ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Карфагенах" ца кхоьру нохчийн мехкарий


Кху деношкахь Дудуркаева Луиза цIе йолу Нохчийчуьра йоI Минскера цIаерзийча, дийца долийра цуьнца хилларг интернетехь гIараяьккхар бахьанехь хилла бохуш. Вконтакте шен агIо йолчу «Карфаген» олучу тобано иза йийцинчул тIаьхьа доладеллера иза.

И тоба кхоьллина 7-8 бутт хьалха. Оцу йоццучу хеначохь 50 эзар сов стаг вазвелла цунна. Дукха хан йоцуш и тоба кхоьллинарг а гучуваьккхира наха. Иза хиллера Куршлойн кIоштара 19 шо долу жима стаг.

Ала догIу, и тоба юкъаяьлча дуьйна интернетехь, къаьстина, нохчашна езаеллачу инстаграмехь, паргIат сурташ хьалха санна чу доьхкуш хилар наха. «Карфагене» дуккха а нах хьожуш хиларан бахьана ду, адаман во амалехь ду догIанан Iуьргахула неха чухьежар. Соьлж-ГIалара Минкаилова Милана цIе йолчу яхархочо иштта мах хадийра оцу тобано лелочун.

Минкаилова: «Суна хууш цуьнах озавелла стаг ца вевза суна. Оцу зудаберийн коча боьлху вайн божарий. Шаьш лелош дерг нйиса хета. Зударех а ца тийсалуш шаьш масал хила беза уьш».

«Карфаген» тобано йоIан сурт даржа а дой, цуьнан гергарчаьрга кхайкхам бо сацае иза олий. Ала догIу оцу тобан коьртехь болчаьрна а кхерамаш туьйсу кесст-кесста.

Виситаев: «Суна цхьанна а кепара нийса ду аьлла ца хета иза. ХIора стага гIалат до. И тоба йинчун пайда бан лууш хилча, къайлахь язъян мегар ду галъяьллачуьнга. Нахал боху уьш, ткъа и йоI, масане хьулу, кхетам чу йогIухь? Амма иза махкахь нахала яьккхина. Ас тIеоьцущш хIума дац иза".

«Карфаген» тоба цхьана ханна дIакъевлинера, наха аьрзнаш а дина. Амма хIинца иза юха а болх бан йолаелла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG