ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусулба духар юкъадаккха мега цхьайолчу Оьрсийчурчу школашкахь


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан институтехь, 21Заз2011
Нохчийчоь -- Соьлж-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан институтехь, 21Заз2011

Леррина бусулбанашна хьажийна духар гучудала мегаш ду гергарчу хенахь цхьайолчу Оьрсийчурчу регионашкахь. Регионийн башхаллаш тидаме а эцна кечъдан деза школерчу дешархойн духар аьлл ахета масала, ГIезалойчохь.

Цу кепара ГIезалойчохь а, Башкортостанехь а, Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь а дешархошна духар юкъадаккха мегаш ду хиджабан кепехь.

Цхьа дакъа хиджаб а долуш, керла дешархойн духар кечдеш дакъалаца мега муфтияташа аьлла, дIахьедар дина кху деношкахь гIезалойн муфтин декхарш кхочуш деш волчу Самигуллин Камила.

ГIезалойчоьнан дешаран министралла дуьхьал ю школашкахь зудабершана тIе хиджаб йохарна. Цунна хетарехь, хиджаб лелоро йоха йо санитаран нормаш.

Масала, ГIезалойчоьнан дешаран а, Iилманан а министраллан зорбан гIирсашца уьйраш латточу декъан куьйгалхочо Мухаметова Алсус «Дождь» телекампанина еллачу интервьюхь аьлла, санитаран бакъонашца а догIуш, бераша а, кхиазхоша а дешаран хIусамашкахь, урокаш дIайоьлхуш а йолуш, коьртахь хIума лелор дихкина ду, цу гIуллакхо цхьацца цамгарш кхетийта мегаш хиларна аьлла. Мухаметовас дийцарехь, церан бIаьрса талха мега.

«Вестник Кавказа» интрнет-сайто дийцарехь, хьалхо Нижнекамскехь прокуратуро варе бинера цхьана школан куьйгалхой, цигахь бераш ламаз деш хилла аьлла.

Прокурораша таллам беш гучудаьллера цу гIаларчу номер 5 йолчу школехь гIезалойн классехь доьшуш болу йоьIарий бусулба духар доьхна хилар а, школехь ламаз деш хилар а. Ткъа цхьаболу хьехархой а хиллера бусулба духар а доьхна балха лелаш.

Прокуратуро тидина и гIуллакх федералан низам дохош ду аьлла. Прокурораша дIахьедар дина, школан уставан тIехь хийцамашщ бан беза, динца доьзна духар а, кхин йолу симболш а лелор доьхкуш. И бахаьана долуш ондда дов иккхинера цу школехь. Реза боцучу да-наноша митинг дIаяьхьира маьждиган хьалха.

Дадаев Зарема ХIинж-гIалан мехкан музейн куьйгалхо ю.
Дагестанан дешаран министр хIотто мегаш ю бохуш юйцуш а ю иза республикехь. Школашкахь динан духар юкъадаккха гIертар дика гIуллакх ца хета Дадаева Заремина.

Дадаева Зарема: «Со и гIуллакх дIоггара къобул деш яц. Ца хаьа суна, со кхин хенаш йолуш школехь дешархо хилла хиларан дела хила а мега иза. Ткъа тхан массера а цхьа духар дара».

Берашна ца хаьа шайна хIун оьшу. Баккхий хилча кхууьр бу уьш шайн некъ харжа аьлла хета Дадаева Заремина.

Дадаева Зарема: «Школа чекхяьккхича цо ша хоржур бу шен дахаран некъаш. Цо хоржур ду кху дуьнечохь шена оьшург. Иза хьакхалуш ду духарх а».

Школехь динца доьзна духар лелор дехкар, хиджабаш ехкар санна дийца мегар дац аьлла хета Дадаева Заремина.

Дадаева Зарема: «Хиджабаш лелор дехкар ду иза баха мегар дац. Дица дезарг ду, кху пачхьалкхехь школе лелачу дешархошна хаьржина белггала духар хиларх лаьцна. И духар а доьхна лела деза бераш цу дешаран хIусаме».

Духарш а дуьйцуш, девнаш дохуш бераш юкъаийзорна дуьхьал ю Дадаева Зарема.

Дадаева Зарема: «Делах тешар вайн массера а дагчохь ду. Ткъа хьа хIун духар лело деза бохучунна гонаха дIахьуш долу и тIемаш гIаттийнарш бераш дац, баккхийн нах бу».

Эксперташна хетарехь, ГIезалойчохь школашкахь бусулба духар юкъадаккхарх лаьцна долу хаттар ирдала мегаш ду цу республикехь муфтий хоржучу деношкахь.
XS
SM
MD
LG