ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бертахой лохуш ву": президентан векалан Чайкa Юрийн кIентан го Нохчийчохь бизнес йолош бу


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан Гуьмсехь ву, 2023-чу шеран дечкен-бутт
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан Гуьмсехь ву, 2023-чу шеран дечкен-бутт

Охан-беттан 30-хь Гуьмсерчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" керлачу "РУС Bespoke" тоьпан гайтам дIабаьхьира - "университетан" цIе а, Оьрсийчохь иччархойн тоьпаш йечу Bespoke Gun компанин цIе а цхьаьнатухуш тиллина цунна и цIе. ТIаьххьарниг бизнесахочун Чайка Артеман долахь хилла йу - Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамчин, Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказехь волчу векалан Чайка Юрийн кIентан.

Машанашкахь дIахIоттийначу суьрте хьаьжча, гуш дара, америкахойн набахтера арахецна "герзан барон" Бут Виктор а цу гайтамехь хилар. Дохка бакъо йоццушехь, герз дохка гIортарна ("Колумбин революцин тIеман ницкъаш" гIаттамхойн тобанна цхьаьна) Нью- Йоркерчу кхело 25 шо чохь йаккха хан тоьхна, латтош вара иза. Амма 14 шо даьллачул тIаьхьа, иза хийцира америкахойн баскетболахочуьнца Грайнер Бритница. ЦIа ма вирззинехь, Оьрсийчоьно Украинехь лелайо агресси къобалйеш, дIахьедар дира цо, йуха ЛДПР-парти йуккъе вахара.

Керла топ хестош, Кадыровс шен телеграм-каналехь йаздира:" "РУС BespokeGun" 6.5 PRC-калибр йолу иччархойн топ йу тахана соьга кхаьчнарг... Даггара баркалла олу аса Кужель Владиславна а, Вайханов Байбетарна ("РУС" клубан куьйгалхо, Кадыровн гIоьнча. - ред. билг.)

Хьалха хилла белхан накъостий

ООО "Московская оружейная компания" – юридикан цIе йу Bespoke Gun йинарг а, куьйгалхо волу - Кужель Владислав – а веанера Кадыров Рамзан волче. Официалерчу дIахьедаршца, 2021-чу шарахь (стохкалера жамIаш хIинца а довзийтина дац) цуьнан активаш 270 млн йара, хуьлу пайда - 72 млн сом.

Чайка Артеман белхан накъост хилла ву бизнесахо - стохкалерчу гIадужу-баттахь дуьйна Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамча волчу. Цхьана шарахь гергга Кужель аьчкийн операторан ООО "Модум Трансан" куьйгалхо лаьттира. Цуьнан акционер жимахволу Чайка волуш. 2019-чу шарахь, гIуран-беттан 19-хь иза цу гIуллакхна йуккъера аравелира, гIуран-беттан 20-хь Чайка Артема а, цуьнан бизнес- накъосто Самусев Александра а компанера шайн 20% акцеш дIайоьхкира, Кужель Владислава а йоьхкира шена йогIу 5%.

Эксперташа цу йохка-эцаран мах 2,5-3 млрд соьмаца хадийра. Цу хиламах болчу хаамашкахь Кужель Оьрсийчоьнан экс-генпрокуроран кIентан партнер санна билгалваьккхина ву.

Царна оьшуш берш шайга Iуналла далун болу, амма хийра нах бу

Карарчу хенахь Кужель Владислава йина ларалуш пхи компани йу. Навальный Алексейн коррупцица къийсам латточу фондан талламаша дийцарехь, цу регионехь коррупцин кепаца кехаташ кечдина, Воробьевскера туьха доккхийла эцна Чайка Артема. Циггахь болх беш йу гIум а, шератIулг а а, шогатIулг а латтошйолу ООО "Сибирский элемент-Рента-К".

Тешамечу нахах хIиттийна и тайпа гонаш Оьрсийчуьрчу дуккхачу хьаькамийн хуьлу. Царна тIейазйо цара шайн компанеш, гIишлош, дийцира Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь Москвахь болх бечу бизнес-аналитико. Оьрсийчоьнан низамашкара репрессех кхоьруш, шен цIе йовзийта ца лиира цунна.

"Наггахь уьш цхьа "зиц - куьйгалхой" хуьлу, компанеш йинарш санна дIайазбина а, цу балхах алапа оьцуш болуш, наггахь - боккъал болу бизнесахой, шайн гIуллакхна санна кхечеран гIуллакхна Iуналла деш. Йерриге активаш шайн гергарчеран цIарах лелон ца баьхьа ницкъахой а, хьаькамаш а. Царех дерг талларна, довзарна кхоьруш. Цу Iалашонашна царна оьшурш хийра, амма шайга дола далун болу нах бу", - боху эксперто.

Нохчийчохь а изза кеп лелорах йаздира "Новая Газета" гIирсо: кехаташа бахарехь, тайп-тайпана активаш а, Кадыров Рамзанан, цуьнан накъостийн гIаланаш тIехь йолу латтанаш а цабевзачу бизнесахойн, менеджерийн йу аьлла дIайазйина йу. Царлахь бу Гудаев Юсуп, АльвиевгIар Мовсади, Халид, Хожбауди, Эдильгириев Бай-Iела. Амма цу бIенашкахь миллионаш лелочу совдегарийн биографеш йац, суьрташ а дац цхьанххьа.

Кадыровна оьшу доттагIий

Низамца цадогIуш кхузахь хIумма а дац. ХIунда аьлча, Чайка Артем, хууш ма-хиллара, йукъараллин хьелашца ву Кадыровн хьехамча. Ткъа Кужель карарчу хенахь цуьнца цхьанна кепара юридикан уьйр йолуш вац, - Кавказ.Реалии сайтан тидам тIеберзабо Transparency International Оьрсийчуьра декъан куьйгалхочо Шуманов Ильяс.

"Губернатораш Оьрсийчоьнан президентан куьйгаллехь бу. Цуьнан векалш федералан гонашкахь Iуналлин, зерийн белхаш дIахьош бу. Нохчийчоьнан бюджетера Чайка Артемана луш алапа дац. Делахь а, президентан векал волчу цуьнан ден Чайка Юрийн бала бу цу агIора долчуьнца, шен Iуналлехь йолчу республикехь шен кIант цхьа декхарш дIахьош хиларна",- билгалдоккху эксперто.

Цул совнах, Нохчийчохь низамийн лелар шатайпа ду. Кхечу регионашкахь санна дац. Цундела и санна долу инкотийн дов цхьамма тергал ца до, къамел кхин а дIа до Шумановс.

Путин дIаваьлча хинйолчу Оьрсийчохь шен статус ларйархьама, коллаборацина оьшу накъостий лохуш ву

Хиллачу генпрокуроран доьзалца белхан йукъаметтигаш регионан куьйгалхочунна стенна оьшу дийца даьккхича, къамелахочо олу: Украинехь тIом болабалар бахьанехь Оьрсийчуьра элитанаш тобанашка дIасайекъалуш йу. Кадыров Рамзан ницкъахошна гондхьа гулбеллачарна йуккъехь коьртачарех цхьаъ ву. Цига, цо дийцарехь, дIагулбелла Росгвардин куьйгалхо Золотов Виктор а, ЧВК "Вагнеран" куьйгалхо Пригожин Евгений а.

"Хетарехь, и тоба йуза цхьа онда цIе тIеоьшу. Хилла инарла прокурор, хIинца президентан векал, прокуратурерчу баккхийчу белхалошца йукъаметтигаш ларйинарг",- тIетуху Оьрсийчуьра Transparency International куьйгалхочо.

Цо бохучунна реза ву нохчийн юрист а, бакъонашларйархо а Янгулбаев Абубакар. Цо дийцарехь, Украинехь тIом боьдучу йукъанна Кадыров Рамзан кхетта, шен таделла хьал Путин шеца дика хилaрца доьзна хиллийла. Федералан тIегIанна тIехь Кадыровн доттагIий бац. Ткъа мостагIий, къаьсттина, ницкъахой, шортта бу, боху къамелахочо. Шеца йукъара бизнес лелон кийча болу накъостий лаха Кадыровн араваларан бахьана и ду.

"Москварчу кабинеташка кхаьчча, официалехь доцу цхьаьнакхетарашка вахча, массанхьа шен коллаборацина оьшу накъосташ лоьху цо. Путин дIаваьлча хинйолчу Оьрсийчохь а шен статус лелаш хилийтархьама. Кадыров а, кхин масех а хIара хьал ницкъаллин хорша доьрзург хиларах шек бу. Цундела цунна Росгвардин а, ЧВК тобанан накъосталла оьшу. Иштта оьшу цунна Чaйка санна волу воккха политик а",- хета Янгулбаевна.

Москвано тергал ца до иза

Законо инкотийн девнаш ма хилийта боху. Белхан гIуллакхаш шечарна дуьхьал хIиттош. Кадыровн телеграм-канал - официалера интернет-гIирс бац, цундела цигахь шена луъург гайта йиш йолуш ву иза, комментарий йо снайперан тоьпах болчу хаамна, коррупцица къийсарехь юрист волчу Машанов Григорийс.

Кадыровс мел лелочуьнга хьаьжча, хIара хIумма ма дац

"И герз дIаэхьар, Кадыровн Чайкица долчу гергарлоне хьаьжча, хаттарш доцуш ца дуьсу. Амма, ма-дарра аьлча, Кадыровс мел лелочуьнга хьаьжча, хIара хIумма а доцург ду. Коьрта прокуратин, президентан администрацин тидам тIехIотта безарг цо шен бераш, гергарниш Iедалан даржашка дIахIиттор дара. Амма иза Москвано тергалдеш дац",- дуьйцу спикеро Кавказ. Реалии сайте.

Республикерчу гIаттамах кхоьруш ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цу хиламо цуьнан цIе йожор йу, боху (ISW) тIом талларан Институто. Эксперташа дийцарехь, Гуьмсехь ши вахархо вуьйш хиллачу кхийссаршна Кадыровс дукха сиха реакци йаро гойту изa.

Оьрсийн спецназан университет", цуьнан кертахь даимна кечамаш беш Росгвардин ницкъахой а, ОМОН-н белхахой а боллушехь, цхьанна ницкъаллин министраллашца йоьзна йац. Кехаташца дуьстича, иза ша лелаш йолу коммерцехь йоцу цхьанатохаралла йу - "РУС" спортан клуб. И клуб Нохчийчоьнан дешаран министраллин лицензица болх беш йу.

Украинера тIом 2022-чу шеран чиллан-баттахь болабелчхьана "университетет" йерриг пачхьалкхехь йолахой кечбаран уггар боккха бух хилира. Дуьйцура, хIора кIирнахь университето тIамна 200 "лаамхой" шайх олурш кечбарх. 2022-чу шарахь "РУС" клубана "лаамерчу гIоьнан кепехь" 349 млн сом делла - шо хьалха деллачул пхоьазза дукха. Цхьаьнакхетаралло ахчанца бахьа пайда кхузза лакхабаьлла.

Навальный Алексейс йинчу коррупцица къуьйсучу Фондо 2015-чу шарахь, гIуран-беттан I-хь Чайка Юрийн бизнес-гуонах талламаш беш кино йаьккхира. Цуьнан воIарий Артем, Игорь йуккъелоцуш. Чайкас дIахьедира, и таллам цхьамма ахча делла байтина бу аьлла. 2016-чу шарахь Росреестро шен тептарехь экс-генпрокуроран берийн цIераш хийцира: Артеман цIе аббревиатурица ЛСДУЗ, Игоран- ЙФЯУ9. Церан бакъйолу цIераш реестрехь йуха магийра 2020-чу шарахь. 2017-чу шеран гIуран-баттахь Америкин Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь "Магнитскийн тептарна" тIейазвира Чайка Артем. Урхаллехь хета, пачхьалкхан контракташ нисйечохь шен ден даржах цо пайдаэцна аьлла. Шен конкуренташна тIеIаткъамаш бина аьлла а.

"Путинан гIашсалти" ву ша баьхна Кадыров Украинехь тIом болабелча, Пригожинна муьтIахь хилла, дIахIоьттира. Цу йуххехула украинхойн гIала Лиман дIахецарна, "Центр" эскаран буьйранча инарла Лапин Александр "ледара тIемло" ву аьлла, йемалвира. Пригожин резахилара Кадыров Рамзана цу хьокъехь аьллачунна. Амма ша Кремлехь тIе ма эцнехь, политик цIаьххьана тIеман министралла а, Генштаб а хестон волавелира. ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочуьнца дов даьлла кеп лелош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG