Дуьненан шолгIачу тIамехь, тахана историкашна юкъахь лелачу терахьашца дакъалаьцна 40 сов эзар вайнаха. Ша верриг оцу хенахь 4 бIе эзар бен нохчо а, гIалгIай а ца хилла. Цундела, оцу тIамехь дакъалаьцначу къаьмнашна юккъахь, 5-гIа догIуш ду вайнехан къам, шен нахах 10 процент цо тIаме хьажийна хиларна.
ТIом уггаре а толаме боьрзучу хенахь 1944 шарахь Сталинан Iедалан ямартлонца, вайнехан къам дIадохарал сов, тIамехь турпалалла гойтуш берш а царна тIаьхьа хажийнера. Шаьш сел осаллийца, тешнабехканца доцург тIе а кхоьллина цигара лахкарна, хийла нохчийн ветеран кху дуьненера дIавахна Iедална къинтIера ца волуш. Шелара вахархо Ладаев Адам а вара царах цхьаъ. Иза хIинца воцуш ву. Цуьнан кIант Ладаев Iимрана дийцира Маршо радиога, шен дас тIам тIехь лайначух а, лелийначух а.
Ладаев: «ХIокху тхан керташкара 1938-39 шерашкахь Финашца тIаме бахана а бу дуккха а. Тхан да 3 шарахь эскарехь а Iийна, цIаван хан хиллачу хенахь, омар а делла кхин а сацийна хилла цигахь, тIом болабелла аьлла. 1944 шаре кхаччалц хилла иза цигахь. Польшан дозанера юха а валийна, цхьана меттехь гулбина хилла нохчий. Цигара Казахстанера дIавеана хилла тхан да».
ТIом бечу меттера ша волу вайнехан стаг схьа а гулвина, уьш шайн доьзалех дIатохале, ехха хенахь бацийна уьш хьун хьокхуьйтуш, бохуш шен дас дийцинарг дагалуьйцу Ладаев Iимрана.
Ладаев: «Шаьш дIа а хIиттина НКВД белхахоша чехийна хIорш. Ткъа, шаьш тIом муха бора дуьйцура цо. ТIедетташ герз а долуш, оьрсийн салтий цIийзачу хенахь, цхьана нохчочо корт охь таIош бацара. Иштта шаьш хилишшехь а, шайга, шу ямарт ду, шу зуламхой ду, халкъан мостагIий ду, бохуш чехийна. Кхаа шарахь армехь а гIуллакхдинера. 4 шарахь тIамехь хилла шаьш муха ду бохуш цецдуьйлура шаьш бохура цо. Циггахь ийза а еш погонаш дIа а яхна, Иванован кIошта а бигна, хьун хьоькхуьйтуш еххачу хенахь дацийра шаьш бохуш дуьйцура цо».
Эххар а Казахстане шен доьзалан тIекхача бакъо елча а, цигахь бу хьуна уьш аьлла, билгал адрес ца луш, кхиъ ши шо а даьлла хилера царна тIе ца кхочуш, Даймехкан эскаран декхар дIа а делла, цигара лаьллинчу нохчочун Ладаев Адаман. Цуьнан кIанта Ладаев Iимрана бахарехь, цуьнан мидалех чIогIа цецбуьйлура бухара казахаш а, оьрсий а.
Ладаев: «5 тIеман мидал яра цуьнан. Седа бара пхикIов, тIехь лаьтташ салти а волуш. Асий, сан вашасий тIе а уллий ишколе хьора уьш. Хьехархой а цецбуьйлура, сел чIогIа тIом бина хилча, мостагI хуьлийла а ма дац бохуш».
Казахстанера цIадирзича а, Iедалан йолу шен оьгIазло дIа ца йолуш, эхарта дIавахна шен да, бохуш кхин дIа а дуьйцу цуьнан кIант Ладаев Iимрана.
Ладаев: «Казахстанера цIадирзича, ша тIам тIехь а ца хилла, ша ветеран а вац аьлла тIе ца дитина цо. Шена Iедало а, оьрсийша хIоттийнчу суьрто къинтIера ца ваьккхира иза. 23 сом пенси хIоттийра цунна. Оцу ахчанах а хаькха ца велира иза. И дегабаам а, оьгIазло а кош чу дIаяхьара цо».
Дуьненан шолгIачу тIамехь дакъалаьцначу 40 сов эзар вайнахах, дIадохийначу шайн къомах дIакхетта 16 сов эзар бен вац. И хIума билгалдаьлла нохчийн историкан Хатуев Исламан. Вагарвича къаьста ах сов оцу тIамехь харц къоман цIераш а эцна, кхин дIа а тIом беш Iийна я кхелхина хилар.