ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берийн бешахь "Коьртачух къамелаш" урок дӀайахьа йолийна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчуьра берийн бошмашкахь "Коьртачух къамелаш" аьлла патриотикан урокаш дIайахьа йолийна, йаздо Свобода Радион оьрсийн сервисо. ТIаьххьарчу кIиранах Оьрсийчоьнан тайп-тайпанчу регионашкарчу берийн бошмашкахь 100 сов урокаш хиларх лаьцна хьесап дина 7x7 зорбанан гIирсо.

Иштта урокехь берашна довзуьйту "ламастан мехаллех" а, Украинина дуьхьал хиллачу тIамах а лаьцна. Цуьнца цхьаьна, журналисташа дийцарехь, дукхахйолу урокаш политикаца а, тӀамаца а йоьзна йацара, коьртачу декъана Ден денна а, Бепиган денна а лерина йара.

Свердловскан кIоштахь Богданович гӀалахь уроке кхайкхина хилла тӀеман декъашхо, ткъа Курскехь ОвхIанистанан ветерано берашна хьалха "лерринчу тIеман операцих" (ишта олу Оьрсийчохь Украинера тIамах) лаьцна байташ йийшира.

ГIадужу-бутт болалуш Путин Владимирна хьийхира "Шеран хьехархо" конкурсехь финале йаьллачу цхьаммо, и тайпа урокаш пхи шо кхаьчначу берашна берийн бошмашкахь дIайахьа. Путин тIетайра оцу йуьхьарлаьцначу гIуллакхна.

  • ТIаьххьарчу хенахь Оьрсийчоьнан Ӏедалша хаъал чӀагӀйина берашна а, кхиазхошна а йукъахь идеологин пропагандин роль. Стохка гезгмашан-баттахь дуьйна школашкахь дӀахьош йу "Коьртачух къамелаш" цӀе йолу урокаш, цигахь дешархошна, къаьсттина дуьйцу Украинца тӀом мел мехала бу а, Малхбузена дуьхьал латтар а. Официалехь Ӏедалша дӀахьедо, и урок "ламастан синмехаллаш чӀагӀъйарна" а, Оьрсийчоьнан школашкахь дешархошна йукъахь "патриотизм кхиорна" а лерина йу аьлла. Путин Владимира дийцарехь, "мехала хӀуманаш дийцаран" уроках тIаьхьлонна "дика жамӀ хуьлу".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG