ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Охьайиллал телефон я телевизор!


Вежарий АлаудиновгIар – чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс Апти а, махкарчу пурстоьпийн коьрта хьаькам Iабдулла а, лаккхара даржхой хиларал а совнах, бевза махкахь Iедалан гIуллакх хIайт-аьлла а, шога а кхочуш деш, оцу тIехь нахаца хьан-сан доцуш хиларца, цара шаьш дийр ду аьлларг, нехан кхера бух боллуш, кхочушдарца.

Алаудинов Iабдуллас дIа а хьедина, телевизионашкахула хьовха, ватсапехула а тIехь макахула даржориг ду, кхелаша тоьхна гIуданаш, тIедожийна ахчанаш кхаарийде тIекхачале тIера ца даьхначийн хIусамашка пурстоьпаш а кхочур бу, цара хIусамехь шайна караеъанарг декхаран метта дIа а йоккхур ю бохург.

Алаудинов: «Лараме махкахой! Нохчийн республикехь Чиллан-беттан 8-чу дийнахь дуьйна, 3000 соьмал сов декхаре болчу нехан бахам дIабоккхуш рейдаш юьйлалур ю. Цундела кхойкху шайн декхарш талларе, хIунда аьлча, шуна тIехь 3000 соьмал совдовлуш декхарш тхайна карадахь, шун бахам гIудане берзор бу. Ткъа иза ду шун долахь йолу хIуъа а дIайоккхур ю бохург – машен, телефон, иштта дIа кхин а».

Алавдиновс, ша кхелашкарчу пурстоьпийн коьрта хьаькам хиларе терра, сагатдийриг цхьаъ ду – кхелаша бина ахчанашца бозу сацамаш нахе кхочушбайтар. Аьлча а, ницкъаша нахера Iедалан декхарш, гIуданаш дIагулдар.

Амма «гIуда», «декхар» дешнийн ша-тайпа маьIна лела Нохчийчохь. Лулахо - лулахочунна, юьртахо – юьртарчу туьканна, ваша – вешина, йиша – йишина, нах – Iедална, массо а массарна а декхаре бу кху муьрехь.

Таронаш яц, белхаш бац, ахчанаш дац нахехь, амма ца йиича ца бовлу, Iай бох ца белча, серло ца ягийча, хи ца лелийча ца бовлу – и дерриг а ду «гIуда», «декхар» бохучу дешнашка доьрзуш.

Оцу бахьанийца Алавдиновс дина дIахьедар хIораммо а дузу кху деношкахь шен-шен декхарца – газах далазаверг, хих охьа ца диллинарг, серло цкъачунна мехаза ягориг а кхетта пурстоп шен керта оьккху тахана-кхана аьлла.

Аьзнаш: «БогIуш бу бохура, уггаре хьалха сан газ дIахадор ю цара - декхар ду шортта. Иза доцуш-м цхьа а ву моьттуш а вац со. Нехан керташкахула а ца лелаш, тхан юьрта чуйогIу газ ерриг а дIахадийча атта дара-кх…185 эзар ас дIаделла царна, тхан юккъехь уггаре лахара а дара сан иза. Кхузахь-м 180-250 эзар сом тIехь дерш а бу дукха…».

Пурстоьпийн хьаькамо цкъачунна ца дуьйцу я газах а, я серлонах а, я хих далаза дисина ахчанаш. Амма иза дац нах паргIат хила мега бохург. Кху деношкахь рогIера рейдаш йолийна ярташкахь, гIаланашкахь коммуналхоша.

Дуккха бу, лакхахь къамелаш дечара ма-баххара, 150-200 эзар сом декхар ягочух, хих охьадиллаза, керта баьхкинчу Iедалан белхахоша чехош, хIинцца ца халдаяхь, цхьа йоцца хан яьлча шаьш юхадогIу дIахадо,олий, белхораш.

Ткъа газах, хих, серлонах мехаш-м бу, нехан таронаш а ца лоьруш, бесташ юха а. Ах – ах сов бистина уьш кху тIаьххьарчу беттанашкахь юха а . Мехашца цхьаьна еста Iедалан шогалла а, урхалхойн тIечехарш а. ХIара газах жоп луш волу хьаькам санна, масала.

Аз: «Уьш дIахедабайша, дукха дахарш, дIахедабайша! Цуьнгахь декхар дац аьлла кехат делахь а – дIахедабайша! ЗаьIапхой белахь а - дIахедабайша уьш! ТIамехь беллачийн доьзалш белахь а – дIахедабайша уьш! Леш стаг велахь а – дIахедабайша уьш! Тезет делахь а – дIахедабайша уьш, шаберш!»

XS
SM
MD
LG