ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карабахехь хиллачу тIамо дог Iийжош беха азербайджанхой а, эрмалой а


Ломара Карабах -- Ша йозуш йоцуш хилар дIакхайкхийначу Ломарчу Карабахан Азербайджанан дозанца, Мартакент-гIалана уллохь йолчу тIамехь ен чIагIон чохь ву эрмалойн салтти, 06Тов2012
Ломара Карабах -- Ша йозуш йоцуш хилар дIакхайкхийначу Ломарчу Карабахан Азербайджанан дозанца, Мартакент-гIалана уллохь йолчу тIамехь ен чIагIон чохь ву эрмалойн салтти, 06Тов2012

TIом бала магар аьлла, болу кхерам кху дуьнентIехь хIораннехь а лаьтташ бу. Карабахехь и тIом хилла 20 шо даьлла. Цуьнан ларш тахана а Iовжаме ю азербайджанхошна а, эрмалошна а. Къаьсттина цунах кхеташ бу цу тIамехь бехаш болу нохчий.

Ткъа шо хьалха дара иза. Соьлж-гIалара гIаьттинчу кеманца Истанбуле воьдуш вара со Вайнах-ансамбл концерт эцна йоьдуш цунах лаьцна яздан Iалашо йолуш. Сан кхетамехь Ломара Карабахан тIехула дала дезаш дара тхан некъахойн кема. Цигахь цу деношкахь луьра тIемаш дара доьлхуш.

ДогIа доьгуш детташ долу ткъес хилла хир дара суна гуш дерг, амма Совета-пачхьалкхан территори тIехь дуьххьар баьллачу цу тIамо инзаре цецваьккхина волчу суна хетара, кхуьссуш йолчу яьккхийчу тоьпийн цIераш ю лахахь гуш ерш.

Маржа-яI, бохуш, ойла йора къаьмнаш бертахь дехаш хила деза бохуш, кхиъна волчу аса, хIун хьашт дара те тIом боло бохуш. Дага вагIара соьца Советан эскарехь гIуллакх деш хилла догцIена Гайсумов Илдар а, догдика, даиман а велавелла бен вист хилар доцу Мкртычан Самвел а.

ХIун деш ву те и шиъ, муьлха къаьхьа бала Iовшуш ву те бохуш, гIийла ойланаш йора аса, кемантIера чу а хьоьжуш. Цу деношкахь суна ца хаара кестта сайн а чекхвала дезар хилар шина къизачу тIамах.

Бакъдерг дийцича, нохчий цу деношкахь баш кхеташ а бацара, Ломарчу Карабахехь эрмалоша а, азербайджанхоша а къуьйсург хIун ду.

20 шо даьлла Карабахехь тIом болабелла. Дуккха а яз а дина, дийца а дийцина цунах лаьцна. 1994-чу шарахь Азербайджанна а, Эрмалойчоьнна а юкъахь машар беш бина барт тахана а болх беш бу, цхьацца кхиссарш а хуьлуш, вовшен бехкаш дохкуш шина агIоно дIахьедарш дахь а. Кхоччуш и конфликт дIаерзо гIерташ, дуьненаюкъаралло йохучу гIулчаша цкъачунна жамI дохьуш дац.

Карабахехь тIемаш дина болчу нехан а шайн-шайн кепара нисделла дахар. Эрмолашна хьалхабевлла хилла нах тахана а Iедал шайн карахь латтош бу Эрмалойчохь. Азербайджанан буьйранчаш а лаьттира шайн махкахь лаккхарчу даржашкахь. Амма тахана а дакъаделла дац шина а агIора тIеман аренашкахь эгначу къентийн нанойн бIаьрхиш. Цуьнца цхьаьна дIаяьлла яц эрмалойн а, азербайджанхойн а гамо.

Карабахера тIом гена мел болу а, цунах лаьцна керла хIуманаш хеза, цуьнан цулацамах а, декъашхойх а лоций. Масала, шина а агIоно бехке еш ю Оьрсийчоь шайна духьал тIом барна. Цул сов, эрмалоша чIагIдо шайца тIом беш ОвхIанистанера а, Пакистанера а, Нохчийчура а тIемалой бара бохуш.

Масала, царах ву инарла-майор Тер-Тадевосян Аркадий. Цо чIагIдарехь, Азербайджанан Iедалша ахча а луш, тIамехь дакъалоцуш вара масийтта бIаь муджахIид. Азербайджанан буьйранчаша царах пайда эцара тIамера уьдуш болчу шайн салтташна герзаца дуьхьало йойтуш бохуш, чIагIдо эрмалойн инарло.

Нохчий а хьаха бо цо, ша «Панармениан нет» олучу агенталлана еллачу интервьюхь. Инарло Тер-Тадевосян Аркадис дийцарехь, нохчий а бара азербайджанхойн агIорхьа тIом беш. Уьш ахча оьшуш а, я турпалхой хила гIерташ а боцуш, бусалба дин бахьана долуш леташ бара шайх бах цо.

Тер-Тадевосян Аркадийс дечу тоьшаллица, нохчашна Карабахехь куьйгалла деш вара Басаев Шемил. Ша тешна ву, азербайджанхой эрмалошца ларалур боций хиъча иза цигара дIавахана хиларх бохуш, чIагIдо Шуша-гIала дIалоцуш эрмалойн эскаршна куьйгалла деш хиллачу инарло Тер-Тадевосян Аркадис.

Басаев хьахийначура аьлча, дIоггара тоьшаллаш дац иза Ломарчу Карабахехь тIом беш хилла хиларан. Делахь а, интернетехь и тIом бийцаре бечу наха дукха яздо цунах лаьцна. Цхьаболчара чIагIдо, Басаев гIорасиз вара эрмалойн эскархошна хьалха бохуш.

Иштта Ломарчу Карабахан парламентан депутато Баласанян Виталийс дагалоьцу, шаьш дуккхаза а рацичуха нохчашца къамелаш дина хилар. ТIаьххьара шаьш нохчех тасаделира 1993-чу шеран гурах бохуш, дуьйцу цо. «ХIара шун тIом бац, дIагIо бохуш, дийцара оха цаьрга. Амма цу дуьйцучуьнан жамI дацара. Таккха ницкъаца кхето дийзира уьш»,- дуьйцу Баласанян Виталийс, «Нохчашна оха шайн меттиг гайтина истори» цIе йолчу цхьана артиклехь.

Карабахехь тIом хилла хан Нохчийчохь Ичкерин Iедал долу зама ю. Нохчийн парламентан депутат вара цу хенахь Абумуслимов Сайд-Хьасан. Цо дуьйцу нохчийн Iедалан и конфликт хьокъехь хиллачу ойланах лаьцна.

Абумуслимов Сайд-Хьасан: «Муьлхха а конфликт схьаэцча, шина а агIоно арбитр санна лоруш яра Оьрсийчоь. Иза ца хилча, цигахь вовший цара хIаллакбийра бу аьлла хета. Цигарчу нахана а хета, дуьненна а хета. Цунах пайда оьцуш ерг Оьрсийчоь яра. Ткъа оьрсийн пачхьалкх вайн маршонна а дуьхьал яра.

Цундела вайн позици яра и конфликташ, хIуъа а дина а, дIаерзо еза аьлла. Ткъа уьш дIаерзор муха гора вайна? Иза кIоргенза хетахь а, цхьа некъ гора вайна – Кавказерчу къаьмнийн юкъаралла кхоллар. Цунах "Кавказан конфедераци" а олура, "Кавказан цIа" а олура, "Кавказан барт" а олура».

Нохчий хилла хила а мега цу тIамехь дакъалоцуш, амма уьш къезиг хилла, я цхьа ларамаза юкъаозийна хилла. Мухха а далахь а, нохчийн цигахь лата баха цу хенахь хIара ду аьлла бахьана дацара бохуш, дуьйцу Абумуслимов Сайд-Хьасана.

Абумуслимов Сайд-Хьасан: «Идеян а, историкан а бух бацара аьлла, хета суна. Цундела цига баха бух а бацара. И Карабахан проблема цара меттах яккхалц вайна хиина а яцара. ХIинца муха хир дара суна хаац. Амма оцу заманахь, суна хууш, цига бахана нах бацара. Шиъ-кхоъ нисвелла хила а мега, амма суна хууш дац иза. Суна хезна а дац, (вайнах) цига баханера бохуш».

20 шо даьлла Ломарчу Карабахехь конфликт йолаелла. Тахана машар а боцуш, я тIом а боцуш лаьтташ ду цигара хьал. Карабахера тIом дагалоцуш теша лаьа: кхин цкъа а герзаца къамеле вер вац Гайсумов Илдаран «оглу» а, Мкртычан Самвелан «ворди» а, нохчийн кIентий юкъагIерташ муххале а.
XS
SM
MD
LG