Ерриг а Къилбаседа ХIирийчуьра ялайо зоолог Дзуцев Заур волчу дийнаташ. Цо лечуьра кIелхьара йоху уьш.
Дукха хан яц Къилбаседа ХIирийчуьрчу жил-Iалам дендан къевлинчу хотешна тIехьожучу Iилманчах, 31 шо долчу Дзуцев Заурах акхаройн лор хилла. Наха хьаннашкахь эгна карийна, я цIахь кхобуш цомгуш хилла дийнаташ ялайо цунна тIе. Ткъа денйинчул тIаьхьа, маьрша йохий, дIахоьцу Заура шен "пациенташ".
Гришка
БуьрийтIерачу Лаха Санибехь веха Заур, ша болхбечу хьаннашна уллехь. Цигара ю, доккхачу декъанна, цо цIа а ялайой, могашалла метта а хIоттайой, дIахоьцу акхарой. Ша мел веха а лелийна цо и тайпа лоьралла. Иштта кхаьчна Дзуцевн хIусаме тарсал Гришка а – цо ша тиллина цунна и цIе.
"Бутт хьалха дара иза, хьаннашкахь болхбеш дара тхо. Бевзаш болчу мазлагIчаша телефон туьйхира, шайна дIакхоьссина акхаро карийна, элира. Шайна хетарехь, иза тарсал ю, хьажа вола, бохура соьга. Сайн гIуллакхе воьддучуьра, чувирзира со уьш болчу. Ян а яра царна карийнарг тарсал. Цхьана наха, цIахь а кхаьбна, шаьш цуьнан тIехьара ши ког лазийча, дIакхоьссинчух тера дара иза. ТIехье лелаш яцара тарсалан, оцу хьолехь карийнера иза некъа тIе охьакхоьссина", - дуьйцу Заура.
Зоолого шеца цIайигина тарсал. Дарбадан волавелла. Эццахь дагадеана цунна цомгуш мел карийна акхаро, шен хIусаме а ялош, тоян а, царна "шолгIа дахар" латто а.
"Чохь-цIахь кхобучу цициган, жIаьлин тергойо вай, амма хьажа да воцуш ю хьуьнхара акхарой. Церан доладо, деш хилча а, лоьций, ловзорхьама. Цаьрга хьовса говзанчаш банне а бац. Ас Гришкех лаьцна дийцира нахе. Цул тIаьхьа буьйлабелира со вевзарш а, цавевзарш а соьга гIо деха: цхьаьнхьа лазийна хуьлура цIирцIирхьоза, вукхунхьа – бухIа", - бовзуьйту Заура ша юьхьарлаьцна керла болх.
…Гришка толур ю ала дац. Дийна-м юьсур ю, амма лелалур яц парггIат. Цундела иза ехар ю Дзуцевн цIахь. Тарсало цхьа дика дагатасийтина зоологна – акхаройн могашалла тергалъен Центр кхолла воллу иза хIинца. Гришкин цIе лелор ю оцу Центро.
БухIанан кхача
Дзуцевна дага а ца догIу ша мел дукха акхарошна дарба дина: аьрзушна, лаьхьарчарна, моьлкъанашна… Ша зоолог хиларе терра, цхьана ханна зоопаркехь а бина цо болх. Цигахь Iаьмна акхарой тоян. ЦIахь шортта долахь дийнаташ ю цуьнан: инзаре хаза котамаш, бежаний, жIаьлеш, ду цIога доцу цицигаш а тIехь – бобтейлаш.
"Уггаре дукха суна тIедаладо акха олхазарш. Берза кIезий а тарло дало. Амма лаа-м ца лаьара, берзан кIезий я чайтаIаш сайна даладойла - церан да-нана дийча бен ма ца кхочий уьш нехан кара. ХIун дер, тIедалийча, букъ тухийла-х даций. ГIо ца дича ца долу", - боху Заура.
Атта бу ала дац акхарой денъен некъ. Дарба лелочу юкъанна доладан деза церан, амма йиш яц тIедерзийта – дIахеца, хIуьнха дIадахийта хала хир ду караIеминчул тIаьхьа.
"Схьаоьцур вай бухIанаш, кест-кеста ялайо уьш суна тIе. Хала ю уьш цIахь лело, яа хIума оьшу, дехкий дуу цара шаьш маьрша йолуш, хIоранна кхо дахка беза денна. Сан кертахь ткъеха дехкийлоьцург ю, 1-2 дахка лоцу дийнахь, амма уьш кIезиг хуьлу. Айса дарбадан ялийна бухIанаш меца ца йисийта, царна аьхьна жижиг оьцу ас, иза хIоьийн чкъоьргашца эдо (кальций), тIакха сайн жIаьлешна ехк а хьокхий, церан чо а гулбой, цунах жижиган уьйригаш бо, иштта баабо уьш бухIанашна. Котамийн легаш а ло ас царна. Делла де-буьйса даьлла котаман кIорнеш дала а йиш ю царна тIаьхьо", - довзуьйту Дзуцевс.
Ша лецна дехкий, дийна а долуш, хоьцу цо бухIанаш чохь кхобуче. "БухIанаша ца юьту шайн амал - цу сахьта юьйлало уьш дехкашна теба. Баттахь кхобий, дIахьоьцу ас уьш", - элира Заура.
Дзуцевс бахарехь, хьунхара юха ца еана цо дIахецначу акхаройх цхьа а. Царех къаста атта дац Заурна, амма дика ду уьш цунах ца юлуш, шайн хьунха я стигал дIайоьлхуш. Нийсаниг нийса ду: ша йоьллачу меттехь яха еза хIора дийнат.