ХIора тIедогIучу мукъа деношкахь Нохчийчохь наггахь бен яьрташ ца хуьлу зуда ялийна ловзар ца хIуттуш. Кечйинчу машенийн ковраша массо а некъаш хьаладузу. Керла доьзал кхоллар даима йоккха дахаран киртиг лерина, цундела оцу денна уггар а тоьлларг до нохчаша.
ХIинца даьржина хIума ду зуда ялоран той ресторанашкахь хIоттор.
Цундела дебаш ю и кхачанан чоьнаш. Наггахь моттало Нохчийчохь адам кхин хIума деш дац машен таяйтар, парикмахерски а, цигара йохк-эцаран центре бахна, ресторанехь хIума а кхаьллина, буьйсана цIабоьрзу, аьлла. Оццул дукха ю и санна меттигаш.
Тоьлла ресторанаш даима дIалаьцна хуьлу мукъа деношкахь. Беттанаш хьалха рагI хуьлу царна йина. Цхьаболчу наха, ресторан мукъа яллалц олий, тIаьхьатотту зуда ялор. Доьзал кхоллар экаме лоручу нохчашлахь иза цхьа дастаме а, беламе а хета. Тамашийна дерг ду, цу хьокъехь ас къамел динчарах цхьаммо а къобал ца дира юкъараллин меттигехь и той хIоттор.
Шен цIахь и ша дерриг дIадерзош хилча дика хета шена, элира Соьлж-ГIалара яхархочо Турлаева Миланас.
Турлаева: «Хьайн чохь, ахь нахана дIа мел луш йолу сискал хила еза, аьлла хета суна. Хьенан а, муха ю ца хуучу ресторанашкахь, хьарамлонаш лелочу меттигашкахь бузабо нах. Шен хIусам чу дало деза нускал, иман беркат дахьаш еана хуьлда хьо, олучу дешнашца. Уьш деза дешнаш ду, шен маьIна а долуш. Иштта ца хилча, дукха сиха вайн къона доьзалш бохар бахьан хета суна».
Ресторанашкахь зуда ялор дерзорна реза воцучарах ву Теркйистан кIоштара вахархо Сангариев Сайпудди а. Иштта дIагIахь, кхана-лама цхьанна а кепара эхь-бехк а ца лоруш ялийнарг а, еънарг а цхьана стоьла тIе хаор ду, бохуш вара иза.
Сангариев: «Вайн дайш а шайн хIусамехь дерзош хилла. Ненаваша волчохь доссош хилла нускал. Гергар нах вовшашна тIекхачар а, иштта марзо хилла вайн. Иштта дIадодахь, шина-кхаа шарахь зуда ялийначохь «Горько» а олуш дIадахьа мега. Кхин а хIума ала дац сан».
Зуда ялорца доьзна дуккха а хIума цхьа дайдеш ду иза ресторанехь дIадерзоро. Нах а паргIат хуьлу, цхьаболчеран эхь-бехк дов нехан цIахь дацара шаьш, юкъаран меттигехь дара, олий. Цундела даима йохьIаьржонех ларлуш леллачу нохчашна товш хIума дац и санна даздар цигахь дерзор, аьлла хета нохчийн гIиллакхаш дика девзачу яздархочун, байтанчин Уциев Абун.
Уциев: «Ресторане хийра нах а богIу, хьайниш а хуьлу. Хьайн къепе ца хIоттало хьоьга. Вайн дайша нускалан кирхIа а долуш, гIиллакх, оьзда а болуш нах кхойкхуш ма хиллий. ТIаккха ресторанехь хилча. Хьайн чохь а вац хьо, хьайн лаамехь а вац хьо».
Ресторанашкахь мехаш уггаре а гIийлачун болало 200 эзар соьман тIера. Ткъа юкъарачу барамехь наха зуда ялор дIадерзош кхачанан чоьнаш ерзош луш дойу мел лаххара а 300 эзар сом. Массала, Соьлж-ГIалара «Paradise» олучу ресторанехь 600 эзар сом дала деза. Цунна уллехь ю махкахь уггаре а еза лоруш йолу «Сафия» ресторан.
Цигахь мел лаххара а цхьа миллион ах миллион сом дала деза. 500 эзар сом еккъа чоьнех, тIаккха 3-4 эзар сом цхьана стаган хьалха буьллучу кхачанах. 200 стаг ца вогIуш ца хуьлу иштта даздарехь, бохуш, дийцира соьга оцу тIегIанехь болх бечу наха.
Зуда ялоран даздарш дIадирзича, кхоначу доьзалан керла дахар дIадолало. Цхьаболчарна иза долало декхар дIатакхарна тIера.