ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эскаре ца бигарх дахар ца духу нохчийн кегийрхойн


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан армехь хIумакхалла кечлуш бу салттий, 28Гезг2008
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан армехь хIумакхалла кечлуш бу салттий, 28Гезг2008

Шарахь шозза кегийрхой Оьрсийчоьнан эскаре буьгу хан тIе масозза кхочу хаттар хIутту, нохчий буьгур буй арме олий. Кху деношкахь эскаран могIарш дузар дIахьош далахь а, цу хаттарехь йист яьлла яц.

Цу хеннахь луларчу Дагестанера бахархой реза бац Оьрсийчоьнан эскаре шайн кегийрхой бигаран квота лахъярна. И бахьана долуш хаттар кхоллало Къилбаседа Кавказера нах Оьрсийчоьнан пачхьалкхехь лоруш буй те олий, бохуш дуьйцу шен талламехь цу Дагестанерчу журналисто Фатуллаев Милрада.

ХIара бутт болалуш Оьрсийчоьнан тIеман министраллан инарла штабан куьйгалхочуьнан когаметто инарло Смирнов Василийс дIахьедар дира, кху шара эскаре кхойкхур болчу кегийрхойн терахь хир ду 150 эзар стаг аьлла. Цу юкахь хир бу Къилбаседа Кавказера нах а элира цо. Амма Смирновс ца дийцира ша буьйцучу нахана юкъахь нохчий хир бу, я бац.

Хууш ма хиллара, нохчий арме ца буьгу дикка хан ю. Иза коьртачу декъана доьзна ду цигахь ши тIом хилла хиларца. Амма официала кепара шолгIа тIом дIабирзина а ду 10-12 шо. Иза тидаме эцча, догIуш хир дара нохчий а, массо а Оьрсийчура къаьмнийн векалш санна, эскаре буьгуш хилча.

Нохчий Оьрсийчоьнан эскаре буьгуш ца хиларо йоха йо церан шайн даймохк ларбан йолу конституцин бакъо аьлла хеташ болу нах а бовла политикашна а, юкъараллин жигархошна а юкъахь. Бакъдерг аьлча, уьш коьртачу декъана кхечу къомах нах хуьлу.

Царах ву Дагестанера «Настоящее время» газетан редактор а, «Независимая газетан» хьажархо а волу Фатуллаев Милрад а. Кавказан муьлхха а регионера кегийрхой арме бигар лахдар кIоршаме Конституци йохор а, адамийн бакъонаш талхор а ду аьлла хета цунна.

Тамашийна далахьа, цо чIагIдарехь, Дагестанера кегийрхой Оьрсийчоьнан арме баха лууш бу. Ткъа уьш а, кхечу республикашкара нах а цкъа арме буьгуш, юха ца буьгуш политика лелоро хаттар кхуллу, вай цхьана махкахь дехаш дуй те олий, бохуш яздо Фатуллаевс шен рогIерчу кегийрхой эскаре бигарна хьажийначу артиклехь.

Карарчу хенахь Оьрсийчоьнан эскарехь гIуллакх деш болу эзарнаш, эзарнаш оьрсийн эпсарш Нохчийчохь хиллачу тIамех чекхбевлла бу. Ткъа кхераме дац, цара Нохчийчохь дина зуламаш тидаме эцча, цу эпсарийн куьйга кIел нохчийн кегийрхой бахийтар аьлла, хаьттира оха Фатуллаев Милраде. Цо делла жоп иштта дара.

Фатуллаев Милрад: «Нагахь цхьадолчу, нохчий кхочур болчу, эскаран дакъошкахь Нохчийчохь гIуллакх дина нах хилахь, цу кепара инциденташ хила мега. Амма карарчу хенахь Нохчийчохь гIуллакх деш болчу оьрсаша а, нохчаша а латточу юкъаметтийн зеделлачо гойтуш ду церан аьтто хилар юкъаметтигаш лело агIонаш каро».

Фатуллаевс юьйцу карарчу хенахь Нохчийчохь болчу оьрсийн а, нохчийн эскархойн юкъаметтигаш цхьа ша лаьтташ долу хатар ду. Амма Оьрсийчоьнан, я цул хьалха Советан пачхьалкхан армехь хиллачу нахана дика девза цигахь лелаш долу гIиллакхаш.

«Дедовщина» олуш йолу и сакхте юкъаметтигаш ца евзаш хир вац махкахь наггахь а стаг. Уьш ца хилча а, хилла тIемаш бахьана долу шайн бераш арме дигарна дуьхьал бу дуккха а Нохчийчура вайнехан къомах болу бахархой. Церан сингаттам бух болуш бу аьлла хеташ ю «Ненан орца» цIе йолчу юкъараллин цхьаьнакхетаран куьйгалхо Межидова Зайнап.

Межидова Зайнап: «Аса бохуьйтур бацара вайн кегийрахой цига. Тоьар ду, царна кхузахь тIом боьдучу хенахь гинарг а. Дуьненчу бевллачхьана царна гинарг хIун дара? ТIе етташ бомбанаш а, детта герзаш дара.

Дуьне ца гина царна. ХIинца а уьш, церан буйна бахийтар санна хуьлу. Вай чохь бахийта мегар ма дара арме. МостагIашна юккъе муха бохуьйту уьш? Церан лайш а хилла муха лелуьйтур бу вай уьш?».

Нохчийн кегийрхой эскаре бигарна дуьхьал ву «Нохчийн къам кIелхьардаккхаран комитет» цIе йолчу бакъонашларъяран цхьаьнатохараллан куьйгалхо Бадалов Руслан а.

Бадалов Руслан: «Суна хетарехь, уьш буьгур бац. Бигча, суна нийса ца хета. Нохчийчохь хилла тIемаш бахьанехь вайга цабезам болуш бу эскархой. ГIело ян а гIертар бу. Амма нохчаша, бакъдерг дийцича, шайна меттиг йоккхур ю. Цхьа Iаткъам боцуш хир дац иза».

КIорггера таллам ца бинехь а, гучу суьртаца кIезиг нах болчух тера ду Нохчийчохь Оьрсийчоьнан эскаре гIуллакх дан баха хьагбелла. Цундела, иза тидаме а эцна, бIегIийла хир дара, нохчий Iад а битина, цига баха лууш болу нах Оьрсийчоьнан арме бигича бохуш бара, оха цу хьокъехь оха къамел дина болу Нохчийчура бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG