ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йочано зе дина Нохчийчура латталелорхошна


Нохчийчоь -- Йочанаш латтар бахьана долуш, ялтан кхоалгIа дакъа хIаллак хилла Нохчийчохь.
Нохчийчоь -- Йочанаш латтар бахьана долуш, ялтан кхоалгIа дакъа хIаллак хилла Нохчийчохь.

Цхьа бутт хьалха Нохчийчохь долийна долу ялта гулдар хIинца а дIадирзина дац. Иза алсам ду бохург дац иза. Ялта хьийкъина хиллера хIокху шарахь, амма мархийн бутт болабалале цхьа ши кIира хьалха ша ведар чура санна дехха ихинчу догIанаша, дукхачу меттигашкахь иза хIаллак дина.


ХIинца а хIора кIошташкахь юьртбахаман аренашкахь диснарг схьагулдан гIерташ бохку белхалой. Шела-кIоштарчу цхьана юьртбахаман куьйгалхочо Увайса бахарехь, цу тайпа хьал ерриг республикехь а ду.

Увайс: «Ялта чудерзор долийча, цхьана баттахь догIанаш ма ихирий. Ехха ишшта йочана лаьттича, цо ялта дIадижадо.ТIаккха асар а хьалахьоду. Мукъ а, сула а, кIа а дара оха дIадийна. ХIинца, тхайга схьагуллуш дерг, гулдан гIерташ хьийзаш ду-кх тхо.

ХIокху шарахь санна хилла дац стохка а, ян цулла хьалхарчу шерашкахь а.Цхьаццанхьа ша тоьхна дохийна дIадийна долу ялта, вукханхьа охьадижна. Махкахь массанхьа а ду-кх и сурт».

Мехкан юьртбахаман министраллан лараршца, тахана Нохчийчохь 30 эзар гектар тIера ялта дайна . Ша дерриг махкахь иза дIадийна 80 эзар гектар хилла. Карарчу хенахь схьалахьо кхиина 28 эзар гектар тIера. Уггаре а дукха ялта чудерзоран жамIаш гайтина ТIехьа-Мартан кIошто. Ала догIу, оцу регионан коьртехь вара ша юртбахаман министр хIоттале Дадаев Муса.

Грозный-кIоштахь, Iедалера латта схьа а эцна, цу тIе ялта а дуьйш, дукха хена дуьйна иза лелочу Руслан цIе йолчу стаганна а хилла зе. Цо лелош йолчу 30 гектар тIера 15 тонн бен кIа ца даьлла шена бохуш, вара иза. Ялта дар бахьанца, хIокху гуьйранна коьртачу сурсатийн мехаш хьаладовла мега аьлла, хета цунна.

Руслан: «Кхалларан а, кхечу юучуьнан а, мехаш хьаладевр ду. ДIадийна долу ялта коьртаниг ма ду».

Нохчийчохь юьртбахамашна Iедалера алсам гIо оьшуш хилар билгаладоккху шаьш ахархоша а. Амма гуш долчу суьрталла кхин гена ца долу гIуллакх. Ахархойн бахамаш Къилбаседа Кавказехь уггаре тоьллачарех хила беза аьлла, дIакхайкхийна дара мехкан Iедалша.

Царна оьшуш болу гIирс а, техника а хир ю аьлла, дийцина а дара. Амма хIора юьртабахам, цхьацца министраллашна тIебожоралла совдаьккхина кхин хIума дац дина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG