ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIора шарахь дуткъало депортаци лайначу вайнехан чIор


Депортаци. Архивера сурт.
Депортаци. Архивера сурт.

Къам дIадохоран де дагадогIурш хIора а Чиллан-беттан 23-гIа тIе мел кхочу кIезгах буьсу. Ткъа шайн дагалецамаш бийца а, цу дагалецамашка шайна, шайн доьзалшна а Iаткъам байта луурш кху хене бевллачу депортацин тешашна юккъехь кхин а кIезиг бу.

1944-чу шарахь 13 шо долуш вара Алиев Рамзан. Къам дIадохочу хенахь Итон-Кхелан кIоштарчу цхьана кIотарахь хилла иза шен деца-ненаца а, йижаршца-вежаршца а. Цу кIотара кхаччалца салтийн машенаш хьала ца кхачаяларна, гIаш шина дийнахь герга некъ бан безна цуьнан Сипсу-гIала цIерпоштан вокзале кхаччалца.

Цо дагалоьцу: „Сарахь дуьйна схьа а баьхкина, буьйса йоккхуш бара цигахь салтий. Юха Iуьйранна арадехира тхо, луларчу юьрта даха деза, аьлла. ГIаш Кенаха дигира тхо. Цигахь буьйса а яьккхина, юха а гIаш Ялхара дIадигира тхо. Цигахь а буьйса а яьккхина, кхозлагIчу дийнахь Эвтара охьадигира.

Ткъа цигара машенашкахь Сипсу-гIала цIерпоштина тIекхаччалца дигира. 15-17 дийнахь некъ бира оха. Юха Чимкенте дIакхаьчча шозлагIчу дийнахь балха арадехира. Дийнахь луш 300 грамм бепиг дара. ШозлагIчу Iай тхан нана а, шиъ ваша а велира. Цхьаццаболу лоьзалш хIу хедаш дIабевлира“.

Тарсаева Зайнап 8 шо долуш хилла бохаман дийнахь. Цунна дика дагадогIу, шаьш Iуьйранна салтеша самадаьхначу мIаьргонехь дуьйна Казахстане кхачаллца хилларг а, цул тIаьхьа кхойтта шарахь хийрачу махкахь шайна мел гинарг а: „ДIакъевлна машенашна тIе а даьхкина дIадигира тхо гIалитIа. Цигара дIа цIерпоштица Алма-Ата дигира. Новкъахь социйле кхаьчча юург лора тхуна. Мацалла чIогIа хала яра. Цхьаболчара кхеллешна тIера буьртигаш лехьадора. Цул тIаьхьа Iаьржа а долуш дама делира тхуна. Иштта халий, готтий Iийна-кх тхо цигахь“.

Къам дохор шайн бIаьргашца гина а, иза шайн яIни тIехь лайна а болчеран тоьшаллаш дуьйцу, хIара карахьчу хенахь санначугIурачу Чиллан-беттан деношкахь ах миллион герга адамна тIехIоьттинчу балан барам мел боккха хилла. Iедалан дайша а, политикан буьйранчаша а и де а, и бала а, и харцо а адамашна мел дийцдалийта гIертарх, иза къоман иэсехь даима а лезачу дагалецамех дуьсур долуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG