Кутаев: «ТIеэцна кхо сацам. Хьалхарниг - Европан хаамийн центр кхоллар, шозлагIниг - ассамблея кхиоран фонд кхолла езар, кхозлагIниг - Кавказан ПЕН-клуб кхоллар.
Бинчу сацамех диканиг ду, ассамблеян фонд кхоьллинчул тIаьхьа, регионехь лаьтта гIоьртина хьал ингалсан а, францойн а, немцойн а меттанашка а дохуш, газеташкахула а, интернетехула довзийта аьтто хирг хилар, Кавказехь леларг дуьненна хецна довзийтар".
Кавказерчу къаьмнийн юккъаметтигех масалш эца дезара ерриг а Оьрсийчоьно, аьлла хета Кутаев Русланна. Демократи, цо бахарехь, дукха хьалхе яьржина институт ю кху регионехь.
Кутаев: «Кавказехь бехачу нехан, хуьлда и синагога, хуьлда и килса, хуьлда маьждиг, царех муьлххарг а маьршша схьаелла йиш хилар демократин бух болуш хIума ду.
Со дIакхаьчначохь ас даима а олуш ду, шуна, Iамеркана а, Европана а, 500 шо хьалхий бен юьйцу а ца хезна демократи. Ткъа Кавказерчу къаьмнашлахь иза эзарнаш шераш хьаха а хилла ю. Тхо даима а вовшех даьшна а ду, барт болуш Iийна а ду. Цундела, демократи тхуна хьеха оьшуш яц, иза тхан йолуш ю. Тхуна оьшург и чIагIъеш гIо хилар ду».
Масех де хьалха Оьрсичоьнан Инарла прокуратуро Къилбаседа Кавказехь шена коррупцехула зеделла терахьаш гучудаьхна. Цара Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а регионехь уггаре а лахара коррупци йолуш меттигаш ю боху. И хIума муха туьду ахь, аьлла, шега динчу хаттарна ишшта жоп делира Кавказерчу къаьмнийн ассамблеян президента.
Кутаев: «Царна шайгахьа дийца дукха хаьа, и коррупци кхоьллинарг а, иза латтош ерг а ницкъаллийн структураш шаьш ю. Уьш бу тахана массо а меттехь тхов а бина, йоьккхуш ерг схьа а йоьккхуш Iаш.
Тахана Оьрсийн пачхьалкхехь дерг муха ду аьлча, кехат тIехь яздинарг, шайна чу делларг ду цара юьхьаръоьцург. Вайна билгал хууш ду, хьо муьлххачу а метте, хаамийн гIирсашка хьо вахча, Нохчийчоьнах тхан вон яздан, дийца йиш яц, олу. Къевлина тема ю иза.Иза политикан сацам бу.
Оьрсийчохь яздинарг бен гуш дац. Ткъа бакъдерг яздан магош а дац. Иза суна, оцу Кремлера дуьйна схьадогIуш го. Коррупцина урхалла а циггара деш ду.
Тахана Нохчийчохь, алапаш а ца луш, газах а, серлонах а, хинах а аш ахча схьа ца делла, бохуш, хьийзабо миска нах. Иза оьрсийн низамашца цхьана а агIор дан йиш йолуш хIума дац. Кхидерг-м ас дийца а ца дуьйцу. Иза тоьуш ма ду».
Маршо радиоца къамел динарг вара Кавказерачу къаьмнийн ассамблеян президент Кутаев Руслан. Иза хIокху деношкахь Страсбургехь дIаяхьначу кхеташонехь хаьржина оцу дарже.