ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Сийна Кит» – Iаьржа Iожалла


Нохчийчу а, ГIалгIайчу а кхаьчна кхиазхойн къиза ловзар «Сийна Кит». Далош терахьаш дацахь а, наха дуккха дуьйцу беллачех я оцу новкъа бевллачех. Берашна тоъал шайца Iаьржа философи а йолуш, кхерамца уьш леца а лоьцуш, шаьш-шайн бойучу кхачабо социалан машанашкахула къайлахчу тобанийн лидерша.

12 шарера 16 шаре кхаччалц йолу хан ю даьржинчу, шайх ловзарш олучу боламца Iожаллин бохь буьйгIуш. Мехкаршна коьрте дуьллу лидерша, шу хаза а дац, кIентий шух ца беша, хиндерг къаьхьа ду шун, дита хIара харц дуьне, олий. Шу дена-нанна ца оьшу, массо а таронаш шул хьалха дIалецна, къен, миска дахар ду шуна кхача дуьсург, дуьйцу кIенташка.

"Сийначу китан" хьалхара гIулч яьккхина ларало пхенаш хедийча
"Сийначу китан" хьалхара гIулч яьккхина ларало пхенаш хедийча

​Иза юхьар а лоцуш, ловзаран бал болийнарш бIе эзарнашкахь бу Оьрсийчохь. Кхаьчна «Сийна Кит» Нохчийчу а, ГIалгIайчу а. Иза кхаьчнийла гуш ду массо а тайпа зIенашкахь – ватсапера, «Вконтакте», Инстраграме, Фейсбуке кхаччалц.

Нохчийчохь хилла къамел ду даьлла лелаш ватсапехула. КIанте зIе етта «Сийначу Китан» махкарчу лидеро. Къамело кхетадо кIант Iожаллин ловзаран гурашка воьдуш вуйла. 50 гIулч яккха еза цо ловзар дерза а дина, ша а леш. Амма юкъара валахь вен кхерам бу иза я цуьнан гергарниг, хоуьйту лидеро.

Лидер: Чекхдаккха деза долийнарг.

К1ант: 50 гIулч ца яьккхича, со юкъара ара ца волуьйту?

Лидер: Чекх ца даьккхича гIуллалкх хир дац.

К1ант: Чекхдаьлча, со лийр волуш ма ву!

Лидер: Iалашонаш чекхъяьхча хуур ду хьуна.

К1ант: Нохчо ма ву хьо, стенна бойу ахь нохчий?

Лидер: Ас цхьа а вуьйш вац, ловзар ду ишта. Со хIун дан деза дуьйцуш ву. Адамо ша-ша дуьйш дац?

К1ант: … Ас чекх ца яккхахь хIун хир ду?

Лидер: Чекхъяккхар гIоле ду хьуна, ца яккхахь хуур а ду.

Нохчийчоьнан дешаран департаментера ду аьлла даьржина кехат. «Терго елаш, дай-наной, машенашлелорхой! «Вада я ле!» аьлла ловзар ду моде даьлла. ТIекхоччуш йоьдучу машенна хьалхахула некъ хадор ю ловзучу беран Iалашо. И ловзар даьржина ерриг а Оьрсийчухула. ДIахаийта массарна а!» - боху кехато.

Лела даьллачу ловзаро тергоне баьхна цхьаболу дай-наной. Цара а лоьху аз даржийна машанашкарчу Iожаллин тобанан лидер. Амма оцу юкъанна болам бац сецна а. ХIинцца шен вешин бераша кхачийна шийла кхаъ буьйцуш ю ватсапехула зуда.

Аз: "Самаваккха со ламазна, «Сийна кит» бохуш, бегаш беш ву ши кIант. Вукхара цу сохьта шаьш ловзара юкъаязвина олу. Кхара шаьш бегаш бинера аьлча, шайна шун уллера гергарнаш муьлш бу хаьа, бекхам бийр бу боху. Иштта цу ловзара юкъа озон гIерташ бу-кх хIорш а».

Социалан машанера
Социалан машанера

ГIалгIаша а доху орца. Суьрташ, тексташ ю машанашкахула лелаш. Дуьйцу хIоккхахь, дIогахь бер делла, ша-шен пхенаш хедийна, бохуш.

Нохчийчохь ватсапехула кхераме ловзар лелочу лидерна тIаьхьадаьлла Iедал кху муьрехь. Нах теша, иза хIинцца лаьцна, Кадыров Рамзанна тIекхачор ву бохучух. Бакъду, Кадыровс ша а даьккхина орца мехкан телегойтийлехула. Иза Iалашбан гIерта кхерамечу ловзаре берзале къона нохчий.

Кадыровгара орца шен кара эцна, даржош ву кху деношкахь мехкан муфти а. Цо йовзуьйту нахана даьржинчу къизачу ловзарца шена гушйолу Iесалла.

Муха туьду махка «Сийна Кит» кхачар бахархоша, хIун дан догIу, иштаниг иккхича даима балакхочуш хуьлучу мехкан куьйгалло? И хаттар Маршо Радионо делира журналисте Лакаева Залинига.

Лакаева: «Цхьана а динца иза догIуш дац. Оццул дуьхьалонаш ешшехь, стенна даьржина иза аьлча, интернетах, машанех бозабелла бу тахана баккхийнаш а тIехь. Ши шо долу сан йишин йоI а ю-кх соьца телефон къуьйсуш! ТIаккха цу чуьра дерриг а схьаоьцу беро.

«Сийна кит» стенна яьржина? Тахана зама чехкаяьлла, да а, нана а рицкъ лоьхуш, хьадда-дедда хьийза, бер ша-шена дисина, оцу интернетехьа дирзина. Юкъарлонаш дац кегийчийн, шайн хеннаранаш карабо цу чохь, цара юкъа а ийзабо. Бераш хьуна юххехь хилча а, бIаьргашна хьалха хилча а, уьш хьоьца бац – виртуалан дахарехь бу.

Вовошашца гергарчийн контакт яцар ду моьтту суна дерриг а. ГIодина, кегийнаш машанашкара схьабаха беза, хетарехь. Демократи юьйцучохь дац, Мехкан куьйгалхоша ницкъаша и зулам сацоре сатесна ву кху муьрехь махкахь массо а. Ас берашна доьхкур дара, «фонарик» эриг йоцург, кхин телефон лело а».

Психологаш а бу даьржинчу кхераме ловзаро сингаттаме кхачийна. Цара боху, ша дуьззина адаман бакъонийн декъахь цахилар, дегара я ненера оьшшучул йовхо цатоар, кегийчийн могIаршлахь херо лан Iеткъар ду Iожаллин ловзаре бер дерзориг. Цара доьху воккхачуьнга, хьайн беран догъэца, тергое, йовхонца тIекIаде, ларде иза дуьне цунна къахьдаларх.

XS
SM
MD
LG