ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ а, наркотикаш а


Маларш мийлар лахдинехь а, наркотикашца эвхьазбевлла кавказхой

"Меларх цIена Оьрсийчоь" ("Трезвая Россия") юкъаралло арахецна 2017-чу шеран антинаркотикан рейтинг. Юккъерчу меттигашкахь бу Къилбаседа Кавказера мехкаш.

Наркотикашна дуьхьало ярца Къилбаседа Кавказехь бIаьрла ду сурт Нохчийчохь – 4-гIа меттиг. Ткъа цул а хьалха ю наркотикашца къийсам латторехь Архангельск, Чукотка, Волгоград.

8-чу меттехь ю Дагестан, 15-чохь – ГIебарта-Балкхаройчоь. ТIаьхьий-хьалий 25-чу, 26-чу меттигашка дIатаръелла ГIалгIайчоь, Адыгей.

Къилбаседа ХIирийчоьнна 33-гIа меттиг кхочу, 38-гIа – Краснодар-махканна. Старопол-мохк бу 41-чу меттехь. Кхарачой-Чергазийчоь – 54-чохь.

Бакъду, Къилбаседа ХIирийчуьрчу Республикан наркодиспансерерчу цхьана лоьрана хетарехь, теша мегар дац рейтингех. Дагестано а, Нохчийчоьно а тидаме ца оьцу наркотикаш лелош болу нах. Цундела "цIена" юьсу статистика, наркоманаш цигахь кIезиг бацахь а. Иштта элира цо "Кавказ.Реалиига".

Таханенна Къилбаседа ХIирийчохь наркологийн тергамехь ву 3000 стаг. "Наркоман" шайх ала тарлуш ву царех 700. Бисинчара юкъ-кара туху шайх наркотикаш. Иштта ду официалехь.

"Хьалха тхан республика Оьрсийчохь хьалхарчу ткъа регионашлахь яра. Оха массарел а хьалха йолийна наркотикашца бечу балхахь модернизаци. Хийцина говзанчаш-белхахой, керла стандарташ юкъаяьхна, гIирс а карлабаьккхина. Цундела тоьлла бу тхо долучохь коьрта гайтам – дарба хилар а, нах наркотикех баккъал дIакъастар а", - боху "Кавказ.Реалиига" ХIирийчоьнан наркодиспансеран коьртачу лоьро Танклаев Константина.

"Стенна буй кхузахь наркоманаш дукха? Дера бу, цхьана наркомано шарахь шен новкъа пхи-ялх стаг воккхуш хиларна", - элира Танклаевс.

ХIора дийнахь хаамаш баржабо, дIогахь, кхузахь стаг лаьцна наркотикашна кечбинчу бена керла дIовш дуьллуш, олий. Къилбаседа ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министрна Скоков Михаилна хетарехь, догIанан нойшна буха наркотикаш йохкурш лецна ца Iаш, леца беза и зулам махка дохьурш а.

"2017-чу шарахь 40 кийла наркотикаш яьхна оха, жоьпе озийна 800 стаг. 60 йохкархо лаьцна, 18 наркотикаш чуйохьу канал Iорадаьккхина, 79 наркотикашна реклама ечу сайтна блок хIоттийна", - дийцира тхоьга БуьритIерачу полицин цIарх.

Хьостано бахарехь, ХIирийчохь уггаре дукха яьржина лела канабис, шолгIа – "соль" ("туьха") шайх эраш, кхозлагIчу меттехь ю героин, уьш карайо полицина массарел а дукха.

Полицино бахарехь, шо мел дели а кхуьуш ю статистика. Амма цуьнан бахьана урхалло ша болх дика барца дузу, дац боху иза наркоманаш баьржаш хилар.

Дукха хьолехь наркотикаш шаьш къастийначу къайлахчу бенашка яхка йохкархой ХIирийчу арахьара богIу. Церан аьтто бац "да" дIавийца – иза цкъа а ца волу цаьрца уьйре. Нисло бенаш чу наркотик меттигерчу бахархоша юьллуш а. Дуккха бу царалахь кхиазхой, къечу доьзалшкара а бац, цу тIе.

"Наркотикашна тIе нах стенна кхийда хиича-м, ас цхьаъ дийр ма дара!" – Бегаш бо БуьритIерачу гIалин Гуламан депутато Джибилов Казбека. Цхьа хан хьалха иза вара махкахь энергетик-хиш дохкарца къовсам айбинарг.

ХIирийчоьнан школашкахь берашна хьехамаш бо. Урамашкахь баннерш уьхку наркотикашна дуьхьал. Делахь а, ала дац оцу балхо боккха пайда бохьу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG