ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ кIиранах


Ингалсе-- Фуллер Элизабет, политикан комментатор,27Тов2008
Ингалсе-- Фуллер Элизабет, политикан комментатор,27Тов2008

Шен махкахь маьршша президентан харжамаш хΙиттабойла ду, нахана хΙун хета хьожуш, уьш иштта дΙахьойла а лаьара шена, аьлла, дΙахьедира Кадыров Рамзана. Ерзаза ю нохчийнний, гΙалгΙайнний дозанашна юкъа ринжа дугΙу кампани. ГΙалгΙай охьаховшуш бац шеца доза дийцаре дан, аьлла, Кадыровга арз дина спикера Абдурахманов Дукхавахас.



МР: Кремло шайн мехкашна дай, халкъашка а ца хоттуш, цхьана а тайпа харжамаш а ца беш, хΙиттор бу бохучунна лерг таΙΙийна Къилбаседа Кавказерчу хьаькамех цхьаберш Ιачу юкъанна оршот дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана къамел дира, ша-м лууш вара халкъана хΙун хета, цуьнца дагавала, цунна мила товш ву харжамийн гΙоьнца хьажа, аьлла.

Фуллер: "Хила тарло, Кадыров ша иштта дечу дΙахьедарца Евкуров Юнус-Бекний, шений юккъехь башхаллаш юйла гайта гΙерташ. КΙира хьалха гΙалгΙайн лидеро аьлларг, Кадыровс бохучуьнца дуьстича, нийсса бΙостанехьа дара – мехкийн дай хΙиттор Оьрсийчоьнан президентан карахь хила догΙу, элира цо. Я тарло, Кадыровна ша къомана баккъал а веза а веза, цо ша цΙенчу харжамашкахь юха а хоржур а вара, аьлла хеташ хила. Шех къам кхоьру, цундела иза ша ца харжа даьхьар дац аьлла хеташ хила а мега цунна.

Нагахь санна Кадыровна шеко а йоцуш хаа лаахь, Нохчийчохь маьрша харжамаш дΙабаьхьча хΙун жамΙ хир дара ас хьажар доьху цуьнга Маршо Радионо шен веб-сайта тΙехь нахана хетарг толлуш хΙиттийначу харжамашка-хаттаме".

МР: Билгалдоккху оха, сайто кху деношкахь нахе, аш мила хоржур вара маьршачу харжамашкахь президент, аьлла, хΙоттийнарг хаттар бен а дац, цуьнан жамΙаш дохкийла дац бакъболчу харжамашна герга. Делахь а цо гойту, тахана нохчий маьрша хилча, хΙун хир дара Кадыровх а, цуьнан Ιедалх а.

Радион хаттамо кхоже виллина яхначу хенашкахь президентан харжамашкахь дакъалаьцна а, президент хила хьакъ ву аьлла а нахана хеташ хилла пхи стаг. Закаев Ахьмад, Кадыров Рамзан, Хасбулатов Руслан, Удугов Мовлади, Сайдулаев Малик. Карарчу ханна интернетехула шайн лаам къадийначу 500 сов стага бина шайн къастам .

Кхоже бехкинчех цхьанненна а тосур бацара ша кхаж аьллачийн ю 23 процент.

Закаев Ахьмад президент хоржур вара бохурш бу 62 процент.

4 процент ю Хасбулатовн.

5 процент ах процент кхаьжнаш бу Сайдулаев Маликехьа.

ВоьлгΙачу метте вуьллу наха Удугов – 3 сов оьккхуш процент.

ТΙаьххьара ву пхеаннах Кадыров, цуьнгахьа бац жоп деллачаралахь 2 процент гергга нах бен, аьлча 520-нах 11 стаг.

Комментаторна Фуллер Элизабетна хетарехь, Закаев Ахьмадехьа хаттамехь алсам дакъалаьцнарш хилар дозу и стаг нохчийн къоман маршонан вастаца вузуш хиларца а, маршонехьа болу церан сатийсам лагΙбелла а бацарца.


Хасбулатовс тоьллачу кепехь, дов а доцуш, дΙахьор яра Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш, Нохчийчоь цо дика дΙаиэйийр яра оьрсийн пачхьалкхах аьлла хетачух тера ду цунна кхаьжнаш лучарна.

Ткъа кхаа проценте кхаьчна воцчу Кадыровх лаьцна-м дийца а хьашт дац, боху Маршо Радион комментатора.

Фуллер: «Хаа лаар-кха, Путина къобал бой те Кадыровс шена маьрша харжамаш хуьлийла лаьара, аьлла,къадийна лаам! Нагахь санна Путина иза магош делахь, теша лаьа оцу харжамашка арахьара, масала, ОБСЕ-ра, Европан Кхеташонера, кхечу континенташкара тергамчаш кхойкхур а бу бохучух. Баьхкича и тайпа тергамхой, уьш цхьаммо а чехор а бац, Кадыров нахана билггал мел веза а гур ду бохучух теша а лаара суна. Бакъду, дагара ца долу, 2003-чу шарахь Нохчийчохь президентан харжамийн моттаргΙанаш дΙайоьлхуш цхьана нохчийн жимчу стага аьлларг. «90 процент адамашна ца лаьа Кадыров Ахьмад-Хьажа президент хуьлийла, амма вайна хууш ду-кх иза бен оцу дарже хаор воцийла!»-бохура шен децΙера хьал девзачо».


МР: ГΙалгΙайчоьнан а, Нохчийчоьнан а дозанаш къасторах доьзна гΙуллакх кху кΙирнах юха а айдаро гойту Кадыров Рамзан ша леринарг охьадилла дагахь воцийла.


Фуллер: «Оцу юкъанна, Кадыров юха ца ваьлла шен Евкуров Юнус-Бекца нохчийн, гΙалгΙайн мехкийн дозанаш тΙехула даьллачу девнах. Шинарий дийнахь парламентан спикера Абдурахманов Дукхвахас довзийтира Кадыровна доза къастош лелачу дийцаршкара хьал. ГΙалгΙайн агΙоно саботаже даьккхина и гΙуллакх – охьаховшуш бац шеца дийцарш дан, бохура Абдурахмановс. Ткъа Кадыровс дΙахьедира, ша омра делла нохчийн Ιедална дозанашка билгалонаш хΙиттон, аьлла».

МР: Комментатора Фуллер Элизабетас ма-баххара дан а долчух тера ду хьал. Еарий дийнахь шен 90 агΙонах лаьтта белхан жамΙийн, Ιалашоний дΙахьедар деш, багах а ца даьккхира Евкуров Юнус-Бека дозанех дерг. Дуьйцуш а доцуш, дийцаре деш а доцуш, кΙелдΙашхула беш бу цуьнан агΙоно доза, шен хьесапашца а дустуш, тΙечΙагΙар.
XS
SM
MD
LG