ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вехначо машенца 8 стаг вер Iаьткъина махканна


Цхьаьнаметта бархI адам Iожалле кхачош,ши машен дуьхь-дуьхьал кхетта 27-чу дийнан буьйсанна, «Кавказ» цIе йолчу федералаан боккхачу некъахь, полисхоша само ечу Черноречин постана гергахь.Iедалан хьостанаша гIардаккхарца куьг бехке лоруш ву «Форд-Фокус» машенахь хилла Ходжаев Алам.

ХIуучара дийцарехь, иза вехна хилла. И ша валарал сов цуьнан бехкенна Iожалло дехьна кхин а ворхI адам. «Приора» машенна урхалла деш хилла,вочу хьолехь дарбанан цIийнехь кхачийнарг тIаьхьо дIаваьлла.

Дийцарехь иза а, хенал хьалха цуьнца дIакхелхина цуьнан доьзал: хIусамнана а,кхо бер а СемаIашкара ШоиповгIеран цIийнан нах бу. И боккха бохам бахьнехь луьра дIахьедар дан дезна мехкан куьйгалхочун а. «Цхьаъ тIетоха луур дара суна,-аьлла Кадыровс,-мелла а волуш машен тIехь лаьцначунна цхьаьллиг цхьа къинхьетам хир бац!» Цу кепара цо йина чIагIо полисхоша сиха дахаре ерзор ю аьлла тешна бу могIарера нах.

Оцу кепара некъахьовзамашкахь челакхалла а,чехкалла а бахьнехь маьIна доцу баларш дукха нисдаларна,гезгамашин беттан юьххьехь дуьйна махкахь кхоьллина ю леррина сихаллин штаб,коьртехь парламентан спикер Даудов Мохьмад а волуш. Иза кхоллар лаа цахилар гойту,схьахетарехь, кху гIайгIанечу терахьаша.

Бахархоша гIара а ца доккхуш, маслаIате шайлахь листина девнаш доцуш, кхушарахь Нохчийчохь некъахьовзамашкахь велларг ву 111 стаг. Царал хаъал дукха бу лазийна заьIапа биснарш. Цундела дукха бахархошка кхетало къаркъа а мелла машенашкахь лелачеран хьокъехь Кадыров Рамзана дина дера дIахьедар.

Бакъду, дIахьедарца бозабелла кхерам а бу зийзаш лаьтташ нехан дегнашкахь.Стенна аьлча,боху цхьаболчара, ишта дина къамел цхьа омра санна юьхьар а лоций,кIадбоцчу бахьанашна а нахера машенаш дIаяха буьйлало ницкъаллин структурийн декъашхой. Цунах,шена гинчух а,зеделлачух а дуьйцуш ву аренца йолчу цхьана кIоштера вахархо Абаев Сулима. Мехкадас динчу дIахьедарна реза ву иза.

Абаев: «Малар мелла стаг хIорд гоьллелц хетта хуьлу. Ас къобалдо –кх Кадыровс аьлларг. Вехна велахь машена ма хаахь! Маггане а мега дац и дан»

Некъахьовзамех а,полисхоша лело тарлучух а дуьйцуш волу Абаев Сулим а, кхиберш а кхоьруш бу доцу бахьанаш а хIиттош юха а полисхоша,бух боцу гIуданаш а детташ, нах хьийзорна. Сулима ву кхин дIа а вистхуьлуш.

Сулим: «Хьайн юьртахь ву-кх хьо. Араваьлла а вац юьртара. Масала воккханиг атта вицло. Доьхка таса дицделлий,лампа летта яций аьлла, цунах бахьна а хIоьттина, стаг хIаллакван гIертар суна лартIа ца хета. Цуьнгара даьлла хIума делахь цунна догIуш долу гIуда а тохий, дIавахийтахь,машен дIайига а ца гIерташ. Шена новкъа дIавоьду стаг машен дIа а яьккхина хьийзор нийса мА дац. Луьрча Советан Iедал а долуш а ца лелийна ишта харцонаш. Бахьанаш лоьху-кх стагана коча ваха. И бахьанаш лело бакъо елла-кх царна,ца елча цара и лелор а мА дацара».

Федералан «Кавказ» некъан тIехь 8 стаг а леш, некъахьовзам хиллачул тIаьхьа Кадыровс дина луьра дIахьедар бахьнехь хIинца-тIаккха некъаш дIалаьцна гучубовлу къорза, Iаьржа,мокха духарш дуьйхина ницкъаллин структураш бохуш, ладегIамехь бу бахархой. Уьш тешна бу, хIинццалц схьа зеделла ма хиллара полисхоша бакъо хилар цахилар тергамза а дуьтуш бIеннашкахь машенаш гIуданан социйлашка дIаюьгур ю аьлла

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG