ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Корта ларбича тоьаш делахь...


"Теркйист" газета.
"Теркйист" газета.

Ненан маттахь цхьа а дош доцуш арадуьйлу цкъаццкъа Нохчийчохь газеташ.

Дукхахдолчу декъана кIирнах шозза зорбане доху кIоштийн газе таш. Ларамаза карадеъна тхуна, масала, "Теркйист" газет. Бакълена а тамаше хетнарг ду оцу гезата цIе йоцург цу тIехь нохчийн маттахь дош цакарадар.

ДIа ладоьгIча,деккъа цхьана оьрсийн маттахь газеташ зорбане дахар хийра хIума дац кхечу кIошташкахь.Нохчийн маттахь цхьа дош а доцуш газета арадаккар муха тарло тахана? Кху тIаьхьарчу шерашкахь мел хийцаделла аьлла хета шуна прессехь ненан маттах пайдаэцар?

Кхин а тамаше хеталург дара и ши хаттар динчу кхоллараллин нахах (ткъа уьш вара 11-12 стаг яздархой, журналисташ,хьехархой) цхьаллиг цхьаъ жоп дала цахIоттар. Дешархой нохчий а болуш оьрсийн маттахь арадуьйлучу газетех Советан Iедал урхаллехь долчу хена хилла хьал карла а доккхуш, дийца резахилларг вара яздархо, журналист Хажмурадов Iайнди.

Хажмурадов: «Советан Iедал долуш 50% нохчийн маттахь хила дезаш дара газет. Нагахь санна, газетехь гочдархо вацахь 25% -л лахара ненан мотт а болуш арадаьлча дов дора,мага а ца могуьйтура. ХIинца кхара хIун леладо суна-м ца хаьа. ДIо-о министараллехь берш х Iун деш бу суна ца хаьа. Цхьанне бала а бац».

Газеташкахь а, журналашкахь а ненах маттах пайдаэцар а ду Хажмурадовна хетарехь, цкъа а ца хиллачу кепара къовзийна а, лахарчу тIегIанахь а.

Хажмурадов: « Газеташ и «Даймохк» а ду,»Орга» журнал а ду,кхин дан ма дац. «Вайнах» журналехь цхьайтта агIо бен тухуш яц нохчийн маттахь, "Нана" журнало цхьа иттех парцент бен ца ло ненан маттана. Массо цу оьрсийн маттана тIе а бирзина бохкуш бу-кх. Ур-аттал редакцешкахь дукхахдерг вовшашца буьйцуш берг а бу оьрсийн мотт».

Оьрсийн маттахь газеташ зорбане дийларх а,къоман мотт,боберах тера дIатоьттуш,тергамза битарх а дуьйцуш ву байтанча,хьехархо Цуцаев Iалавди.

Iалавди: «Нохчийн мотт тIаьхь-тIаьхьа къаьсттина чIогIа дIатоьттуш бу. Ишколашкахь и Iамор ду чIогIа ледара. Хьехархой и Iамахьара аьлла хеташ хьоьхуш а бац,хьуна бакъдерг дезахь.Урокаш а ю цхьа конвеер санна дIахIиттийна.

ЧIогIа даладелла ларалуш волу хьехархо а, мел бух бацахь а,»шиъ» догIучунна а деаннаш а,пхианнаш а дохкуш Iаш ву дешархошна. Ткъа прессехь нохчийн маттах пайдаэцар дикачу агIор хийцалуш дан а дац,мелхо а лахлуш,лахлуш дIадоьдуш ду».

Доьшийлашкахь а,юкъараллехь а ненан мотт кхиийта яха йогIу гIулчаш дика го цхьамогIа яздархошна а, Iилманчашна а. Царна хетарехь, цу декъехь хьалханчаш а, балакхочурш хила беза уггаре хьалха Iедалхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG