Дуьненаюкъарчу партнерашца цхьаьна Нохчийчуьрчу хIомосексуалашна гIо дан аьттонаш лохур буш шаьш аьлла, дIахьедина Британин премьер-министро Мэй Терезас.
Independent газето яздарехь, цо кхайкхам бина деррриг а дуьненерчу юкъараллашка «сихонца некъ лаха» ламасте доцу сексуалан кхетар долчу нехан цу республикехь кIоршаме йохош йолу бакъонаш ларъян аьлла.
Мэйс дийцарехь, Оьрсийчоьнан Iедалшца дийцарш дIахьош Британино сих-сиха гIаттош ю ЛГБТ-н бакъонаш ларъярца йоьзна проблема.
Охан-бутт болалуш Новая газетано» хаам бира Нохчийчохь 100 сов хIомосексуал лаьцна, царех лаххара а кхоъ вийна, аьлла.
Кху беттан 5-чу дийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира омбудсмен йолчу Москалькова Татьяница шен хиллачу цхьаьнакхетарехь дуьххьара хаийтира Нохчийчохь хIомосексуалаш хьийзош бу бохучу хаамех шена хетарг.
Цу тайпачу нехан хьолаца доьзна хаттар дийцаре дийр ду ша инарлан прокурораца а, чоьхьарчу гIуллакхийн министрца элира цо.
Путинна тIаьххье Нохчийчоьнан куьйгалхой а, низамаш лардон органаш а реза ю Нохчийчохь хIомосексуалаш хьийза бо аьлла зорбан гIирсашкахь баьржина хаамаш толлуш федералан органашца цхьаьнакъахьега аьлла, дIахьедира Кадыров Рамзана а. Цуьнца цхьаьна цо билгалдаьккхира цу тайпа нах хилар догIуш дац нохчийн амалца аьлла.
Цу хаттарца йоьзна Нохчийчоь йийцаре яккхар ца тайна Нохчийн Республикан яздархойн бертан урхаллана. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралллан адамийн бакъонашкахула волчу Лаккхарчу комиссаре Ал-Хьусейн Зейде леррина кхайкхам бина цуьнан декъашхоша, «Нохчийн Республикана дуьхьал цкъа ца хиллачу кепара информацин а, психологин а Iаткъам бар дIахьош бу цхьаболу Малхбузера политикаш а, зорбанан гIирсаш а» аьлла.
Яздархоша чIагIдарехь, «меттигерчу бахархошна цкъа а хезна дац Нохчийчохь ЛГБТ-юкъараллан декъашхой бу бохург». Нохчийчохь шаьш бехаш хиларе терра, шайна хууш ду боху цара юкъараллах хьакхалуш долу дерриг а республикехь хуьлург.
Цундела шайн ала йиш ю ламасте доцу сексуалан кхетар долчу нахаца низамехь доцург лелийна бохург бакъ ца хилар, билгалдоккху нохчийн яздархоша.
Цецбевлла уьш Нохчийчуьрчу Iедалшна цхьа а бух боцу бехкаш дохкурш Малхбузерчу пачхьалкхийн Iедалхой а, депутаташ а хиларна. И бахьана долуш Нохчийн Республикана гонах эладитанаш даржор адамийн бакъонаш йохор ду аьлла, хета нохчийн яздархойн бертан декъашхошна. "Нохчийн Республика а, нохчийн къам а хьийзор сацаде", яздина дешан говзанчаша шайн сайта тIехь зорбане баьккхинчу кхайкхамехь.
Хьалхо Женевехь хиллачу брифингехь ламасте доцу сексуалан кхетар долчу нахаца хилларг талла деза бохучун тIехь лаьтташ ю Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралла аьлла, дIахьединера Ал-Хьусейн Зейда.
Карарчу хенахь Нохчийчуьрчу яздархойн бертан куьйгалхо ву Ибрагимов Канта. Яздархойн бертан декъашхой бу Абдулаев Леча, Талхигова Роза, Цуруев Шарип, Ахмадов Муса, кхиберш.