Соьлжа-гIалахь дIадакка долийна 2000-гIа шераш долалуш дина хилла долу маьждиг. Кавказский Узел интернет агенталло бинчу хаамца, карарчу хенахь вовшахяккхина мIомсар. ДIадаьхна кораш а, неIарш а. ДIасадохуш ду кибирчагийн пенаш.
Кавказский Узело дийцарехь, ши шо хьалха дIаяьккхинчу базаран уллехь лаьтташ долу и маьждиг, коьрта лоруш дара Соьлж-гIалахь. Иза дIакъоьвлинера 2011-чу шарахь. Iедалша дIахьедар дира, маьждиг дIакъовлар доьзна ду цу гIишлонна кира-басар дан оьшуш хиларца, аьлла.
Нохчийчоьнан коьртачу гIалан рузбан-маьждиг дан долийра 1989-чу шарахь. Цунна оьшуш долу ахча вовшахтуьйхира ерриг а республико. Амма и маьждиг дале тIом иккхира. Тiаьхьо, Шейх Арсанов Денин тIаьхьалончаша рицкъ а карийна, 2000-гIа шераш дуьйлалуш аьтто белира иза чакхдаккха.
Цу маьждигана чу тарлора 1500 стаг. Соьлж-гIала баьхкина болу хьеший коьртачу декъана цу маьждиге болхара ламаз дан. Тахана и маьждиг дохорна реза боцуш бу цхьаболу бахархой, бохуш, дуьйцу Кавказский Узел интернет агенталло.
Амма иза дуьххьарлера маьждиг дIадаккхар дац Нохчийчохь, бохуш, гергам бо, Къилбаседа Кавказера хьал шен тидамехь латтош йолчу, Британерачу аналисто Фуллер Элизабета.
Фуллер Элизабет: Исламо маьждигаш дохор дехкахь а, хIара кхоалгIа маьждиг ду цу тайпа дохийна долу. Стохка гIалахь дIадаьккхира дIоггара баш шира доцу маьждиг. Ткъа 2009-чу шарахь изза дира Гуьмсерачу коьртачу маьждигана. И маьждиг латтош берш бара ЯмадаевгIеран вежарий. Царах шиъ Руслан а, Сулима а вийра Кадыровца дов даьлла дукха хан ялале.
Кху кIирнах You Tube олучу интернет порталана тIехь гучуелира Имарат Кавказ олучу тобан куьйгалхочуьнан Умаров Доккин видео. Цу тIехь 20 минотехь цо дуьйцу Къилбаседа Кавказехь шаьш дIахьуш болу къийсам муьлхачу хьолехь бу бохучух лаьцна.
Умаровс динчу къамелехь шена тIе тидам бохуьйтуш масийтта хIума ду. Хьалхарниг ду тIемалойн могIашкахь хиллачу цакхетамех лаьцна цо аьлларг. Питана чIогIа шайна лазаме хиллехь а, иза дIадерзарна ша реза хиларх лаьцна дуьйцу цо.
ШолгIа далахь, Умаровс цIераш ца ехира, шена дуьхьала а боьвлла, юха шена муьтIахь хиллачу тIемалойн куьйгалхойн. Коьртаниг барт бан аьтто балар ду, аьлла, хета цунна.
КхолгIа Умаровс гIаттийна долу хаттар дара ФСБ-но 500 миллион доллар делла Кавказ Имаратана, бохуш, даьржина долу эладита. Иза бакъ дац, элира цо.
ТIаьххьарниг дара Умаров Докка Iамеркан пачхьалкхан департаменто террористийн цIейозанна юкъатохарх а, цунна айкх ваьллачунна 5 миллион доллар барамехь ахча кхайкхорах а лаьцна долу хаттар. Иза а шен агIора дерзо некъ лехира Умаровс, бохуш, дуьйцу Британерачу аналисто Фуллер Элизабета.
Фуллер Элизабет: Гуш ду Умаровна хилларг дика дага догIуш ца хилар, я цо, хаа а хууш, хилларг харцахьа доккхуш хилар. Цо чIагIдо Iамеркан пачхьалкхан департаменто дина долу дIахьедар Iалашо йолуш дара шех дIакъаьстина болчу амирашна гIо дан а, гIаттамхойн барт бохо а, бохуш. Амма цхьаболу тIеман куьйгалхой Умаровх дIакъаьстира Марсхьокху-баттахь, Iамеркан Пачхьалкхан департаменто, ахча а кхайкхош, дIахьедар дина масийтта бутт баьлча.
ГIалгIайчохь адамаш лечкъор сацаде, аьлла, дIахьедар динера кху беттан 10-чу дийнахь ГIалгIайчурча Мехк-Кхел олучу юкъараллан декъашхоша. Цара дийцарехь, кху тIаьхьарчу хенахь мел-лаххара а 88 стаг лачкъийна цу республикехь. Цу гIулкхана бехке бу, аьлла, хета Мехк-Кхелана ницкъаллин структурийн белхахой.
И шайн дехар дIахьажийнера цара Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат волчу Хамчиев Билане а, Федерацин Кхеташонан декъашхошка Паланкоев Ахьмаде а, Иванов Никите а. Царна жоп луш санна, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Нургалиев Рашида дIахьедар дира, уьш хьа бигина бохург къасто дезаш а ду, аьлла.
Ткъа ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека дийцарехь, вайнарг вац 13 стаг а бен. Уьш а моттаргIа а йина, хьунха бахана хир бу, бохуш, вара иза.
«Машр» цIе йолчу ГIалгIайчурча адамийн бакъонашларярхойн вовшахтохараллан куьйгалхо Муцольгов Мохьмад реза вац стохка Дечкен-баттахь дуьйна 13 стаг бен лачкъийна вац махкахь, аьлла, Евкуров Юнус-Бека дийнчу дIахьедарна. Цо чIагIдарехь, цхьаьна 2011-чу шарахь республикехь лачкъийнарг ву 18 стаг.
ТIаьхьарчу хенахь, шайн депутаташ юкъа а озош, республикерачу бахархойн бакъонаш ларян гIерташ ю Мехк-Кхел, бохуш, дуьйцу аналисто Фуллер Элизабета.
Фуллер Элизабет: Хамчиевс и хаттар Пачхьалкхан Думехь айира, Мехк-Кхелан дехарна жоп луш. И юкъаралла ю кху деношкахь ГIалгIайчохь адамийн бакъонаш йохош хилар дийцаре деш. Кху беттан 28-чу дийнахь, масала, Мехк-Кхел ю ГIалгIайчоьнан Iедалшца йоьзна йоцучу вовшахтохараллашца цхьана дуьхьалонан акциш вовшахтоха дагахь, ницкъаллин структураша адамаш лечкъорна а, кхин йолу адамийн бакъонаш йохорна а дуьхьала хьажийна йолу.
Шайн агIора ГIалгIайчурча 7 юкъараллин вовшахтохаралло дIахьедар дина Мехк-Кхело динчу дIахьедарна реза дац шаьш, аьлла. Уьш дуьхьала бу цу ваошахтохаралло кхайкхийна йолчу дуьхьалонан акцишна а.
Кху кIирнах Къилбаседа Кавказерачу муфтийн вовшашца уьйр хилийтаран центран гIаьнтда юха а хаьржира Бердиев ИсмаьIил-Хьаьжа. Цу тайпа сацам бира Кхаарин дийнахь Москох вовшахкхетначу цу центран декъашхоша.
Ши-кхо де хьалха Бердыевна ира критика йинера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Ткъа Нохчийн республикера муфтий Мирзаев Султан-Хьажа дIавелира цу центран юкъара.
Цхьаболчу хаамийн гIирсашна хетарехь, Мирзаев Султан ша вара цу центран коьрте хIотта лууш. Цундела йина аьлла, хета царна нохчийн муфтис Бердыевна критика.
Къилбаседа Кавказерачу муфтийн вовшашца уьйр хилийтаран центр кхоьллинера 1998-чу шарахь, Нохчийчоьнан муфтин Кадыров Ахьмад-Хьаьжин лаамца. Цу юкъабогIуш бу Къилбаседа Кавказерачу республикийн динан дайн урхаллийн куьйгалхой.
Иштта бара кху кIирнах Къилбаседа Кавказехь хилла цхьаболу бIаьрла хиламаш.