ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIира Чекхдолуш Юхахьаьжча


Карта -- Къилбаседа Кавказ
Карта -- Къилбаседа Кавказ

Нохчийн къам дохийна махках даьккхина 68 шо кхачар официал кепара хьаха а ца деш дитина Нохчийчохь.


Нехан дегнашкара тIеман чевнаш дIаерзо дIадаханчунна дегабаам а ца беш, даха деза, аьлла, дIахьедар дина Кадыров Рамзана «Вечерняя Москва» газетанна ша йеллачу интервьюхь.

Буй тоьхна 19 шо долу Москох вахархо Агафонов Иван вийначу Мирзаев Расулан гIуллакх политикан тIегIантIе даккхарна дуьхьала бу Дагестанан парламентан декъашхой.

Сталинан Iедало нохчийн къам дохийна, махках даьккхина 68 шо кхачар шуьйра дагалецира кху дуьнентIерачу цхьамоггIа пачхьалкхашкахь. Юкъара яьлларг яра и бохам уггара хьалха хьакхалуш йолу Нохчийчоь.

Иза ларамаза а дацара. 2011-чу шеран Охан-баттахь цу республикерачу Iедалша сацам бир цу денна лерина йолу мероприятиш Стигалкъекъа-беттан 10-чу дийнахь дIаяхьа.

Цара тидаме эцнарг дара Чиллан-беттан 23-чу дийнахь Оьрсийчохь эскаран де даздеш хилар. Ткъа Стигалкъекъа-беттан 10-гIа де харжаран а шен бух бара. Оьрсийчохь толаман де лоручу Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь, эккхийтар а дина, вийра Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.

10-чу дийнахь иза дIавоьллира. Схьагарехь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сий деш бинчух тера ду Нохчийчурча Iедалша шайн сацам. Ткъа иза тIеоьцуш вист хиллачу Кадыров Рамзана, хьул а ца деш, дIахаийтира шена товш ца хилар и сингаттамийн денош Оьрсийчурча дезаденошца цхьана нислуш хилар.

Делахь а, Нохчийчурча ишколашкахь вайнахана къаьхьа деана Сибрех дахийтина де дагалацар дихкина дацара. Цунах пайда а эцна, дуккха а ишколашкахь цхьацца мероприятиш хилира нохчий бохийна де дагалоцуш.

Нехан дегнашкара тIеман чевнаш дIаерзо, дIадаханчунна дегабаам а ца беш, даха деза, аьлла, дIахьедар дира Кадыров Рамзана «Вечерняя Москва» газетана ша еллачу интервьюхь.

Амма цо дан деза бохучуьнца реза боцу нах дуккха а бу республикехь а, Даймахкана арахьа а. Царна юкъахь бу Кадыровна юххера нах а, бохуш, дуьйцу Маршо Радион аналисто Фуллер Элизабета.

Фуллер: Рамзанна гонах болчу наха, шайна юкъахь омбудсмен Нухажиев Нурди а волуш, оза а ца луш, дIахьедарш до Нохчийчохь тIеман зуламаш дина болу Оьрсийчоьнан эскархой кхеле озо беза, бохуш.

Кадыровна изза дан ца лааро гойтуш ду цо башхалла йеш хилар 70 шо хьалха Нохчийчохь динчу, дицдан йиш йоцучу зуламашна а, кху тIаьхьарчу хенахь, Оьрсийчоьнан лаккхарчу куьйгалло пурба а делла, дина долчу зуламашна а юкъахь. Вуьшта аьлча, Нохчийчохь дов хаттар лахара хетачух тера ду Кадыровна, Путин Владимирна гIо лаца шен болчу лаамалла а.

Буй тоьхна 19 шо долу Москох вахархо Агафонов Иван вийначу Мирзаев Расулан гIуллакх политикан тIегIантIе даккхарна дуьхьала бу Дагестанан парламентан декъашхой. Кхаарийн дийнахь цара леррина кхайкхам бина цу хьокъехь.

Дагестанерачу депутаташна хетарехь, цхьаболу Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъа лоцуш болу кандидаташ пайдаэца гIерташ бу цу гIуллакхах агитаци йеш.

Оьрсийчоьнан конституцин 19-чу артикло цхьатерра бакъонаш ло берриг а махкахь бехачу махкахошна. Амма, стаг а вуьш, Дагестанерачу вахархочуьнца хилларг политикан тIегIантIе даккха гIерташ бу цхьаболу нах, аьлла, дIахьедар дина, масала, Дагестанан парламентан спикеран хьалхара когаметта волчу Алчиев Николайс.

Дагестанерачу депутаташна хетарехь, хиллачу бохамах политикан Iалашонка кхочуш пайдаэцийта мегар дац цхьаьнге а.

Иштта бара чекхдолучу кIиранах хилла цхьаболу коьрта хиламаш.
XS
SM
MD
LG