ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн меттан де я кхайкхаза баьхкина хьеший...


Итт шо хьалха юкъадаьккхинчу нохчийн меттан денна лерина даздаран коьрта барам Соьлж-ГIаларчу театран майданехь хIоттийнера кху шара. Цундела, дукха хьалхе дуьйнна дихкина дара машенашна а, адамашна а дIасалелар.

Жимма тIаьхьабисина нах а, журналистийн тоба а ца йитира бинчу гона юккъе, "нохчийн духар дац шуна тIехь" аьлла. Цундела, нохчийн меттан денна леринчу даздаршка геннара хьежар дисира тхуна а.

"Шу-м хIунда дуьйцу аш, культуран министраллера, и духар доьхна боцурш а кертара арабаьхна",- аьлла, реза доцучу тхуна хазийта санна элира, уллехь лаьттачу цхьана стага. Схьагарехь, ша вара цо вуьйцург.

Оцу даздаршка кхачаре догдиллина, телефонца зIене велира со нохчийн меттан Iилманчаца-лингвистца Вагапов Iарбица.

Итт шо ду Нохчийчохь нохчийн меттан де аьлла, хIора шарахь цхьа де билгалдоккху. Оцу хеначохь, муха хийцаделла маттаца хьал?

Башхаллаш гой хьуна аьлла деллачу хаттарна, иштта жоп делира Iилманчас.

Вагапов: «Нохчийн меттан де къаьсттина дика дIахьош ду школашкахь а, лаккхарчу доьшийлашкахь а, цара хIиттош йолу кийсакаш а, йоьшуш йолу байташ а чIогIа дика а, шера а хуьлу. Дуьххьара халла Iамийча санна хетара, ткъа хIинца шаръелла го суна».

Керла кхерам а го Вагапов Iарбина нохчийн маттана тIехIоьттина. ХIинца бийцар а гIеллуш ду, аьлла хета цунна. Керла технологийн гIирсаша адамийн юкъаметтигаш а, уьйраш а талхош ю. Иза цхьана нохчийн маттана хуьлуш Iаткъам бац, иза дукхачу къаьмнашна хуьлуш бу, элира цо.

Вагапов: «Иэшаме хIуманаш а ду. Ас гуттара а олуш ду цуьнах. Дуьненахь хуьлчу глобалан хийцамаша деш ду иза. Телефонаша а, компьютерша а деш ду иза. Кхечарна а хуьлу и Iаткъам, амма вайн маттана къаьсттина чIогIа хуьлу».

Мотт кхиош ца хилча, заманан технологи, я керла билгалонашца иза дIанислуш ца хилча, цуьнан кхане чолхе хир ю, аьлла хета лингвистна Вагапов Iарбина. Оцу тIегIанехь, керла дешнаш юкъадохуш болх соцуш бац, аьлла дийцира цо.

Вагапов: «Керлачу дешнашна тIехь болх беш дукха говзанчаш бу. Ас а лелайо цхьайолу кепаш. "Беракема" а, "кемааьзни" -стюардесса. Дукха ду уьш. Шортта нах бу дешнаш юкъа а дохуш, пайда оьцуш».

Тахана нохчийн меттан говзанчаш бу бохуш, дуккха а нах баьржина вайлахь. Массо а меттигашкахь, шайга мел ладугIучу майданашкахь, цара шаьш бина боху «Iилманан» белхаш гIарабоху. Керла алфавит кхоьллина нах а бу, хIоранна шен-шен варианташ а йолуш. Нохчийн маттан хьовха, муьлхачу хIуманна а доккха зен до, цу тайпа, говзалла а, кIорге йоцучу наха аьлла, билгалдаьккхира Iилманчач-лингвисто Вагапов Iарбис.

Вагапов: «Шен говзалла а йоцуш хIума лелийча, цуьнах зулам долу. "Крокодилах вока олий хаий шуна" бохуш, арабовлу цхьаберш. Ца олу цуьнах вока! И ца оьшу нах, ца хуу нах IадIан безара, и болх Iилман белхахошкахь а битина».

«Нохчийн меттан де» а дIадирзира сарахь Соьлж-ГIалахь концертаца. СовгIаташ делира ненан маттахь язъечу журналисташна а, цу тIехь болх бечу Iилманчашна а, иза берашна Iамочу хьехархошна а.

XS
SM
MD
LG