Гейш а, гомосексуалистийн ориентаци йу аьлла шеконаш йолу нах а Украинана дуьхьал болчу тӀаме хьежор долийна Нохчийчохь, хаам бо SK SOS кризисан тобано.
Бакъонашларъярхойн аьтто баьлла и тайпа мел кIезиг а ворхI гIуллакх тIечIагIдан. 2022-чу шеран гезгамашин-бутт болалуш ницкъахоша дӀалаьцнера гомосексуализм лелорна шеко йолуш йалх стаг. Бехктакхаман гӀуллакх дуьхьал доккхур ду, йа уьш хIун нах бу нахала доккхур ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш, цаьрга олуш хиллера йа тIамтIе гIо, йа цига ца вуьгург - мах охьабилла.
Кхаа стагана и мах – цхьа миллион ахмиллион сом- Iаламат дукха ахча хиллера, и дала аьтто цахиларна церан дезнера тIамтIе баха резахила. Царех цхьаъ цигахь вийна.
Кхин а виъ жимстаг лаьцнера масех зудабераца 2023-чу шарахь рейдаш дIахьош. ЙоьIарий церан гергарчаьрга дIабеллера, ткъа божарий тIамтIе хьовсийра, царах хилларг хууш дац.
- Украинехь буьззинчу барамехь тӀом болабеллачул тӀаьхьа Кадыровс кест-кеста хаамбора "шайн мохк ларбан гӀатта" кийча бу дуккха а нохчий бохуш. Амма дукха хан йалале республикерчу бахархошна тӀом бан ца лаарна критика йан волавелира. Регионан Ӏедалша шайн лаамехь тӀаме баха ца луучарна дуьхьал шога кампани йолийра: масала, Кадыровс омра дира мискачарна а, болх боцучарна а луш хилла пособеш дӀадаха, нагахь санна уьш ницкъаллийн структурашкахь гӀуллакх дан кийча бацахь.
- Нохчийн бахархой тӀаме хьийсон Iалашонца лечкъош хиларх гIараделира 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь дуьйна. Лачкъийначарна хьалха харжам буьллуш хилла: контрактна куьйгаш йаздар, йа билгалъяьккхина йоцу хан Нохчийчуьрчу "къайлахчу" набахтешкахь йаккха, шаьш дуьхьал даьхначу харц бехкашкахула олий.
- 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь ЯнгулбаевгӀеран виъ гергара стаг – церан ден ваша а, ден агӀор кхо ден вешин кӀант а – нуьцкъалла хьажийра Украинана дуьхьал бечу тӀаме. Иштта, оппозицин блогеран Халитов Хьасанан ваша а, Ичкерин политикан Закаев Ахьмадан вешин кӀант а.
- Нохчийчуьра бертаза тIаме хьийсабо наркотикаш лелон, йа къаьркъа молу нах а – Iедалхоша "йукъараллехь цIано йеш" ду шаьш элира цунах.
- Хьалхо Кадыров Рамзана куьг йаздира нах схьакъестон белхан тоба кхуллуш. Цу тобана декхар дара, Украинана дуьхьал тӀамехь дакъалаца эскархой схьахаржар. Цу йуккъе богIура кхелаша бехке бина нах а, карарчу хенахь талам беш болу нах а. ХӀинццалц Нохчийчохь тутмакхашна вербовка йарехь дехкарш дацара, хӀинца республикехь харц бехктакхаман гӀуллакхийн терахь алсамдала мега, чIагIдо Кавказ.Реалиица къамел динчу эксперташа.
- Къилбаседа Кавказехь, къаьсттина Нохчийчохь ЛГБТК-адамаш ду хьийзош, лечкъош, сийсаздеш, консервативан терапи лелош.