ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элпаш а ду, адамаш санна, балехь


Нохчийн абатан вариант
Нохчийн абатан вариант

Оьрсийчуьрчу а, цунах дΙа а къаьстина, шайн пачхьалкхашкахь дехачу къаьмнийн а гΙайгΙа хилла лаьтта ненан меттанаш оьрсийн матто бечу тΙеΙаткъамах мукъадахар. Кху деношкахь Минскера метрон социйлаш беларусаша цхьа зама хьалха лелийначу латиницаца билгалъяха йолоро оьгΙазбахийтина массо а меттанаш кириллицан буха тΙехь бен лела а ца деза аьлла хета оьрсий. Масала, гΙезалой а, нохчий а гΙиртира шайн меттанашна буха яло латиницан графика. Амма Москох резаяцарна битина цара и лехамаш.



...Хьаштдоцурш дийцича набахти чубухкучу нахана санна, элпашна а до Ιедало дехкарш, дΙайоккху цаьргара лела бакъо.

Минскера метро тΙедогΙучу шарахь хинйолчу дуьненан хоккейн чемпионатна кечъеш, Беларусин метрополитено цхьа зама хьалха беларусийн маттаца леллачу латинийн элпашца билгалъяхна лаьтта бухарчу цΙерпоштийн социйлаш. Дуьненан массо а маьΙΙера богΙун болчу хьешийн аьттонна деш ду иза – кириллица ма яций массарна а евзаш.

Хиламо ир-карахΙиттийна кириллица латиницах хийцар ца тайнарш. Кхеташ ду, резабоцурш оьрсий бу.

Беларусехь бухарниг а, оьрсийн а меттанаш ларало пачхьалкхан, харцо ю хΙинццалц оьрсийн маттахь лелла социйлийн цΙерш беларусийн латиницаца билгалъяхар, бохуш ду оьрсийн газеташа шаьш ниционализмехь бехке бечу белорусашка доху бехкаш.

Оьрсийн графиканий, аьлча а, кириллицаний, латиницаний юкъара тΙом цкъа гΙоттуш, тΙаккха буьжуш лаьтта кху заманахь гΙезалошлахь. Лаьтта иза нохчийн маттаца а. ДΙадахначу бΙешеран 30-гΙачу шерашкахь латинийн графикаца яздина жайнеш да а тосуш, лела меттанаш кΙел а буьтуш, тΙейиллина Оьрсийчуьрчу массо а меттанашна кириллица.

Бен-башха ца хила а магара иза, нагахь санна кириллицано меттанашна дешнаш хазаран кепаш латтош, юьтуш хилча. Амма иза доцуш ду.

Масална аьр вай, цхьа дош –«догΙа». И дΙаяздина доьшуш кхетадало неΙарх туху догΙа санна а, стиглара хьерса ло я догΙа охьадар гойту хандош санна а – "догΙа догΙу". Латиницехь къасталуш хилла вовшашца и кхуьй а дош яздаран кеп, амма цхьаъ ю иза кириллицехь .

Нохчийн меттан графиках лаьцна, кириллицанний, латиницанний башхаллаш хьехийра Маршо Радионо, ненан маттах дог а лозуш, иза безаш а, баржош а къахьогуш схьавогΙучу журналистца, яздархочуьнца, Нохчийчоьнан академин нохчийн литературан секторехь Ιилманан белхахо а, «Орга» тептаран редакторан гΙовс а волчу Бурчаев Хьалимца. Шина графикан хьокъехь цунна хетарг хΙара ду.

Бурчаев: «1930-гΙа шераш тΙекхачале арайийлинчу кинжканашна тΙехьоьжуш а гуш ду иза, лелон атта латиница ю. Шалха элпаш а ца лелош, цхьана хьаьркаца аьзнаш билгалдаьхча дика хир дара. Лахарчу классашкарчу берашна хала хуьлу шалха элпаш «кх», «къ», уьш санна долу кхидерш.

Карарчу хенахь берриг а Ιилманан белхаш, программаш, исбаьхьаллин литература – дерриг нохчийн йоза юхаяздан деза. Ткъа юха а яздеш, цу тΙехь къахьега хΙокху сохьтехь башха дог-ойла йолуш, садогуш стагга а вац. Бакъду, нохчийн мотт биса а, баха а доьгΙна делахь, вайна латиницал бΙегΙийла графика яц».

Нохчийн латиница
Нохчийн латиница
Шен лаам лела баьлча, ша хΙун дийр дара ненан мотт нохчашлахь чΙагΙбеш а дийцира Бурчаев Хьалима.

Бурчаев: «Ас уггаре хьалха хΙун дийр дара аьлча, мотт хьоьхучу хьехархошна алапа лакхадоккхур дара. ШозлагΙа – нохчийн мотт, йоза хууш хуьлуьйтур вара ас вайн нохчийн массо а куьйгалхо. КхозлагΙа – нохчийн маттахь дуьнентΙехь а цхьаъ бен доцу газета «Даймохк» (хьалха «Ленинан некъ» дара иза), «Орга», «СтелаΙад» тептарш хΙора хΙусаме кхочуьйтур дара ас.

ХΙунда аьлча, цкъа уьш ца дешахь а, цхьа сурт хазлойла, кхечу дийнахь дош хазлойла, хΙора дийнахь хьалхадахка долийча, цхьана, тΙаккха кхечу материале безам а боьдуш, нах маттана тΙахьа а кхуьуш, болх дΙагΙур бара.

Ас уггаре хьалха кегий берашна Ιамор бара мотт. Иза хала хΙума а дац. Ас школехь болх бечу хенахь, классашка дохьий, доькъура берашна «СтелаΙад». Валлай-биллай, оьрсийн, гΙумкийн бераша а тΙехь деша-м дешара, байташ а Ιамайора. Иштта дΙабора-кх болх».

Вайх хΙора а санна ву тахана компьютерна герга, шен ненан мотт безачо, и лелабечо хийлаза а пΙелгаш детта клавиатурах нохчийн йоза кепатухуш. Вайлахь лелачу кириллицехь ах гергга аьзнаш ду шина хьаьркаца ца яздича ца довлуш. Уггаре балениг ду, масала, «Ι» элп йозанехь тохар. Цкъа клавиатура латинан регистр тΙе яккха еза, тΙаккха иза даккхий элпаш схьалучу Caps Lock тΙехΙоттон еза, тΙаккха латинин «Ι» тоха деза – цунах бен ца хуьлу нохчийн «Ι». Дукхахболучу нохчаша ненан мотт язбеш оцу элпан меттана 1 –терахь дуьллу шайн йозане.

Стенна оьшу оццул бала хьега? Атта дацара вайна а дуьнено информацин гΙирсашка яржийна лелачу латиницах вайн матто пайда оьцуш хилча. Дара хьанора. Амма иза а йоккха политика ю Оьрсийчохь. Бакъо яц нохчийн шайн мотт кириллицех баккха – Москох могуьтуш дац иза.

Кханене вешан меттан аьттонаш а бохкуш, вай дакъаза боккху гергабалабо чаккхенна. Оцу хьокъехь дела денна а велха везаш вара ненан маттана тΙехΙоьттина кхерам мел боккха бу кхетош волу хΙора а нохчо. Амма ледара хаало-кх и тайпа тийжамаш...
XS
SM
MD
LG