ТIаьхьарчу кIиранийн коьрта дийцарш Оьрсийчоьнна дуьхьал Малхбузено яьхна йолу санкцеш а, мехкадаьттан мехаш лахдалар а, ткъа и дерриге а бахьана долуш оьрсийн сом хазнесанна дайделла, цу махкахь сурсатийн мехаш лакхадовларца а, нахера къелла алсам яларца а доьзна ду.
Уггаре а хьалха и тайпа ахча дайдалар, сурсаташ даздалар, хууш ма-хиллара, таройоцучу нахах а, хьанал балхара даьккхинарг бен, кхин тIедогIуш рицкъ доцучу къинхьегамхой а, ткъа иштта гергарчара дечу гIоьнах боьзна а болуш, болх боцучу нахах а хьакхало.
И тайпанарш кIеззиг бац болхбацаран терахьаш Оьрсийчохь уггаре а лакхарчарех долчу Нохчийчохь. Дукхахьолехь я Iедало лучу пенсех я цIера арабевллачу гергарчара доуьйтучу гIоьнца хене бовлуш бу ДегIастанара могIарера бахархой. Ткъа хIинца, сом цкъа а ца хиллачу кепара дайдалар бахьана долуш, массо а хIуманна мах тIекхетар бахьана долуш вуно чолхе хьал хIуттуш ду цаьргахь. Иштта, кхеташ ма-хиллара, баккхий кхерамаш а бу нахалахь барьжина, кхин дIа хIун хир-те бохуш.
Цундела тамашийна а дац кху тIаьхьарчу кIиранашкахь Европехь бехачу вайн махкахоша шайн цIерачарна деш долу гIо алсам даккхар. Хьалха а, хIара тIаьхьарлера кризис хIоттале, Iадат хилла лаьтташ дара Малхбузехь бехачу вайнаха сих-сиха цIерачарна ахча дахьаийтар а, сурсаташ а, тIеюхург а царна латтор а.
ХIинца-м муххале а и гIодар шайн декхар санна тIеоьцу Европерчу дуккхахчу нохчаша. Венехь ехачу Астамирова Сацитас дийцарехь, шаьш а кхин башха даккхий диканаш хьоьгуш боцу Европера мухIажарш, хIетте а, хIуъу дина а цIерачарна накъосталла дан гIертар цхьа а цецвоккхуш хIума дац, мелхо а, хIора а аренца веха нохчо шайн цIахь бисинчу гергарна ша жоьпаллехь хеташ ву.
Астамирова Сацита: „Вайна ма-хаара, кхузахь Iачеран а кхин башха яккхий таронаш ма яций, эцца берана делларг а, тхаьш вовшахтоьхнарг а сом-эппаз цIерачарна дахьийта гIерта-кх. Царех болу сингаттам а, гIайгIа а кхузахь а дIайолуш ма яц. ЧIогIа сингаттамехь бу вайн цIераниш, массо а хIума язъелла а, сом дайделла, бохуш. Деман галих масех де хьалха 600 сом доьхуш хилла хIинца бIе туьма доьху боху, шекар дазделла, чай, массо а хIума, туьхане кхаччалца дазделла бохуш дуьйцу селхана телефонехула тхан цIерачара“.
Сацитас дийцаре динчух терра хьал ду Соьлжа -гIалахь ехаш ю йолчу 22 шо долчу Элизехь. Иза даханчу шарахь университет яьккхина яьлла, романо-германхойн факультет. Амма болх я ша Iамийначу говзаллийца а, я муьлхачу а кхечу меттехь а ца карабо цунна. Германехь вехаш волчу шен девешин доьзало гIо деш дацахь, йиш яцара шайн бохуш дуьйцу къоначу меттанийн говзанчас.
Элиза: „ Иттех шо ду тхан деваша шен доьзалца а цигахь Iаш волу. Туька ю церан, вайн къоман хIумнаш юхкуш, Европехь эца ца карош йолу. Цара гIо деш дацахь, тхан да амал дацара. Цигара цара кест-кеста тIейоха а, когайоха а хIумнаш тоссу тхуна, ахча а доуьйту. Вуьшта тхуна кхузахь карош болх а бац. Со йоккхаха ерг ю, вуьш болу йижарий, вежарий кегий бу хIинца а.
Тхан ненан а, сан а пенси ду, цунах хене довла дезаш дара-кх тхо, цара гIо деш дацахь. Ткъа иза муха дийр ду? Берашка ишколехь даима а ахчанаш доьху, цкъа 500 сом схьада олу, тIаккха кхин олу. Масех шо ду ас болх лоьху, амма иза карош бац. Цара цигара гIо деш ца хилча, тхо-м ларор дацара“.
ЦIерачарна гIодаран Iалашонна дуккха а тайпа-тайпана некъаш а, аьттонаш а карийнера Европерчу вайнахана. Масала, хьалха, вайнехан цIа бахар-бахкар иштта хIинца санна маьрша доцучу хенахь дукхахьолехь Вестерн юнионехула а, кхечу банкашкахула долчу некъашца а цара цIерачаьрна ахчанаш тоссуш хиллехь, тIаьхьарчу хенахь и болх шаьшна тIе эцнера Европера Нохчийчу некъахой, кир а дIасалелочу нохчийн шопарша.
ЦIадохьуйтучу ахчанна тIера шайна 5 процент елча, цара иза масех дийнахь цIакхачадора. ХIинца амма, олуш ма-хиллара, кхин цхьа ноу-хау юккъеяьлла муьлхачу а хьелашкахь а сом даккхаран говзалла цIийца йолчу вайнахалахь. Иза муьлхарниг ю дуьйцу Астамирова Сацитас.
Астамирова Сацита: „Кхузахь цхьа стаг ву, цуо шега кхузахь ахча дIаделча, оцу сохьта, Вестерн Юнионе ваха а ца оьшуш, цIерачаьрга дIакхачадойту иза шен цигарчу нахехула. 5 процент йоккху цуо. Делахь, хьалха -м лора иза хала а ца луш, амма хIинца евро дазделча, жимма и проценташ охьаяха а мегар ма дара аьлла хета.
Делахь, кхин дан хIума ца хиларна, и аьтто болуш а хазхеташ Iа тхо-м. Дуккхамо а дохьуйту иштта ахчанаш цIа, ас тессина иштта. Машенашца нах дIасалелочара а хьо ахча дIа, хIинца Iай уьш кхин башха сих-сиха ца лела“.
Еарий дийнахь Оьрсийчоьнан президента Путин Владимир шен йоккхачу пресс-конференцехь дичну къамеле ладоьгIча, кхеташ ду, Оьрсийчохь могIарерчу бахархойн Iер-дахар кесталгIа хIара аьлла толур ду бохучуьнга даха са доцийла.
Цундела шен-шен аьттонашка хьаьжжина, тIейогIучу халчу заманна кечамаш беш бу цу пачхьалкхан бахархой а, царна юккъехь иштта тIемаша а, тайпа-тайпанчу корруптхоша кочатуьйсучу, мацах нохчийн ширачу иллешкахь йийцинчарех тера йолчу „тIехь йоцучу ясакхаша“ а садукъдина болу Нохчийчоьнан бахархой а.
Цу хьелашкахь Европехь а, я мичхьа а кхечанхьа гIо-накъосталла дан гергара нах болчийн гIуллакх, схьахетарехь, мелла а гIолехь ду.