ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тешнабехк хилла Кадыровна


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, СаIудан Iаьрбийчоьнан эла бен ТIалал а Абу-Дабехь, 2016.
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, СаIудан Iаьрбийчоьнан эла бен ТIалал а Абу-Дабехь, 2016.

Нохчийчоьнна инвестицеш йийр ю баьхна СаIудийн паччахьан воI лаьцна

Баккхийчу хьаькамийн тоба хьаяр сема тергоне эцна СаIудан Iаьрбийчоьно. Лахьан-беттан 4-чохь иттаннаш махканна бевза нах лецна. Царалахь ву хьалхо Кадыров Рамзанан векалшка «Соьлж-ГIала-Джидда» кема а хьоьцур ду, Нохчийчоьнна ахчанца гIо а дийр ду баьхна дуьненна а вевза ал-Валид бен ТIалал ал-СаIуд а.

Верриг а паччахьна цатайнарг ву 11 цуьнан цIийнера стаг а, 4 министр а, иттаннаш лаккхарчу даржашкахь Iийна нах а. СаIудан Iаьрбийчохь цкъа а дац хилла иштаниг.

Официалехь хьаькамаш, беза нах лецар коррупцица доьзна - кхаьънаш эцар, нахера ахчанаш дахар, харцонца ахча банкашкахула доладерзор, Iедалан хьал шайн хьашташна дайар, иштта дIа кхин а.

Оццу ша, таьжгенаш лелорна бехке а бина, нах лоьцуьйтучу сарахь - кIеззиг хьалхо - кхоьллина СаIудан паччахьо Коррупцина дуьхьалояран Кхеташо. Цуьнан коьрте хIоттийна шен воI, шегара дарж дIаоьцунволу Мухьаммад бен Салман.

Бен Талалан миллиардашка кхача гIерташ бина некъ чекхбаьлла-те?

Журналисташа хиллачунна «деха уьрсийн буьйса» аьлла цIетиллина, 1934-чу шарахь Гитлера шена резабоцурш хIаллакбар дага а лоцуш. И буьйса тIехIотта ши де дуьсуш хилара бен ТIалалца СаIудан Iаьрбийчу вахначу Нохчийчоьнан премьер-министран Эдельгириев Абубакаран цхьаьнакхетар. Лаххара а церан кхоалгIа къамел дара иза инвестицийн хьокъехь.

Iаьрбийн Эмираташкахь стохка гурахь бен ТIалалца вовшахкхеттачу Кадыров Рамзана ша волчу Соьлжа-ГIала кхайкхира иза. Амма кхушара, ши бутт хьалха бен ца кхечира эла Нохчийчу.

Инвестицешка сатуьйсучара гайтира цунна коьртачу шахьарахь ян йолийначу "Ахмат-Тауэр" гIопан а, Гуьмсехь ечу Дуьненаюкъарчу низамхошна леринчу центран а макеташ. Жоп луш, реза ву ша инвестицешкахула а, гуманитаран декъехь а Нохчийчоьнца юкъарлонаш лелон, элира хIетахь бен ТIалала. Ткъа кIира гергга хьалха хиллачу къамелехь нохчийн премьеро а, цо а билгалъехира тидаме йоьжна проекташ.

Кадыровс хаамбира, агIонаша бартбина Нохчийчоь гуманитаран "Кингдом холдинг" программин декъаоза, аьлла. Иштта бен ТIалала шена тIеэцнера инвестицеш карон а – цунна тайнера «Ахмат-Тауэр» проект. Соьлж-ГIала, Джидда вовшахъюзуш кеманийн рейсаш а йолор ю ша "Flynas" авиакомпанин гIоьнца аьллера шен долахь цуьнан акцеш йолчу элано.

Барт кхочушбеш Нохчийчохь долийнера финансаш оьшучу школийн, дарбан хIусамийн терахь бен ТIалале дIакхачорхьама вовшахдетта. …Амма дерриг а доьхна хIинца: элин бахам гурашка лаьцна, шена цунна махкара аравала а доьхкуш. Кхеташ ду, хIиттийна Iалашонаш а йоьхна.

Сатийсам баккъал а лаккхара бара баккхийбечу Кадыровн гонан, цуьнан агIончийн. «Дела реза хуьлда СаIудан Iаьрбийчоьнна Нохчийн Республикана инвестицеш яларна», «дозалла до вайн Куьйгалхочух!!!», «гарехь, эрна ца хилла Рамзан Ахматовичан СаIудан Iаьрбийчоьнан хьалханчашца цхьаьнакхетар…», - яздора доггах резахиллачара.

Амма мел хьегна къа а, сатийсамаш а хедийна элин дас.

«Стенгара даьлла хьуна и дерриг а?»

Бен ТIалал лацар новкъадаьлла нохчийн куьйгаллана. Миллиардеран ахчано латточу компанешна а хир ду зенаш, аьлла го тергамчашна. Ден шогалло човхийначу элин долахь ю дуьненаюкъарчу Citigroup а, Banque Saudi Fransi а банкийн, Apple а, Twitter а компанийн акцеш.

Иза декъахь вара керла хаамаш баржочу Time Warner (Time журнал а, CNN телегойтийла а йогIу оцу юкъа) цхьаьнакхетараллан бизнесан. Кинош йохучу 21st Century Fox-ан а, Парижерчу «Биъ хенахIоттам», Нью-Йоркерчу «Плаза» хьешацIенойн а долахошлахь вара бен ТIалал (берриг а бахам бовзуьйту "Рейтер" агенталло).

Forbes журнало уггаре хьалдолчу нехан 45-чу могIане хIоттийнера 62 шо долу бен ТIалал кху муьрехь, иза 18 миллиард долларан да вуйла а гойтуш.

«Стенгара даьлла хьуна и дерриг а?» - хоьтту СаIудерчу "Ыказ" газето ша кху кхаарийдийнахь арахецначу ноьмаран агIонтIехь. Цо шен хаттарца хоуьйту саIудахоша паччахьо коррупцина дуьхьал болийна къовсам къобалбойла.

Цхьаболчу эксперташа паччахьо коррупцина дуьхьал айбина болам бузу иза шегара меттиг ша дIалунболчу элина Мухьаммад бен Салманна бух цIанбеш хиларца, конкуренташ новкъара а бохуш, хиндерг аттачу доккхуш хиларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG