ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пайда бохьур буй Оьрсийчуьрчу чемпионатана бойкот яро?


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Европарламентан 16 пачхьалкхара 60 декъашхочо гIортор йина шайн коллего Германин цIарах йолчу депутато ХIармс Ребеккас, Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн Iедалша кху аьхка Оьрсийчохь хир йолчу футболан дуьненан чемпионатана бойкот ян еза, аьлла бинчу кхайкхамна.

Цу хьокъехь долу кехат Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн офисашка хьажийна Европан парламентан депутаташа Оханан-беттан 20-чу дийнахь. Цу документана тIехь дуьйцуш ду, "Путин Владимир тера вац дуьненан чемпионат тIеоьцучу дикачу хIусамдех, хIунда аьлча, Шемахь а, Украинехь а хIинца а дIабоьлхуш бу тIемаш" аьлла. Цу хьокъехь леррина материал кечйина "Iамеркан аз" портало.

"Иза лорийла дац доттагӀаллин куьйгалхо, Евробертан пачхьалкхашкахь йолчу аьттоагIоран экстремистийн а, антидемократин а партешна гIортор еш а, харжамашна юкъагIерташ а волуш, - аьлла ду депутато ХIармс Ребеккас яздинчу схьадиллинчу кехата тIехь.

Цхьаболчу эксперташна хетарехь, тIейогIу футболан дуьненан чемпионат кхин хIума дац, Путинна, цхьацца футболан трюкех пада а оьцуш, кIеда ницкъ гайта аьтто лон рогIера платформа хилар а бен.

Делахь а политикан говзанчаш дIоггара тешаш бац, спортан къийсадаларшна политикаша бойкот яр Оьрсийчоьнан лидерна эвсара Iаткъам балур болу гIулч ю бохучух.

Иштта ойла йолуш ву, масала, Оьрсийчуьрчу футболах лаьцна цхьамогIа белхаш зорбане баьхна волу Iамеркера Маскингум Университетан профессор Арнолд Ричард.

"ХIинца дукха тIаьхьа ду цхьаъ хийца. Суна хетарехь, бойкот дукха кIоршаме гIулч хила мега. Сан кхетамца, вай шен хеннахь Сочехь пайда ца ийцира (Оьрсийчоьнца) юкъаметтигаш то ян хиллачу аьттонах. Обама ваха везаш хиллера цига. Ас эр дацара, иза цига вахаро ГIирмера кризис юхатухур яра, аьлла. Амма цо Iаткъам бийр бара ГIирма хьокъехь Оьрсийчоьнан куьйгалхоша сацам беш" - боху Арнолда.

Даккхийчу спортан къийсадаларшна бойкот еш дуккха а меттигаш яьхкина исторехь. Иштта, 1980-чу шарахь Советан Пачхьалкхехь хиллачу а, 1984-чу шарахь Iамеркехь хиллачу а Олимпиадашна бойкот йира дуккха а пачхьалкхаша. Мелбурнехь (1956) хиллачу Олимпиаде цхьацца бахьанашца ца яхара цхьайолчу пачхьалкхийн спортан тобанаш.

Ткъа 1970-чу шарахь Дуьненаюкъарчу Олимпин комитетан декъашхо йолчура дIаяьккхира Къилба Африка. Бахьана дара цигахь йолу "апартеид" олу (цхьаболчу нахана махкахь кхечу бахархошца цхьаьна баха бакъо ца ялар) политикан раж.

Амма цхьа а тоьшалла дац цу кепарчу политикан гIулчаша жамI деана хиларан. Делахь а, ХIармс Ребеккина хетарехь, демократин Iедалша дакъалаца ца деза Оьрсийчоьнан президентан пиар компанехь.

Профессор Арнолд мелла а кхин ойла йолуш ву. Цунна хетарехь, Малхбузенан а, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигаш кхин дIа а талхарх пайда цхьанне а хир бац.

"Черчилл Уинстона аьлла ма хиллара, дера (оьгIазе) дийцарш дIадахьар гIоле ду тIом бечулла а. Дерриге дика ду, цо шина пачхьалкхан юкъаметтигаш то ян аьтто бахь, мухха ялахь а, дика юкъаметтигаш дIахIитто гIо дахь. Цундела, нагахь Iамерка а, Оьрсийчоь а кIедачу ницкъах пайда оьцуш тийсалуш ялахь, иза гIоле ду герзаца цара тIом бечул а, - дуьйцу Арнолда.

Цкъачунна хууш дац стенах пайда оьцур бу агIонаш шайн цакхетамаш дIабаха. Цхьа хIума бакъ ду, футболхой а, уьш ловзуш хьажа лууш болу нах а лууш бац политикашка шайн кхолламаш ловза байта. Иштта чулацам бу "Iамеркан аз" портало зорбане яьккхинчу материалан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG