Цунна ца хаа, кхузахь шена тIе хIун кхочура ду, я муьлхачу халонашца къийса дезар ду, я Даймахкана сагатдаларо лаг Iовдур я, мелхо а, керлачу дахаро керла ирс а, аьттонаш а лур, хIинцалца оьрсийн къизачу оллала кIелахь лан мел безна баланаш биц а беш. Дерриге а хила тарло хийрачу махкахь, ткъа и некъ юьхьаралаьцнарг – и дерриге а тIеэца кийча хила везаш ву.
Цу кепара хийрачу махка кхача а, кхаьчначул тIаьхьа цигахь дIатарбала а арабевллачу мискачу нехан дакъазаллех а, церан боцучу аьттонех, йишйохарх а шайна баккхий пайданаш бан Iемина, цуьнца цхьана, дийна цхьа тобанаш а, цхьа-цхьа жоьлга-нах а. Цара мухIажаршна тIехь йоккхуш йолу санаш а тайп-тайпана ю - яккхий тIокалш цу хIуманна тIехь каракхочурш а бу, пайдабоцучу жоьлгаллех тоам беш берш а бу.
Яккхий кийсакаш кхочучарех бу Нохчийчуьра дIаболабелла ширачу континентан генарчу хийистошка кхаччалца мухIажаршна схьакхача накъосталла деш, уьш Европе схьабахкош болу нах, цхьацца фирманашкахь а, ах-легалечу я къайлахчу тобанашкахь а белхаш беш болу. Цара таро йолчарна визанаш йоху, новкъ-нацкъара хIума а доцуш Евробертан муьлхачу а махка схьакхача.
Ткъа киса мелла а гIийла дерш цара я Белоруссе я Польше схьакхачабо, цигахь Дала делла хьал ду, цхьа а хало а йоцуш, цигара шаьш лоьхучу махка дехьадовлалур ду шу, олий. Ца дуьйцу цара цу мехкашкара пIелгийн лораш я даккхий ахчанаш ца дохуш, уьш я дехьа а, я сехьа а бовлалур ца хилар.
ТIаьхьарчу хенахь кхин а эхьдоцуче бирзина Европе баха арабевллачу мискачу нахана тIехь сайоккхуш болу зуламхой. Цара Нохчийчохь а, ткъа иштта Польшехь мухIажарийн лагершкахь кхечу Европерчу мехкашка дIабаха аьттонашка ладоьгIуш Iаш болчу нахана юккъехь лерина хабарш даржадо, гергарчу баттахь я шина баттахь я ах шарахь оцу я вукху Евробертан пачхьалкхехь цхьа а новкъарло а йоцуш, тIеоьцур болуш бу Нохчийчуьра мухIажарш, бохуш. И мур дIабалале дIакхача деза шу цига, вуьшта дуккхаъ дукхох ахча дала а дезар ду, я делча а, тIеоьцур а дац шу, бохуш.
Масала, карарчу хенахь шуьйра дийцаре деш ду Нохчийчохь тIебогIу чиллан бутт чекхбаллалц Германин Iедалша сацам бина, нохчийн мухIажаршна „позитиваш“ схьаяла, бохуш. Амма и дерриге а мухIажарш бовла дагахь арабевлларш дIасалелочу наха шайна са яккхархьама лелош хIума ду.
Цуьнан тоьшалла до Берлинехь немцойн-кавказхойн доттагIалин юкъараллин куьйгалхочуьн гIоьнча волчу Душуев Рахьмана а. Цунна дика девза, Германехь бехачу а, цига хIинца а тIеоьхучу а вайнехан мухIажарийн хьал.
Душуев Рахьман: "Даима а ца хуьлу мухIажаршна хуьлуш долчу зенашна хийра зуламхой бехке. Хала хеташ делахь, цхьаццадолу хьаштдоцурш цхьаболчу вайн махкахойн тIамарх доьлла долу сакхташ бахьана долуш а нисло цаьрца. Масала, кхаьънаш далар царна марзадела хилар бахьана долуш.
Оцу шайн амалца цара Европехь а талхадо шаьш шайн хьал. Масала, шайна цхьа гIуллакх динчу меттигерачу нахана, - хуьлда уьш лоьраш я гочдархой я адамийн бакъонашларъярхой, - кисана сом -эппаз таIон гIерта цхьаболу вайнехан мухIажарш.
Нагахь санна, дукхахболчу немцошца я австрихошца и хIума чекх-м тешна а ца долуш, мелхо а, уьш инзарбохуш нислахь, Европерчу пачхьалкхашкахь шортта болчу цхьана хенахь Советийн пачхьалкхе хиллачу мехкашкара схьабаьхкина болчу говзанчаша, я оьрсийн говзанчаша - изза гочдархой я лоьраш болчу, - хаза а хеташ, схьаоьцу шаьш мехаза бан декхарийлахь болчу балхах кхаьънаш.
ТIаккха „ва-а, хьенеха гIуллакх до шуна, цунна тIе гIолаш“, бохуш, вовшашка кхаьънаш а дохуш, и стаг я и нах шайн куьйга баха ховша бо вайнехан мухIужарша. Къаьстина хаза хета вайнахана оьрсийн лоьрашна я оьрсийн мотт буьйцучу лоьрашна тIеоьхуш. Уьш шайн къаьънашца бузош а".
Иштта долу хIума хийла гина Берлинерачу жигархочунна Душуев Рахьманна а. И хIума ма леладахьара аш, аьлча а, шайна цхьана хIуьттарена бохуш санна хета, бохуш дуьйцу цуо.
Душуев Рахьман: „Кхуза схьакхаьчначул тIаьхьа вайн мухIажарш, шайн цхьацца хьашташна кехаташ гулдеш, оьрсийн лоьрашна тIе боьлху. Цара шайна луш долчу кехатех царна кхаьънаш а луш, царна и соьмаш дала марзабелла уьш. ХIокху цхьана Берлинехь масех волу куц ду цу мухIажаршкара цу кепара ахчанаш ийдеш болу лоьраш.
И кехат цара делча а, ца делча а, ян езаш йолу процедураш кхузарчу Iедало ша ян ма -еззара йой, чекхйоккху. Цундела и соьмаш кхийдо ца дезий хиъча дика дара вайн нахана. ХьастагIа, цхьана зудчо боху соьга, иштта цхьа юкъаралла яра шена гIо дийр ду аьлла, царна ша хIун там бан беза теша, аьлла?
Ас боху, царна ахь хIумма а дала а ца деза, иза церан болх бу. ТIаккха цуо юха а боху соьга: „Делахь, хьенех, мах бича, моллина а луш ма хуьлура хIума, иллаъ-биллаъ цхьа там бан лаьара суна царна“. Ма леладахьара аш и хIумнаш аьлча кхета а ца кхета“.
Цунах терра хIума дийцира Маршо радионе Францехь ехачу цхьана нохчийн журналиста а. Хийла цхьацца шена бевзачара аьлча, мухIажаршна Оьрсийчохь кхераме хьал а ду, царна тховкIело лахьара, олий, шен цIарах тоьшаллаш яздора ша, бохуш, дийцира цуо.
Цкъа цхьана дийнахь шега цу кепара кехат яздар деха еанчу цхьана зудчо, бохча хьала а даьккхина, хаьттира бохура, хIун дала деха хьуна, аьлла. Дукха цецъяьллачу ша элира бохура тIаккха, хIокху йоккхачу Европехь ахь ша суна цхьа сом делла аьлла стаг схьавийцахь, аьлла. „Бакъдерг аьлча, даккха-м догIура шуьгара и ахча, шаьш ахча делчий бен шайна дина гIуллакх дош ца хеташ болчу“, - аьлла тIетуьйхира ша бохура.
ХIетахь дуьйна кхин цхьанна а цхьа а тоьшалла ца яздина ша бохура цу журналиста, нохчийн мухIажарш шаьш шайн сакхтехь цIанбала буьйлабаллалца яз а дийр дац ша.