Генара маренаш дар -м нохчийн юкъараллехь хьалха заманчохь дуьйна схьадогIуш ду, хетарехь, лерина цуьнца доьзна кхолладелла ду халкъалахь „генара лекхна зурма хазъелла“ боху кица а.
Делахь а, тIаьхьарчу пхийтта-ткъо шарчохь, вайнах дозанал арахь, Малхбузехь а, Малхбалехь а дIасабаьржича дуьйна схьа шуьйра даьржина хилла дацара, тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь бехачу йоIа-кIанта захалонаш дийцар а, марелаш дар а. ХIинца-м цхьа а цец ца волу Германехь вехачу кIанта Францера йоI ялийча, я Белгера йоI Нохчийчохь вехачу кIанте маре яхча.
Цу тIаьхьарчу вариантехь бакъду, Европехьий, Нохчийчохьийн бехаш болчу къоначийн марелах шех цец ца валахь а, и захало новкъа-нацкъарло а йоцуш дIадирзича цецбовлуш нисло. ХIунда аьлча, цхьа могIа халонашца а, новкъарлонашца а доьзна хуьлуш ду и тайпа марелаш.
Хьалхарниг царна юккъехь – доккхачу декъехь Европехь вехачу жимчу стага, ша „иманах“ кхочуш кхачвелла лоруш волчу, ткъа Европехь кхуьуш долу нохчийн зудбераш шан ялолла иманехь, гIиллакх-оьзденгаллехь ца лорий, цIахь Нохчийчохь шена нускал хоржуш хиларна.
Хаьржина а, къайлаха, ша вехачу мехкан низам а дохош цIа а вахана, иза ялийначул тIаьхьа жима нускал Европе сехьа даккха вуно хала хуьлу. „Иманца“ кхиина волу и кIант мелла а комаьршаллина тIехь а сов ваьлла велахь, цо хаза виза а йоккхий, ялон ма-еззара кеманна тIе а хаайой, схьаялайо ша вехачу хIусаме шен зуда.
Амма „иман“ кхиарца писалла а кIентан амалца кхиинехь, цо иза ахчанна кхоаманна цкъа хьалха нах лелочу минибусца Беларусехула масех дийнахь новкъа а йоккхий, цул тIаьхьа Полше дехьайоккху. Я дехьаяла юьту, шегахь-м кехаташ хиларх терра, ша дехьа а волий.
Хийла нисло тIаккха жима нускал Полшерчу дозалардархоша дехьа ца долуьйтуш, кIиранашкахь а, беттанашкахь а Брестехь дуьссуш. Ткъа цул а ирчох хьал хIутту и нускал хIусамдас цхьана кхечу хийрачу я шен гергарчу зударийн Европерчу паспортаца дозанел дехьа даккха гIортахь.
Ишттачех цхьа Iоттабаккхам кху гурахь шуьйра бийцаре белира Малхбузерчу нохчийн диаспоршкахь. Ша далийна нускал шен гергарчу зудчуьн кехатца дехьаяла хьажийнера цхьана къоначу Европерчу майрчо. Нускалх цо тоьхна йолу цуьнан нана, дозалардархоша жима зудчух шекбевлла иза саца майина, кхера а елла, нускал цигахь а дитина, ша цуьнца а йоцучуха дехьаяьлла, дIаяхнера.
Ткъа къона зуда, цкъа а дозанхошца гIуллакх Iоттадаланза йолу, лаьцна, набахте йоьллинера, документашца бозбуанчаллаш лелорна бехке а йина. Цул тIаьхьа Нохчийчуьра шен да тIаьхьа а вахана цо набахтера мукъаяккхалца цу чохь шело а, мацалла а лайнера цо бохуш дуьйцу цхьаццаболчара. Цуьнан марелах хIун хилира, иза дас юха дIа ца йигира, я цхьанна хIуманна гуьнахь воцучу, амма зуда Нохчийчуьра бен ялон шен мах ца хетачу хIусамдех дIатуьйхира хууш дац.
Нагахь санна визанашца а, Полшехула бечу бехачу шогачу некъаца дерг а цхьа хало елахь, шозлагIа чолхе хIутту Европерий, Нохчийчуьрий вовшашца кхолламаш боза арабевллачу къоначарна хьалха дистанцехула мах барца доьзна. Вовшашна генахь Iачу кIентан - йоIан захало кхочуш дечу хенахь уьш вовшашна тIекхочехь бацахь а церан марел бусулба динан низамашца чекхдаккхарга бен-бен хьежамаш бу Iелимнахалахь а, юкъараллехь а.
Нагахь санна вайнахалахь дуккхаъчарна скайпехула я интернетехула мах бар хIинца а акха хетахь а, шуьйрачу юкъараллехь и хIума кхардамца а, ур-атталла сийдацаллийца, замано адам талхийна хиларца а тудуш делахь, дешначу наха цхьа могIа хьелаш лардичахьана генахь мах бар магадо и тайпа марелаш. Бакъду, уьш шуьйра юккъе дахарий, царах дела де дарий къобал ца до, ца ваьллачу хьелашкахь иза дан бехкамаш ца бахь а.
Венерчу доккхачу маьждигехь хьехамаш беш волчу нохчийн имамо Мусас кхетийра Маршо радионна, муьлхачу хьелашкахь магийна дистанцехула мах бар бохург.
Имам Муса: „Цигахь лардан дезаш долу хIумнаш лардичахьана, генахь мах бан магош ду. ЙоI реза хила еза. ЙоIана цу кIентан хьал девзаш хила деза, ша йоьдуш ерг мила ву хууш. Цу кIантан йоьIан хьал а девзаш хила деза. Юккъе биллина мах а хила беза церан. ТIекхочехь и шиъ дацахь, цу кIанта шен векал вахийта веза цу йоьIан вали волчу.
Юхь-дуьхьал уьш хIуьттуш дан деза иза, вай вовшийн гергар нах боцуш а дац, аренца дехаш делахь а. Цхьа стаг билгал а ваьккхина, шегара цунна пурба а делла, шена мах бан, вахийта везаш ву цо и цу йоьIан верасна тIе. Иштта лелийча гIолехь хир ду иза, ца далуш хала хIума а дац иза. Ткъа нагахь санна иза далур доцуш хьелаш делахь, тIаккха скайпехула, вовшийн сибаташ гуш а долуш, дан а магош ду иза“.
Генара мах бар билгалчу бехкамца ца магош дацахь а, дуккхаъчу имамаша и хIума шаьш къобал а ца до, я цу кепара дистанционан мах бан а ца бо. Иштта, Нохчийчохь, хетарехь а, цхьа молла вац цу кепара марел шегахула дойтур долуш.
Цкъа делахь, царна шаьш мах бечу кIентаца-йоIаца эвхьаза цамгарш ца хилар тIечIагIдеш долу лоьрашкара кехат оьшу, шозлагIа делахь, кIант я йоI мичахь а ду ца хууш цара марел дар къобалдан хIуттур вац царех цхьа а, хIунда аьлча хийла хилла тIаьхьарчу шерашкахь цу кепара къайлахчу я генарчу захалонашкахь зуда ялош верг я маре йоьдуш ерг Шемахь я Иракъехь я кхечу меттехь террорхойн декъахь волуш нислуш.
Нохчийчуьра молланаш хилла ца Iа дистанционан мах ца беш юхахьбевлларш. Хетарехь, йоллучу Оьрсийчохь а бу молланийн хьежамаш цхьатерра. Иштта, масала, цу хьокъехь шега деллачу хаттарна жоп луш Татарстанан коьртачу къедано Фазлыев Джалилас аьллера Исламревью агенталле, ша и тайпа мах бийр бац, хIунда аьлча уггаре а хьалха зудчуьн бакъонаш ледар хир ю цу кепарчу марелехь аьлла.
„Никах дечу хенахь зудчунна а, боьршачу стагана а карадIалуш ду цара марел дина хиларх тоьшаллаш. Цу документо шарIаца зудчунна бакъо тIечIагIйо, иза юьтуш хилахьь цунна цаьршиннан бахамех дакъа кхача йолу. Ткъа и документ ца хилча цуьнан и бакъо а хир яц“, - элира цо.
Амма доьзалера юхуш хилахь ишттаъ-вуьштаъ кIадда а ца кхочуш шен цIа яха езачу нохчийн зудчунна-м и башха мехала а дац.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832