ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амриев цIавалош богIуш бу нохчийн полисхой


Амриев Мурад.
Амриев Мурад.

Беларусе леррина тоба яхана бохург бакъ ца до Нохчийчуьрчу полисхоша.

Карарчу хенахь Амриев Мурад Нохчийчу валош богIуш бу республикера полисхой. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо.

Цо динчу лерринчу дIахьедарехь аьлла ду, зорбанан гIирсашкахь тайп-тайпана информаци ю яржош, Брянскан кIоштахь Амриев дIалацарх а, цигахь полицин белхахоша низамца догIуш доцу хIуманаш лелийна аьлла а.

И бахьана долуш бахархой кхето беза аьлла хета шайна, боху Оьрсийчоьнан чохьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо.

Цо чIагIдарехь, Амриев Мурад федералан лехаме веллера Соьлж-ГIаларчу полицин номер 3 йолчу декъан белхахоша, шена хууш а долуш харц документ лелорна. Талламхоша масийттоза полице кхайкхинера жима стаг, амма иза тIе ца веара. И бахьана долуш лехаме веллера шаьш иза боху МВД-н векалша.

Нохчийчуьрчу полисхойн версица, кхин дIа хилларг иштта ду. Беларусин Брянскан кIоштахь Амриев дIалаьцча, низамо ма бохху, цига иза схьавало вахана Оьрсийчоьнан МВД-н Нохчийчуьрчу урхаллан ши белхахо. Иза Нохчийчу вало везаш вара тоьшаллаш дан.

Полисхоша чIагIдарехь, Беларусе леррина тоба яхана бохуш цхьаболчу журналисташа яздинарг бакъ дац.

Оьрсийчоьнан чохьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхалло бинчу хаамца, карарчу хенахь Амриев карахь ву Нохчийчуьрчу полисхойн. Иза цIавалош богIуш бу уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG