ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дубровкера бохам – Кремлан къайле


Орсийчоь -- Оьрсийчоьнан лерринчу полицин декъан белхахо ву нохчийн гIаттамхоша дIалаьцначу Дубровкерчу театрна хьалхахула волуш, 25ГIад2002
Орсийчоь -- Оьрсийчоьнан лерринчу полицин декъан белхахо ву нохчийн гIаттамхоша дIалаьцначу Дубровкерчу театрна хьалхахула волуш, 25ГIад2002

Замано бай ца бина театрна штурм еш йийначу 14-шо хиллачу Нинин ден Миловидов Дмитрийн бала. ОьгIаз а оьхуш, дуьйцу цо 57 сохьтехь нохчийн тIемалоша закъалтана лийцина нах маьрша боху аьлла, цуьнан йоI а юьш 2002-чу шарахь ГIадужу-беттан 26-чу дийнахь кхимаза дIаяьхьначу кхелхьадахаран операцех лаьцна.

130 стаг вийра цу операцехь. Царах дукхах берш, шайна юкъахь Нина а йолуш, белира тIемалой эшор Iалашонца Дубровкеру театрна чухецначу дIаьвшен газах.

Миловидов Дмитрий: «Лелийначу лерринчу газо Iаткъам бина садаIаран центрна. Цу гIуллакхо саций садаIар. Са а ца доIуш, мел Iалур ду адам? Таккха дог сецна. Цу тайпа дIаьвшах пайда эцнера тхан берашна дуьхьал».

Миловидов ша цу сарахь вацара 40 сов стага Дубровкерчу театрехь, Норд-Ост спектакл гойтучу сцени тIе а иккхина, цу чохь волу 700 стаг закъалтана а лаьцна, Нохчийчура тIом сацор Оьрсийчоьнан Iедалшна тIедожош.

Нина цу спектакле хьажа яханера шен 12 шо долчу йишица Еленица. Бераш дIахеца тIемалой реза хилча, Нинас дехнера ша а, шен йиша а араялийтар. Амма дIахецнарг яра жимах йолу Елена.

Миловидов Дмитрий: «Нина цу чохь йисира.Даиман а. Цара иза дарбанцIийне а ца йигинера, цара цунна дарба а ца лехнера, документаш гойтуш ма-хиллара. Цара автобус чукхоьссинера иза, телекамерех къайлайоккхуш».

Дубровкерчу театрехь беллачеран гергарачара дийцарехь, царах дукхах берш белла, шен хеннахь лоьрийн гIо цакхачар бахьана долуш. Цу наха бехке деш ду Оьрсийчоьнан Iедалш, и нах бойуш шайн бехк хилар даре ца дарна.

10 шо даьлча а талламхошна хууш дац уьш баларан билггала долу бахьана. Цу балех хьалхабевлларш а, беллачеран гергаранаш а оьгIаз оьхуьйтург ду Iедалшна шаьш лелийнарг хIун газ ю дийца лууш цахилар.

Оццу хенахь Iедалша чIагIдо цхьа а бер делла дац, театр гонехь латтош бохуш. Амама беллачеран доьзалша дуьйца, лаххара а 10 бер цу театрехь дийна, ткъа 69 бер да, я нана йоцуш дисина бохуш.

Iедалан векалша шаьш динарг дика гIуллакх дара бохуш, дIахьедарш дира. Массо а тIемало вийна шаьш, эскархошна юкъахь дараш а доцуш бохуш, дазаллаш дора цара. Амма тIаьхьо гучуделира баккъал а хилларг. Видео тIехь гуш ду кхетамчура бевлла закъалтхой, театрера ара а текхош, автобусаш чукхуьссуш.

Царна гIо деш хиллачу лоьрийн аьтто ца белира цхьаболу нах кIелхьара баха, Iедалша хецнарг хIун газ ю ца хууш.

Карпова Татьянас дуьйцу шен кIант, вевзаш волу композитор Карпов Александр, лоьрийн машен чохь веллера, 7 сахьт автобус чохь декъешна юкъахь даьккхинчул тIаьхьа бохуш.

Карпова Татьяна: «Сан кIант велла суна мостагIчунна а хила луур доцучу Iожаллах. Цхьа а деш гIо а доцуш, 7 сохьтехь Iиллина иза беллачу нехан декъешна юкъахь. Цигахь цу тайпа хIуманаш дуккха а хилла. Тхо цкъа а къинтера девр дац, иза дарна».

Норд-Остехь байинчу нехан гергарачара а, цигахь эшам хиллачара а бехке во Путин Владмир, цо дIаьвшен газ лелон бакъо луш омра а делла, цултIаьхьа хилларг хьулдеш дакъалацарна.

Стохка ГIуран-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело сацам бира латкъам бинчу 64 стаганна 1 миллион 300 эзар евро барамехь компенсацми ло аьлла. Цо сатийсам беллачу наха кху баттахь юхаталлар дийхира Норд-Остехь хилларг. Амма 10 шо даьллехь а бакъдерг цаьрга дуьйцур ду олийла дац.

Иштта ойла йолуш ву, масала, кхерамазаллин хаттаршкахула волу эксперт Сухов Иван.

Сухов Иван: «Юкъараллан балакхачар а дIадаьлла, тIехула тIе, оццула дукха шераш девллачул тIаьхьа, цхьаъ каро хала а хир ду, таллам беш хилча а. Амма и гIуллакх дижа ца дуьту, масала, Оьрсийчоьнан Федерацехь адаман дахаран оццул бораха мах хадорца йоьзначу проблемина тIе тидам бахийта гIерта тоба санна болчу наха. Амма таллам беш цаьрга цхьа а хIума далур ду аьлла, ца хета суна».

Амма Дубровкехь беллачеран гергарачарна шаьш деккъа бакъдерг лоьхуш къийсина аьлла ца хета.

Карпова Татьяна: «Цхьаьнге а алалур дац, цу тайппа хьал юха хIуттур дац аьлла а, цу наха иштта ледар кIелхьардахаран операци дIахьур яц аьлла а. Оха иза до цу тайпа, оха лайнарг санна бохам, кхин ца хилийтар Iалашонца. Иза ду оха къуьйсуш дерг».
XS
SM
MD
LG