, почте а яхана, даш санна еза яшка а йохьуш, чуеъча, ма вон дог хуьлур-кх сан… воккха маца хир ву-те хьо! – олий.

Суна сайн гIаланаш дагаоьхура, и библиотекаш а, и туьканаш а, «Книги» аьлла, лакха яздина хилла йолу.

Новосибирск, маржа, ма гуьйре юлур-кх цигахь, кIайн декхнаш цIарах догуш, цIеран вай даьлча санна, цIеран заза кIайчу декхнех…

Кызылехь, гIала хадош, дезза кирчина Енисей; Барнаул а, хийлаза летта. Хакасин мехаш а шийла…

Йочана санна, таьIна Рубцовск, юха Новокузнецк а, и мотель а цигахь хилла, милицех летар а сайн, тIаккха цигарчу Iедалх ведда, кхойтта сахьтехь электричкица цаевзачу гIала кхачар а…

Ма дукха дара-кх, дукхе-дукха, ас ийдина и некъаш, дуьне довза, адамаш ган, сайн амал зен хьаьдда, и гIаланаш а сан букъатIехьа, кеманаш а сан, цIерпоштанаш а, даима а соьца хилла киншкаш а, кемана чохь а, лаьттахь а цхьаьна, хьеша цIа чохь а, новкъахь а, ши эзар ца кхочуш ас гулъеш, Iалашйина, гIазкхин салтичо, цIе тосуш, ягийна хилла, сан цIенош бухадохуш, лелхийтина, дохийна, арахула дIасакхийсина догIанехь ешна киншкаш сан, чим бисина йозанаш… деган мукъам а гIийла гIайгIане, сайн аьттачу хIусаме кхаьчча, ягийна Iохку киншкаш а гуш, – хиларо Iехорах, къастарна доьлхучу деган, шен докъа тIехь доьлхуш санна…

Соьлжа-гIалахь ваха сецначу пхийтта шарахь – ши эзар шо дузале, – кхо хIусам йохийра-кх сан гIазкхиша, Россин пачхьалкхан «доблестни» салтиша…

Ма ца еза-кх суна харцо, тIамо йохьу къизалла а, Iовдалчуьн сонталла санна, хьарамчу рицкъан Iесалла а.

Шерашкахь – бакъду-кх иза! – шолгIа тIом дIабаьлча а и сайн цIа гIенах гуш, кабинет а, кресло а сайн, пен дIалаьцна хилла киншкаш а… со дахарх гIан хеташ – гучу гIенах – дахар, – самаоьккхура-кх, цIа доьхна ца хилла-кх сан, гIан хилла-кх гинарг, моьттуш, ши бIаьрг схьабелларцанна бакъдолчо Iада а веш…

Абаде ма ца елла Дала стагана, пхийтта шера чохь кхаа цIийнах вала, цхьана цIийнах ца хотталуш а ма воьрзу стаг лаьттара коша… художникана даймохк шен биъ пен ма бу – ша ойлайо меттиг, шен стол, гIант, къолам а шен, цIийнан кор а, цу корах гушдолу сурт даймехкан сибат а долуш.

Суна ваха бен ца лиънера, яздархьама ваха бен…

Сан неIалт массарна а, сан махка цIий Iанийначарна, сан махка харцо йохьуш, со харцонца гIелвинчарна неIалт сан!

Доьхначу цIенна хьалха йисинчу аххаьрцинчу кухни чохь, къовлуш неI, тIечIагIдеш ков а доцуш, корах киленка а тоьхна – вехь, вер бен, кхин хIумма а хир дуй! – стоьла тIе чIурам хIоттош, со яздан охьахиъча деара-кх сан дегIачу са, ша дерриг а дуьне цу буса сан даг чу схьа, сан доьхна цIа а соьца цу буса, сан киншкаш а, кресло а мокха….

Ма ирс дара-кх, дуьне кхин цалерар, хьо хьуо хьайн дуьне хилар, хьан къолам-кехат хьоьца, шерашкахь байна синтем – дайна кIеза санна, къийлалуш, эхьхеташ, ийзалуш, – меллаша юха цIаберзар а, хьан сица уьйш, дагца товш…

Я кIезиг- дукха ас язъечу кху шовзткъа шеран заманахь, айсса сайн дог тедалла говзанча ца хилира-кх сох, сайна хила лиъна, сатийсина, тIом хьебина яздархо: дIахилал, Хьенех, олуш, Толстойна я Фолкнерана улло дIахIотталла, Чеховца забарш а еш, цуьнан «Баьллийн беш» юьйцуш, Бунинца – «Натали» а.

ХIетте а цхьа сатийсам, цхьа къайллаха кхобу ойла, маржа, цхьаъ, цхьаъ мукъна а, цхьа дийцар хилла а: «Во сне ты горько плакал» Казаковн, «Уроки французского» Распутинан, «Снега Килиманджаро» Хэмингуэйн – цаьрца нийсса цхьа дийцар дац-те сан шовзткъа шарахь ас хьекхначу къоламех, боху, сатийсам биснехь хьоьца, оццул йолчу заманахь – шовзткъа шарахь къахьегча а – хьайх тешам хьоьца биснехь, жимма сатийса йиш ю-кх хьан: «Со а хилла-кх», – ала хьайга цкъа, Стокгольме курра дIа а хьаьжна.

Амма, делахь а, Габриэль Гарсиа Маркеса – Колумбин яздархочо,– ша кхалхале шераш хьалха, Нобелан комитета шен преми номенант вала кхо шо дисича бен ца ло, аьлла, яздинера – яздархочуьн кхузткъе вуьрхIитта шо кхаччалц, дезткъе шо кхаьчча, лауреат велла а хуьлу, олуш.

Ас собар дийр ду – сан кхузткъе кхоъ бен дац, кхин дейтта шо ду сан тIаьхьа…

Бексултанов, Муса Эльмурзаевич (1954 шеран 1 июль) — нохчийн яздархо а, прозаик а вина 1954-чу шарахь, товбеца-беттан 1-чу дийнахь Казахийн СССР-н Мендырискан кIоштахь. 1979-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологийн факултет. Иза ву Нохчийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а (1992-чу шарахь дуьйна) ) яздархойн бертан декъашхо, 2005 шарахь «Литература» совгIат къовсарехь «Дашо бухӀа» совгӀатан лауреат, Нохчийн Республикан Халкъан яздархо (2005 шо).Тахана болхбеш ву "СтелаIад" берийн журналехь коьрта редактор.

КХИН А
XS
SM
MD
LG