Кхушеран Дечкен-баттахь 26-чохь буса иттаннаш нах байина Нохчийчохь. Церан терахь хила мегаш ду 56 стаг. Биллггала хууш ду царах 27 стаг вийна хилар. Иштта хаам беш артикл зjрбане яьккхина Товбеца-беттан 9-чу дийнахm «Новая газето».
Цо зорбане яьхна 27 стеган цIераш. Новая газето дийцарехь, и нах лецна хилла тайп-тайпанчу Нохчийчуьрчу кIошташкахь, стохка ГIура-баттахь Соьлж-ГIалахь полисхошна тIелатар динчул тIаьхьа.
Газетехь болчу хаамца, цу нахе бехк кховдийна ца хилла, лецна хиларна протоколаш хIиттийна а ца хилла, цуьнан метта уьш чубоьхкина хилла лецнарш латто кечйина йоцучу полицин декъашкахь йолчу цхьацца чоьнашна а, гIишлошна бухахь йолчу меттигашна а.
Шайн информаци бух болуш хилар чIагIдеш Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчоьнехула йолчу урхаллера а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацера а ши хьаст доллушехь, шайн аьтто бац и нах байина хилар чIагIда, шаьш доьхург таллам бар ду боху Новая газето.
ТIаьхьо кIирандийнахь Оьрсийчуьрчу омбудсмено Москалькова Татьянас хаам бира, Нохчийчохь адамаш дайина аьлла Новая газетера кехат кхачарца ша иза талла аьлла дехар дина талламан комитете аьлла. Цу комитетан белхахоша таллам болийна амма иза дукха меллаша дIахьош бу бохуш яра омбудсмен.
Москальковас дийцарехь, Нохчийчохь таллам а, кхел а ца еш байина бохучу нехан цIераш цо дIаелла Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире а. Карарчу хенахь шегахь болчу хаамашца, талламан дуьххьарлерчу жамIашца Новая газетан артиклехь буьйцучерах ши стаг вехаш ца хилла Нохчийчоьнан территори тIехь бохуш чIагIдо омбудсмено.
Новая газето билгалдаккхарехь, шаьш буйцучу нахах хилларг хIун ду ца хаьа церан гергарчарна. Газето яздарехь, Iедалшка шайн стагах хилларг хIун ду аьлла нах бахча, царна луш долу жоп хуьлу «уьш Шемахь хила мега», «шаьш ларбан беза шайн гергарнаш» олий.
Мухха далахь а, Новая газето зорбане баьккхина хаам бух боцуш хета Нохчийчуьрча Iедалша.
Иштта Нохчийчоьнан къаьмнийн политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а, информацин а министро Умаров Джамбулата боху, Новая газетехь зорбане яьллачу артиклан авторо Милашина Еленас дуьйцург бакъцахилар гайта и хаам а толлур болуш бу.
Умаров: "И цо багарбина болу ирс доцу нах.. иза дерриг а толлур долуш ду. Цара и дерриг динчул (дийцинчул) тIаьхьа тхо таллам бан безаш хуьлу. Федаралан а, арахьара а, чоьхьара а, журналистийн а и талламаш беш бу. Кхузахь берш хуьлу, лерринчу сервисийн а, МВД а куьйгалхошна тIера дIаболийна адамийн бакъонаш ларъярна терго йеш йолчу Москалькована тIекхаччалц".
Нохчийчохь болх беш Талламан комитет ю боху Умаровс, дIоггара цхьангехь а безам боцуш йолу.
Умаров: "Тхо долчехь болх беш ю Оьрсийчоьнан Талламан комитет, ас тоьшалла до, цхьангехь а дIоггара безам болуш йоцу. Ткъа и орган цхьанге а озабезаме цахиларца ша гойьуш болх беш ю, кху тIаьхьарчу шерашкахь цо иза гайтина ма хиллара".
Умаровс дийцарехь, Новая газето хилла бохуш яздинарг баккъалла а хилла дац. Мел лело мегар и демагоги бохуш, хоьтту цо.
Умаров: "Цхьа а буьйса а ца хилла. Цхьаммо а цхьанне а тоьпаш а ца тоьхна. Цхьаммо а цхьа а цхьанха а чу а ца воьллина, цхьанна а гатто а ца йина. Мелла лело мегар ду и демагоги?.."