ГΙалгΙайчохь, СагΙопшерчу тезетахь, стаг эккха де дуьсуш, кхана марханаш досту аьлча, Хасу-Юьртахь шиΙатийн маьждигахь дина эккхийтар. Меттигера азербайджанхой оцу чу Ιийдане гулбеллачу сохьтехь туьтмΙаьжигашкахь чуиккхинчу шимма герзаш диттира царна тΙе. БархΙ стаг кхачийна дарбан цΙийне, шиъ халчохь ву хΙинца а.
Ткъа и зулам динарш ца Ιаьбна нахана шаьш чевнаш ярах – цара йиллинчу шина бомбанах цхьаъ иккхина оцу буса маьждига чохь. ШолгΙаниг юьйлинчуьра юхаяьккхина сапераша.
Кху беттан иссалгΙачохь, бевзашбоцчара герзаш тоьхна, ши полисхо вийна, цхьанна чевнаш йина Дагестанерчу БотΙлихан кΙоштахь. Герзахоша и тΙелатар дина полисхошна, уьш шаьш лаха а, хΙаллакдан а хьуьнха баьхкича.
Товбеца-беттан ялхалгΙачу дийнан делкъехь Соьлжа-ГΙаларчу Хан-ГΙалина гергахь иккхинчу шина шахΙида шайца синош дΙадаьхьира кхаа эскархочун, кхоъ лазийра.
БΙаьста, Стигалкъекъа-беттан 3-чохь, ХΙинжа-ГΙалахь дира эккхийтар. И динарг а вара вала араваьлла стаг. Иза иккхинера шен машен талла, саца а йина, полицин белхахой тΙебаьхкича. Яьлла цΙе яйъа, лазийна полисхой дΙабига гΙо кхаьчча хилира шолгΙа эккхар – гена йоццуш дΙахΙоттийначу машенах йоьллина хиллера рогΙера бомба. 13 вара цигахь вийнарг, царалахь вара 7 полисхо а, ши цΙеяйъархо а. 100 сов стаг лазийра.
Охан-беттан 28-чохь ГΙалгΙайчуьрчу МаьлгΙбекахь эккхийтира полисхойн машен. Чуьра шиъ велира, цхьаъ лазийна дарбан цΙийне кхачийра.
Зазадоккху-беттан 23-чу дийнахь Дагестанерчу Буйнакскехь эккхийтира цигарчу маьждиган имам Абдулгапуров Гитинмохьмад а, цуьнан хадеш хилла накъост-полисхо а.
Оццу Зазадоккху-беттан 6-чохь Дагестанерчу Карабудахкентехь полицино ха дечахь, шеца пхи полисхо эхарта а кхачош, шахΙид елира гΙаттамхочух Загиров Зоврах йисина къона зуда Ибрагимова Асет. Тротилан бустамехь ши кийла хилла, бохура, цо шеца эккхийтина шахΙидан доьхка.
Стохка гурахь цхьа полисхо вийра, 66 лазийра, уьш боцурш, 16 могΙарчу вахархочунна чов йира ХΙинжа-гΙалахь, 40 кийла тротилах кеч а йина, эккхийтинчу коьчало.
Яхначу аьхка, Марсхьокху-беттан 30-чохь Соьлжа-ГΙалахь кхо шахΙид иккхира Хмельницкийн урамехь тΙаьхьий-хьалхий. Исс полисхо вийра. 22 лазийра.
Оццу аьхка ХΙинжа-ГΙалахь гипермаркет чохь дира ши эккхийтар. Хьалха иккхина веллачу стага доккха зе а ца дира. Амма и хилам листа полисхой баьхкича икккхинчу шолгΙачу шахΙида лазийра 17 стаг, кхо жима бер а дара царалахь.
Дагестанерчу Губденехь дахначу Ιай а икккхира ши стаг. Бусулба оьрси Хорошева Мария шахΙид елира полицин хана уллехь. Оццу юьртан кхечу маьΙΙехь иккхира кхин цхьаъ а. И шолгΙаниг эккхарцана, гергарчу хьун чуьра тΙелеттера герзахой. Оцу шина меттехь кхо полисхо вийра, 25 лазийра.
Дахана шо далалуш а хилира лелхийтарш Дагестанехь – цхьаъ Хасу-Юьртан кΙоштарчу Эндери-юьрта йисстехь лаьттачу кафена юххехь, оцу чуьра 4 белхахо а вуьйш. ШолгΙаниг - ша Хаси-Юьрта чохь, «КIайн буьйсанаш» олучу кафена уллехь, цигахь а кхелхира кхо стаг, лазийнарг пхиъ вара.
Карладаьхна лелхарш дац цхьана шарахь эха шерахь хиллачийн дакъа бен а.
Бомба – машенаца юьйлинарг я, шахΙид волуш, гΙаттамхочо шен дегΙах йихкинарг – и ду кху тΙаьхьарчу заманахь уггаре кхераме а, бале даьлла а герз.
И тайпа тΙом стенна лаьтта, иза муха, хΙун дича сацор бара боху хаттар ца хΙуттийла дац кест-кеста Оьрсийчоьнан а, меттигерчу а хьаькамашна хьалха. Ницкъаллин урхаллаша, шаьш дено-дено лелхаш я гΙаттамхоша дойъуш дара аьлла доцуш, жигара дΙахьо царна дуьхьал шайн тΙом.
Къилбаседа Кавказерчу ницкъахошна низамаш яздина а цахилар Ιеткъарш дуккха а бу.
Шен хьажар иштта довзийтира Маршо Радиона, масала, Ιедалан ницкъашкара юьйлучу къизаллица къийсам латточу Оьрсийчуьрчу юкъараллин куьйгалхочо, дуккха а хан балхаца доьзна Кавказехь дΙахьош хуьлучу бакъоларъярхочо Каляпин Игора.
Каляпин: «Баккъала а долу Ιедал Оьрсийчоьнан полицин духарахь лелачу нехан карахь ду. Цу тΙе, полицина яздинчу низамашна цара къаро а ца йо. ОМОНхойх цхьаммо а ойла ца йо, дийриг нийса дой-те ша, олий. Церан низам - оццу ОМОНан баьччано динна буьйр ду. Иза цхьана а цивилан юкъараллин хотΙаца догΙуш дац. Паччхьалкхаш, низаман баххаш кеп-кепара хуьлу, ткъа ца хуьлу пачхьалкхан низамийн полицино пусар ца деш-м».
Каляпин Игорна хетачух тΙех къаьсташ дац кхечу гоьбевллачу бакъоларъярхошна хетарг а. Къилбаседа Кавказан бахархой ницкъахойн когаш кΙел бехкина лакхарчу Ιедало, цундела уьш хΙиттане а ца хΙуьтту шайна конституцино елла бакъонаш къийса. Ша-ша вен ца вийчхьана, бохуш, дΙалела хийланиг, бохура, Маршо радиоца къамел деш, дуьненна а евзачу бакъоларъярхочо Ганнушкина Светланас.
Ганнушкина: «Наха тхоьга нийсса схьабоху, шаьш кхоьру. Иштта доьхна хьал ду-кх, изза ду ерриг а Къилбаседа Кавказехь а, ерриг а Оьрсийчохь а. Со ца гΙерта массо а чоьхьарчу гΙуллакхийн урхаллера милцой - хΙинца полисхой- оццул къиза бу ала. Вайн доьхнарг хΙун ду, иштта волу садист ваьлчахь, иза сацо хала ду, сацо да ца волу. Проблема оцу тΙехь ю, яц уьш массо иштта болуш-м».
Маца совцур ду лелхарш, маца чекхбер бу тийна-таьΙΙина дΙабоьду тΙом? И хаттар коьрта ду тахана кавказхошна. Ткъа дуьхьалонан могΙарш кхачалуш а ца хилча, царех дΙакхета лаам маьршачу нахана оццу полицино, ФСБ-но, кхечу къайлахчу Ιедалан ницкъаша шайгара юьйлучу къизаллица гΙиттош а хилча, Кавказера кхайкхоза тΙом кеста боьрзур бу ала хала ду .