Административан кепехь низамаш дохош болу махкара бахархой нуьцкъаша тIамтIе хьийсор бу аьлла дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо. ТIамтIе ца хьежош ца буьту "бехкала бахна" ницкъахой а ур-атталла, ткъа наха сагатдо шайн гергарчарна, бохуш дуьйцура тхан редакцино хеттарш динчара.
Нохчийчуьра Iедалхошна хIара хIума дуьххьара лелош дац – тIамтIе хIинцале а бахийтина цара Iедалхошна гергахь "бехкеберш": магийна йоцу молханаш лелийна аьлла, шеконаш йолу нах, йа оппозиционерийн гергарнаш. Цунах лаьцна дийцира, масала, Оьрсийчуьра адамийн бакъонашкахула йолчу Цхьаьнатоьхначу къаьмнийн организацин лерринчу докладхочо Кацарова Марьянас шен рапортехь.
Оцу кепара дуьххьарлера хаамаш гучубевлира 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь. ХIетахь ницкъахоша лечкъийна бахархой харжамна хьалха хIиттабора : контрактана куьг таIадо ахь, йа шайггара дуьхьал айдинчу гIуллакхехула набахте воьду хьо олий. Ткъа Украине хьийсон "лаамхой" олурш вовшахтохарца долу гIуллакх гIад дайна хилар гойту, бакъоларйаран органашкахь нах тIетоьаш цахиларо, уьш а ца бовлуьйту йукъара. Цаьргара хIуъа далахь а, царна а кхерам лаьтта тIамтIе хьажон.
Гайтаме масал ду – Кубанехь марсхьокху-баттахь хилларг. ХIетахь Ставрополь-мехкан дозанехь патрулехь болчара сацийнера лоьмарш а йоцуш, леррина сигналаш латийна йогIу машен, йаздира меттигерчу телеграм-каналаша. Машенлелорхо шен кехаташ гайта реза ца хиллера, ша а низамхо ву аьлла, дӀахьедина, цул тӀаьхьа къайлавала гӀоьртина а хиллера иза. И бахьана долуш иза а, цуьнца хилла кхо пассажир а дӀавигинера полицин декъе. Дукха хан йалале нохчийн оппозицин NIYSO телеграм-канало зорбане йаьккхира видео, цу тӀехь машенлелорхо а, цу чохь хиллачех цхьаъ а тӀеман транспортан кеманна тӀехь хиъна Ӏаш ву – дукхахьолахь оцу кеман чохь дуьгу республикера Украине тIамтIе хьежон керла дакъош.
Кхин цхьаъ, оццу заманчохь нисделла - марсхьокху-баттахь къайлавелира Соьлжа-ГIалара цхьана а декъехь йоцчу хадархойн агIонан хьаькам Данкаев Руслан. Бутт баьллачу хенахь гучуделира, иза а Украинера тIамтIе хьажийна хилар. Цунах лаьцна кхин кIорггера хууш дац, нохчийн оппозицин телегарм-каналаша йаздора, цига вахийтале хьалха "сийсазе балхара дIаваьккхина" хиларх.
Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн органашкахь къоьлла хиларх дийца даьккхира тIом болабелла ахшо даьллачу хенахь, билгалдоккху оппозицин нохчийн жигархочо Янгулбаев Абубакара. Цо дийцарехь, йуьхьанца Iедалхоша харцдора, эскархой тоьаш бац бохург, амма цул тIаьхьа хьал хийцаделира.
ТIеман гIуллакх дан хьо дIа ма хIоьтти, буьранца тIамтIе хьажо тарло хьо
"Республикера чоьхьарчу гӀуллакхийн министралле балха нах оьцучу хенахь лелош хилла коррупци мел а лахъйелла, хIунда аьлча, цига балха баха луучу нехан терахь лахдаларна. Хьалха полицехь йуккъерчу барамехь дарже кхача лууш берш миллионе кхаччалц ахча дала реза бара. Ткъа хIинца хьал хийцаделла: хӀара хIинца боккъал а кхераме болх бу. Уггаре а хьалха, сервисе ваханчул тӀаьхьа, омра а дина, низамехь тӀаме хьажо йиш хиларна", - аьлла, комментарий йира Янгулбаевс.
ГIадужу-баттахь интернетехь гучубелира кхайкхам, хетарехь, Шуьйта кӀоштан къедас Дадаев Хаважис дӀайазбина, цу тӀехь цо шен кӀоштарчу массо а динан дайшна тӀедожийра, шайн гергарчех муьлш хилла хӀинцале а Украинехь, хилаза мила ву а схьахаийта аьлла. Къедас дIахьедира, балха баха меттиг йоцуш биссинчу кегийрхошна полице балха хIиттар хаздан деза аьлла. Ткъа цунна дуьхьал, царна "бронь" лур йу бохура. Кавказ.Реалии сайто хьалхо йаздира, корматалла йолу ницкъахой бахийтина ца Iаш, царна оьшу хьашташ латтош болу нах а цхьаьна хьийсабо цига аьлла.
Махкара бахархой хIоьттина бу даим а тIамтIе хьийсор бу бохуш, кхерамаш шайгахь латторна, царна кIордийна шайн бераш цига хьийсорна кхера, бохура нохчийн хьехархойн университетера хьехархочо.
"Массара а хоьтту, церан (КадыровгIеран.- Редакцин билгалдаккхар) бераш, йишин-вешин доьзалхой, гергарнаш стенна ца бохуьйту Украине, цара гIазотан лоручу тIаме бохуш. Шайна тIера буьйлалуш белара уьш", - бохура къамелдечо.
Кадыровс кест-кеста дагадаийта деза, мукъ хIинца а шен карахь хилар
Йукъарчу хьесапехь студенташ эскаре кхайкхар дихкина доллушехь, хьехархой хьийза церан гӀалаташна "гечдан", церан дешаран лакхара мах хадон, доьшучуьра уьш дIабахахь, Iедалхошка тергоне ца эцийта: "Ректорна баркалла эр ду кхин а цхьаъ салти шайна валарна, ткъа хьехархошна вас йуьсур йу, цунна дуьхьало йан шайн ницкъ ца тоарна".
РогIера тобанаш тIамтIе хьийсош, Кадыровна оьшу Кремльна гергахь диканиг хила, эдира шен цIе йовзийта ца лиъначу нохчийн политолого.
Цо бахарехь, оцу гIирсах Нохчийчоьнан урхалхочо ишта пайдаоьцу, республикера шен Iедал чIагIдан Iалашонца а: "Кест-кеста дагадаийтар оьшу Кадыровна, мукъ хIинца а шен карахь хилар. Шен могушалло таро ло шена дерриг а шен куьйгакIел латтон аьлла, дIагайта хьийза иза".
- ТIом болабеллачул тIаьхьа бертаза Украине хьийсабора "бехкалабахна" кадыровхой а цхьана, билгалдаьккхира оппозицн блогеро Абдурахманов Тумсос. Цхьа бакъду уггар хьалха и гIуллакх хьакахаделира Iедалхошна луьйш болчийн гергарчу нахах. Масала, тIаме хьажийра Кадыровна критика йеш лелачу Халитов Хьасанан ваша, оппозицин нохчийн жигархойн-вежарийн ЯнгулбаевгIеран гергарнаш, Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочун Закаев Ахьмадан вешин кIант а. ЗаьIапе воллушехь, тIаьххьарниг кадыровхойн тобане нисвинера.
- ХIинццалц схьа контракт йан йиш йара Оьрсийчоьнан тIеман министраллица таллам баллалц лаьцна нах, йа таIзар кхайкхийна бахархой. ГIадужу-беттан йуьххьехь Оьрсийчохь низаман проекташ тIеийцира, цара йаржайора и механизм тутмакхашлахь а.
- Тхан редакцин хьасто йеллачу информацица, Украинера тIамтIехь вийна Нохчийчуьра 300 вахархо.