ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьршачу нахера гIо оьшуш бу нохчийн тIемалой хилла тутмакхаш


Оьрсийчоь -- Удмуртерчу цхьана набахтехь даьккхина сурт, 12Марс2012.
Оьрсийчоь -- Удмуртерчу цхьана набахтехь даьккхина сурт, 12Марс2012.

Цхьаболчу хаамашца, Нохчийчохь хиллачу шина тIамехь дакъа лацарна, тайп-тайпана хенаш а тоьхна, чувоьллина ву 20 эзар сов стаг. Царах цхьаберш кестта арабевр бу, хенаш текхна а бевлла.

Амма уггаре а чIогIа уьш а, церан гергара нах а кхоьруш дерг ду, цхьацца бахьанаш а лохуш, уьш набахтешкахь сецош хилар а, царна кхерамаш туьйсуш хилар а. Нохчийн тутмакхех уггаре жигара берш тIеIаткъам бан гIерташ бу цу хьолана.

2002-чу шеран Охан-беттан 12-чу дийнахь Ставропол-кIоштан суьдо хенаш туьйхира 1995-чу шарахь, Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш, нохчийн тIемалоша Буденовске йинчу рейдехь дакъа лаьцначу 10 стагана. Уьш бехке бира терроризм а, бандитизм а лелорна а, адамаш лечкъорна а, бакъо а йоцуш, герз эцарна а, иза лелорна а, латторна а.

Цу 10 стагана, бахам дIа а боккхуш, хенаш туьйхира 11-нна тIера 16-тта шаре кхаччалц чIогIа рожехь колонехь даккха. Цу нахана дина таIзар дукха къеда хетар Буденовск-гIалара бахархошна. Уьш байа беза бохуш, кхайкхамаш бора цара. Амма кхело, ша сацам беш, бухе йиллинарг яра Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш хилла РСФСР-н бехк-такхаман кодекс.

Цу низамца а догIуш, кхеле озийначу нахана тоха мегар йолу уггаре йоккха хан яра 15 шо. Кхин дIа царна йогIур вен кхел. Амма цу хенахь цу тIаIзарна Оьрсийчохь болх беш яра мораторий.

Цу 10 стагана юкъахь уггаре а йоккха хан тоьхнарг вара Даудов Саламбек – 16 шо. Цунна кхайкхийнера уггаре а лаккхарчу хенал а цхьа шо сов. Цуьнан бахьана дара Даудов Саламбек бехке вина хилар, цо керла бехк-такхаман кодекс болх бан йолаеллачул тIаьхьа герз эцарна а, харц паспорт лелорна а.

Таханлерчу дийнахь 5 шо дисина Даудов Саламбекана набахтехь даккха. Амма иза маьрша ца валийтарна кхоьруш бу, Шелахь бехаш болу, цуьнан гергара нах. Цунах лаьцна дийцира Даудовн гергара зудчо Даудова Ларисас.

Даудова Лариса: «16-тта шарах цуьнан дIадаьлларг ду 11 шо. Йисина хан карцер чохь йоккхуьйтур ю аьлла, цу чувоьллина ву иза. Цхьаъ шо бен тоьхна дацара цунна цу карцерехь даккха.

Хьо дийна дIагIур ву аьлла, хьуна моттахь, хьо Iехавелла бохуш, иза карзах ваккха хабарш дуьйцуш, цуьнгара цхьаъ даккха гIерташ цу чохь латтош ву иза».

Ткъа хIун бахьана дара Даудов Саламбек карцер чу волларан? Цхьа шо хьалха иза латточу набахтехь бунт айинера тутмакхаша. Цуьнан бахьана дара, набахтехь ОМОН-ан белхахоша чубоьхкинчу нахана етташ хилар. Бунт къиза эшийра. Цунна хьалха ваьлларг хилла аьлла, бехке а вина, цхьана шаранна карцер чувоьллира Даудов Саламбек бохуш, дуьйцу Ларисас.

Даудова Лариса: «Цигахь, мацалла а кхайхкош, пхенаш а хедош, бунт хилла бахара, ОМОН-хоша, чу а лелхаш, етташ царна тIехь къизалла лелийча. Хьалха ваьлларг хIара вара аьлла, цхьаммо тоьшалла а дина, мот беттачу стага тIе пIелг а хьажийна, цу карцер чувоьллина иза».

16 шо набахтехь даккхар луьра таIзар ду. И хан теккхна ша ваьлча юха а таIзар дар харцо ю аьлла Страсбургерчу Адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле латкъам бина Даудов Саламбека бохуш, дуьйцу Ларисас.

Даудова Лариса: «Страсбурге латкъам бина, цигахь дIадоьдуш гIуллакх а ду, юкъа-кара цига йоьдуш адвокат а ю. Цкъачунна яьлла йист яц цуьнан. Кхоьруш ву-кх иза, цара ша дийна ара ца валийтарна».

Тхайн цхьана программехь оха вийцира Орсийчура цхьана набахтера Маршо Радионца зIене ваьлла Соьлж-гIаларчу кхело, 18 шо хан а тоьхна, чувоьллина волу Успанов Iимран.

Ши-кхо де хьалха юха а телефон туьйхира цо. ХIинца иза орцах ваьлла вара шен накъостана Садыков Рамзанна. Иза цIеххьана кхечу набахте дехьа ваьккхина, цигахь халонаш ловш волчух тера ду гайн накъост бохуш, вара Iимран.

Успанов Iимран: «Селхана а, тахана а (телефон) схьатоьхна орца доьхуш ву иза. Тхо цхьаьна долуш, тхо дуккха а долуш, тхайна тIехь харцонаш лела ца яйтар оха. Цига дIавигна иза. Цигахь тешнабехк бан гIерташ, кхерамаш туьйсу шена боху цо».

Садыков Рамзан латтош волу меттиг а, иза дIавигаран бахьана а иштта дийцира Iимрана.

Успанов Iимран: «Иза дIавигна меттиг ю: Архангельск-50, поселок Пирса, ФБУ ИК I, отряд СУС. Индекс 163 050 ю. Садыков Рамзан Ризванович, Соьлжера. ЧIогIа терго еш латтош бу уьш. Цхьаъ шо дисина цуьнан аравала. ТIедогIучу шарахь Гезгмашин беттан 13-чу дийнахь араволуш ву иза.

2000-чу шарахь Чернокозовохь чувоьллина ах шо даьккхина хилла цо. 2003-чу шарахь, юха схьа а лаьцна, 11 шо тоьхна цунна. Цундела, иза чувоьллина хилар гучу а даьлла, дIавигна иза, шолгIа чувоьллина ву аьлла. Царна шайна къаьстийна меттигаш ю, ткъа дуьххьара чудоьхкинчу тхуна къастийна шен меттигаш ю».

Мел вочу хьелашкахь бохкуш белахь а, тутмакхашна некъ кара бо телефон тоха а, кехат яздан а. Иштта тхоьга телефон тоха аьтто белира шен Садыков Рамзанан а.

Садыков Рамзан: «Кхузахь керла хьаьким ву Гаяров. Кхуза со схьавалийча, суна «шмон» еш соьга элира цо, паргIат хила мегар ду хьуна, нагахь хьо аравера ву хьо моьттуш велахь, тхуна карор ду хьо «раскрутить» ван хIума. Кхузахь камераш ю церан, регистраторш. Камера дIа а яйъина, тIе а вогIий, хьуна хичаш а йой, юха лато йо цара иза, хьан реакци дIайолаелча. Цунна тIехула ах шо а тIе туху, цхьаъ шо а тIе туху цара, ахь ша сийсаз вина, тIекхетта олий бахьана а дуьйций».

Садыков Рамзана, ара телефон а тухуш, ша лоьхург иштта дуьйцу.

Садыков Рамзан: «Кхаьрна тешнабехк бан хала хилийтар, ойла яйта оцуьнан лаьа суна. ХIара стаг, шега хьожуш нах а болуш, ву аьлла, царна хаийта. Иза ду аса доьхуш долу накъосталла а, аса деш дерг а. Со чохь волу 10 шо хан ю-кх, 10 шо хан»!

Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш Оьрсийчоьнан инарлийн прокуратуро долийра, «ТIом» аьлла, цIе тиллина долу бехк-такхамийн гIуллакхаш таллар. Артиклийн цIераш мухха а ялахь а, тIамехь дакъа лаьцна аьлла, вай хьахийна ма-хиллара, цхьаболчу хаамашца Оьрсийчура набахташкахь латтош бу 20 эзар сов нохчийн а, гIалгIайн а къомах болу нах. Кестта маьрша бовла буьйлалур бу царах уггаре а къезиг хенаш тоьхнарш. Царах массарах а хьакхалуш ду вай тахана дуьйцург.

Царна деш долу таIзар алсам доккхуш хиларх лаьцна, латкъамаш кхочу шайга бохуш, дуьйцу вевзаш волчу Оьрсийчура адвокато Мусаев Мурада.

Мусаев Мурад: «Дуьххьара суна ала луург хIун ду аьлча, кхин баш даккхийн зуламаш дина а боцуш, беккъа тIом бина хиларна, 20 эзар сов стаг ву Оьрсийчохь чохьволлуш. 25 эзар хила а мега уьш. Царах дукхах берш, харц кхел а йина, чубоьхкина а бу.

ТIеман луьрчу хенахь чубоьхкина бу уьш, 10 шо а, 15 шо а хьалха. ДIакхаьчна бевлча-м, тешна а, хьийза бо уьш. 10 шо а, 12 шо а, чохь а даьккхина, аравала герга волчунна таIзар чIагIдеш, уьш маьрша ца бовлийта бахьанаш лоьхуш къахьоьгуш бу уьш хIинца. Соьца а, зIене буьйлу уьш. Тхайн хуьлург оха а до».

Ткъа хIун накъосталла далур дара-те цу нахана? Вай хIинца хьехош дерг дац бехк болуш, я боцуш хан текхна цу наха бохург. Дуьйцург ду тоьхна долчул алсам цу нахана таIзар деш хилар. Мусаев Мурада дуьйцу.

Мусаев Мурад: «Цкъадолчунна, церан гIайгIа беш стаг вуй хиъча, хуьлийла иза адвокат, хуьлийла иза гергара стаг, кехат хIума а яздеш, гIайгIа беш стаг вуй хиъча дукха пIелгаш Iитта ца баьхьа уьш. Провокациш а ца лелайо цара тIаккха. Цу тIехь тхайга далург до-кх оха.

Цхьаъ кIира хьалха, 8 шо ах шо чохь а даьккхина, араелира Муртазалиева Зараъ. Цунна дуьхьал а дахана Мемориалехь цхьаьна а кхетна Iийра тхо. Ганнушкина Светлана ю-кх «Правозащитный центр» олучу юкъараллехь болх беш. Цо боху чубоьхкина нохчий зIене бовлу шеца.

Телефон тоьхначо шен бала ца буьйцу боху цо. Челябинскера телефон а тухий, Владивостокехь чохьволлуш цхьаъ вара, цунна ницкъ беш бара, цунна гIо де олий, дехар до боху.

Вовшашна хьалхара дехар деш, оццул бакъахьара болуш, шайн гIуллакх дийца товш ца хеташ болу нах бу боху цо уьш. Царах бIаьрг буьзна а ю и зуда. Церан шайн технологи ю. Меттигера Iедалш меттах а дохий, набахтеш латточу меттиге цхьацца кехаташ а яздой, церан гIайгIа бо цара».

Ткъа хIун хьехам бийра бара ахьа, цу нехан гергарчарна аьлла, шега хьаттича, Мусаев Мурада иштта жоп делира.

Мусаев Мурад: «Уггаре а тоьлларг хIун хир ду аьлча, «Правозащитный центр» цхьаъ ю, «Human Rights» Watch (ХIюман Райтс Вотч) кхин цхьаъ ю, кхоалгIа «Мемориал» а ю. Цаьрца зIене бевлла а, кехат яздина а хIума дича, цара ледара дола дийра дацара аьлла, хета суна.

Мусаев Мурада хьахийна йолчу Муртазалиева Зараъа 2007-чу шарахь ГIуран-баттахь дехар динера, низамо ма-бохху, хенал хьалха ша араялийта аьлла. 2008-чу шарахь ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь Мордоверчу Зубово-Полянский-кIоштан суьдо сацам бира, Муртазаливас санна дехар дина йолу 7 зуда дIа а хеций, иза чохь йита аьлла.

Муртазалиева Зараъ араялийтахь иза балха хIоттор шайна тIелоцу шаьш аьлла, кхеле кехат яздинера Нохчийчоьнан Iедало а, цигарчу омбудсмено Нухажиев Нурдис а. Амма суьдо тергал а ца дира церан дехар.

Ткъа мел сатесна ду таханлера Нохчийчура Iедалш оьрсийн набахтешкара шайн махкахой цIаберзаре. Цкъачунна цу хаттарна жоп доцуш ду. Набахтера арабевлча, Iедал коча а ца догIуш, маьрша баха уьш битахь боккха кхаъ хила а мегаш хIума ду цу нахаца дерг аьлла, хеташ ву адвокат Мусаев Мурад.

Мусаев Мурад: «Бакъдерг аьлча, цIахь оьшуш ца хиалр-м ша дара, оцу набатера ара а бевлла, цIакхаьчначул тIаьхьа, Iедал коча ца дагIахь, цунах кхаъ хила а безаш, хьал ду цкъачунна.

Цундела, иштта хуьлийла-м цалаар вайна, иштта ала а цалаар суна, амма и нах, къаьсттина тIом а бина, набахтехь хан текхна болу нах, кху махкара кху заманчохь ханна арабовлар а бен кхин дарба дац аьлла, хеташ ву со».

Нохчийчохь тIом баьлча, Даймехкана тIе кхерам беана аьлча, шайн синош а ца кхоош, арабевлларш бара Советан заманахь коммунистийн идеологино и Даймохк ларбан Iамийна болу нах. Иза болчух тера ду церан коьрта бехк.

Ширчу заманахь кийтахоша олуш хилла, сан мостагIчуьнан майралло сан сий ойу олий. Ткъа шен хиллачу мостагIчунна тIех сов ницкъ ца бар декхар ду массера а.
XS
SM
MD
LG