ДегIастанал арахь дуккхаъ шерашкахь бехачу нехан цхьаццадолчу хIумнех болу кхетам а, церан хьежамаш а хийцало, шаьш бехачу юкъараллийн тIеIаткъам бахьана долуш. Хийцало иштта Даймахке а, шайн дахаре а, шаьш лайначе а болу хьежамаш. Цкъа цхьана хенахь вуно мехала а, ца хилча ца мегаш хетта долу хIумнаш башха а доцуш санна хета дуьйлало, ткъа цIахь долчухенахь терго а ца еш хилларш, мелхо а, деза а, сийлахь а хетало.
Дуьнене хьежар а, хиллачух дагалецамаш а, лайначух рефлекци яр а, иза сица литтар а ша-башха хуьлу. ТIом а, цунах болу дагалецамаш. Амма иштта ша Даймохк, цуьнан васташ а. „Шен Даймахках кхета лууш верг, иза бита а битина, гена вала веза“ - олуш хилла хьалха заманийн философаш. ХIунда аьлча, геналлера го хьайн мехка хазалла а, амма иштта цуьнан сакхташ а.
Бакъду, цкъа а баьхначу меттигех къаста а, Нохчийчуьрчу юьртара юьрта дIасавахар бен, кхин хийра а, гена а лаьттанаш ца гуш, ца девзаш бIешерашкахь дуьйна баха Iеминчу вайнахана, мелхо а, геналлера и Даймохк ша болчул а хазлой, исбаьхьа хетало. Цигара хIаваъ а, цигара марзонаш а, цигара массо а хIума а цхьаьна тодинчу, серладаьллачу басаршкахь го дукхахчу Малхбузехь бехачу махкахошна. Дицдан, дIататта гIерта шаьш Даймохк буьтучу хенахь цуьнан хилла сибат. Цунна метта цхьа керлачу, бакъдолчехь данне а доцуш долу исбаьхьчу басаршкахь дуьхьалхIиттадо шаьшна ДегIастан сурт.
Иштта цIехьа сатийсарца дехаш долу адамаш, доккхачу декъехь, шайн карарчу хенаца а ца бехаш, дIадаьллачуьнца я цкъа мацца а, Нохчийчу юха а дирзина, цигахь хиндолчуьнца дехаш хуьлу. Ткъа и бахьана долуш шайн дахарх а, керлачу аьттонех а, кхиамех а марзо ца эцало цаьрга. И дерриге а, кхечу, иштта вай санна мухIажаралла тIедоьжначу къаьмнийн диаспораша лайна а, къоман Iилманчаша теллина а хIумнаш ду – муха хийцало хийраллехь бехачу нехан хьежамаш? ХIун тIеIаткъамаш лов цара? ХIун хийцамаш хуьлу хIинцалца схьа Iадатийн низамаш бен ца девзаш баьхначу доьзалшкахь? ТIаьхьарчу цхьана-шина шарчохь и тайпа талламаш Европехь бехачу нохчийн мухIажаршна юккъехь дIахьош ю социолог, Нохчийн пачхьалкхан университетан профессор Курбанова Лида. Белгехь а, Германехь а, Францехь а, цхьа могIа кхечу алсам вайнах бехачу Евробертан пачхьалкхашкахь цуо толлу, нохчийн доьзалийн ламасташна хилла я хуьлуш болу хийцамаш а, къаьстина зударий а, божарий а доьзалехь йолчу меттигашна хуьлуш болу тIеIаткъамаш а.
Маршо радиога ша профессора Курбанова Лидас дийцира шен талламийн башхаллех лаьцна.
Курбанова Лида: „Сан доктор белхан диссертацин, зорбане яьллачу монографин а коьрта тема – иза зуда а, боьрша стаг хIокху вайн замане хьаьжжина хийцадар. И монографи бахьана долуш Белгерчу цхьаьна университетехь лекцеш еша кхайкхинера со. Царна хаа лууш дерг а, ас айса сайн Iилман белхашкахь толлуш дерг а ду, зударшна а, божаршна а дино а, Iадаташа а тIедехкина хилла декхарш а, бехкамаш а заманан тIеIаткъамца муха хийцало бохург ду. Цу хийцамийн бахьанаш а, таханлера хьал а, кханенна вай хIун кховдон деза а“.
Нохчийчохь а, Оьрсийчохь а хIинцале а цхьа могIа Iилман белхаш арахецна Курбанова Лидас нохчийн юкъараллехь гендерийн, аьлча а божарий, зударийн ролех лаьцна. Цуьнан рогIера кесталгIа араяьллачу Iилман монографин цIе ю „Нохчийн гендеран шаьш-шайн идентификацин проблемаш“ аьлла. Цу тIехь цуо теллина Нохчийчохь а, Оьрсийчохь а бехачу нохчашна юккъехь теллинера цуо и гендерийн хеттарш. ХIинца Европехь а оццу зударийн, божарийн ролаш нохчийн юкъараллехь хийцаяларан хеттаршца болх беш ю иза. Курбанова Лидас дуьйцу кхин дIа а.
Курбанова Лида: „Зударша а, божарша а бен-бен тIеоьцу махках валар а, цуьнца боьзна болу хийцамаш а. Шен цIера араваьллачу боьршачу стеган ойла кхечу тайпан хуьлу зударийн чул а. Цуо хийцамаш вуно хала тIеоьцу. ЦIенна чIогIа сагатдо цуо, цуьнан керлачу хьелашка йолу адаптаци вуно хала а дIайоьду. Кхечу пачхьалкхехь уьш нисбелча-м хIетте а. Нохчийн Iадаташца а, културица а долу хIумнаш цунна лазаме хуьлу. Ткъа зудчуьна, денна болх а беш, миччахь а елахь а, шен доьзална сискал яккха гIерташ иза хиларна, цу хIуманийн ойланаш ян цуьнан йиш ца хуьлу, я хан а ца хуьлу“.
Европе а, йоллучу Малхбузе а нохчийн къоман цхьа доккха дакха дIадохаран бахьана вуно ирча а, лазаме а хиллехь а, амма шеко а йоцуш, цу дIадохарца шен пайданаш а, дика агIонаш а ю бохуш дуьйцу профессора Курбанова Лидас. ХIунда аьлча, цкъа делахь, къомана оьшуш ду, шега а, шен ламасташка а генара хьажар. Ткъа шозлагIа делахь, Малхбузехь кхуьуш нохчийн керла чкъор ду, цигахь деша а доьшуш, Iама а Iемаш, дуьне муха деха а, кхуьу а гуш.
Курбанова Лида: „Къома юккъехь ма-хиллара, иштта зударшна юккъехь ю тайп-тайпана социалан кепаш. Масала, цхьаболчу зударшна атта хуьлу, керла хIума тIеэца а, шен хIинцалца схьа хиллачу дахаран кепе критикца хьажа а. Ишттаниш вуно кIеззиг нисло. Цуьнан дешар дешна хиларца а, жималлийца а доьзна хуьлу иза. Цхьа кхин зударийн тайп ду, кхечу къаьмнийн низамаш, Iадаташ а довза доладелча, шен дахаре ревизица хьежа йолало иза.
Шен хIумнах дIакъастар дац иза, кIоргера анализ яр а, ойла яр а ду. Цуьнан дуьнене хьежар шордалар ду иза. Иза заманца цхьаццадолчу хIумнашна реза ца хилча, цунна наха атта цIе кхуллу, кхечу пачхьалкхе а яхана, кхечарех дIатарйала гIерташ ю олий. Иза ниIса дац. Мелхо а, иза шен дахаран мах хадон Iема. И мах хадор вуно мехала ду. Вайн къам махках даларан бахьана мел къиза а, ирча а хиллехь а, амма цу махкахдаларо вайна иштта дуккхаъ пайда а бохьу. Вайн бераш ду кхиаме доьшуш а, кхуьуш а. Вайн вешан аьтто бу вайн дахаран мах хадон. И мах хадон вай Iемар дацара, вай цIера арадевлла ца хиллехь“.
Малхбузехь бехачу нохчийн цхьа хIара ду аьлла юкъара сурт хIоттон цкъачунна дукха хьалхехь лору Iилманчано Курбанова Лидас. ХIинца а шаьш шайн мах хадорехь а, дуьненах а, шайх а кхетарехь кхин а беха некъ бу царна хьалха лаьтташ. Амма коьртаниг, цунна хетарехь, адамаш шаьш беркате долчу керлачунна дегнаш схьадиллина хилар а, шайн къоман синкхетамца ца догIуш а, цунна хийра дерг дIакъастон хууш а хилар ду. Иза шена Малхбузехь бехачу вайнахаца ган а го боху цуо.